Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министра Айдамиров Асламбека хаам ма-барра, 2016-чу шарахь Нохчийн Республикехь ширачу хIусамашкахь Iаш волчу 1000 вахархочунна керла хIусамаш лур ю.
«Кху шарахь республикехь 10,243 эзар квадратан метран барамехь шира хIусамаш яссор ю. Ткъа оцу хIусамашкахь Iаш болчу бахархошна (уьш верриге а 1 097 стаг ву) керлачу, кху заманан цIенош чохь петарш лур ю», – элира министра.
Цо дийцарехь, 2016-чу шарахь а дIахьош ду Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIенош чу д1акхалхоран программа кхочушъяран гIуллакхаш. Карарчу хенахь Хьалха-Мартан районерчу Iалхан-юьртахь юкъара барам 1 564 квадратан метр а болуш, чохь 32 петар йолу цIа ду деш. Кху шеран март бутт чекхбалале дина дала дезаш ду иза. Цу чохь йолу керла петарш ширачу хIусамашкара дIакхалхош волчу 135 вахархочунна лур ю.
Иштта, Теркан районан Горагорск поселкехь болийна гIишлошъяран белхаш. 5 086 квадратан метр юкъара барам а болуш, дукха петарш йолу 3 цIа дийр ду цигахь (царна чохь 124 петар хир ю). Уьш карара шо чекхдалале дина довла дезаш ду. Тишачу цIенош чохь Iаш болчу поселкан бахархошна (ткъа уьш 736 стаг ву) керла хIусамаш лур ю, билгалдаьккхина кхо цIа дина даьлча.
2016-гIа шо чекхдалале Соьлжа-ГIалахь дина дала дезаш ду ширачу хIусамашкара дIакхалхочу 226 вахархочунна лерина долу 2 цIа. Юкъара барам 4 136 квадратан метр а болуш, 91 хIусам хир ю оцу цIеношкахь.
ГIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министра билгалдаьккхира ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIенош чу дIакхалхоран регионан программин гIуллакхаш кхочушдаран гайтамаш кху шарахь (шеран хиндолчу жамIашца) тIех кхочушбийриг хилар.
«Программин гIуллакхаш тхан министерствос шен хеннахь кхочушдар бахьанехь, ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIенош чу дIакхалхоран программин Iалашонан гайтамашка кхачар цхьана тIегIанехь а, кхачаме а дIадаьхьна республикехь хIинццалц. Ткъа кху шарахь и гайтамаш кхин а лакхабаха дагахь а ду тхо», – дийцира А.Айдамировс.
А.ВАХАЕВА
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо