Нохчийчу цIадерзарх боккха кхаъ хилла

Дукха хан йоццуш, социальни сеташкахула Германехь Iаш йолчу Ганчаева Марема гIо доьхуш дIаяздина долу аудиокост даьржинера. Иза хиъначул тIаьхьа, цуьнан доьзална гIо дар шена тIелаьцнера Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цу хьокъехь оха хьалха а хаам  бинера.

    Дагадоуьйту, оцу костехь Ганчаева Марема хаам бо ша, шен цIийндеца а, 7 доьзалхочуьнца а цхьаьна, шена дарба дан Германе яхана хиларх а, карарчу хенахь халачу хьолехь йолуш, карахь кехаташ доцуш, цIаерза йиш йоцуш ша а, шен доьзал а бисина хиларх а лаьцна. Марем, вуон лазар а кхетта, дарба дан дIаяхар а хиъна, дог иккхина, нана елла цуьнан. Ткъа цамгарна мелла а гIоле хилла йолу йоI, нана кхалхар хиъча, меттахь йисина, лазар чIагIделла. Шен къамелехь  М.Ганчаевас Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехар дора шайна цIадерза гIо дахьара, бохуш.

Кадыров Рамзана хьакъ боллучу белхахошна тIедиллинера  оцу доьзална сихонца гIо дар. Цу дикачу гIуллакхана хьалхаваьлла вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Европехь волу векал Дугазаев Тимур. Цо, дерриге а леррина талла а теллина, оцу доьзалера хьал а девзина, уьш цIабало мел оьшург дира.

Кху деношкахь, чIогIа цомгаш йолу Ганчаева Марем а, цуьнан хIусамда Акаев Муса а, кегий бераш а республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондан а гIоьнца Нохчийчу цIабирзина. Даймахка уьш цIаберзорал сов, чохь мел оьшу хьелаш долуш, керла хIусамаш а елла царна республикин куьйгалло.

Цецваллал хIума ду, шина кIиранах дерриге а кехаташ а кечдина (уьш доьзалан доцуш дара), лерринчу рейсаца да-нана а, ворхI бер а цIадерзор. Уьш схьадалийначу кеманахь цомгашчунна мел оьшу медицинин гIирсаш а, молханаш а дара (нуьцкъах садоьIуьйту аппарат, кардиомонитораш, и.дI.кх.). Нохчийчу схьакхачарца цхьаьна цомгаш йолу зуда Республикин онкологин диспансере дIайигира, ткъа биснарш керлачу хIусаме бигира.

АкаевгIеран доьзал Нохчийчу цIаберзарца а, керлачу хIусамашца а декъалбира Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима. ЦIийнан кехаташ а, догIанаш а, иштта регионан юкъараллин фондера долу ахчанан совгIат а, берашна лерина ловзоргаш, кхидолу совгIаташ а дIаделира пачхьенан мэра «ирсечу» доьзална.

Акаев Мусас доккха баркалла элира республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна а, юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а.

«Тхайна мел хетарг дIаала дешнаш каро а хала ду. Кадыров Рамзанна а, Айманина а тхайна гIо-накъосталла дарна баркалла ала лаьа суна. Тхуна хила йиш яц аьлла хеттарг хили тахана. Оха и аудиокост дIадахьийтина 6 сахьт даьллачул тIаьхьа, Кадыров Рамзанан цIарах нах зIенебевлира тхоьца, мел оьшу накъосталла а дира», – элира М.Акаевс.

   

А.СУЛИМАНОВА

№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: