халкъан дуьхьа республикин куьйгалхочун даржехь висар
ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу театрально-концертийн залехь регионан бахархойн гулам хилира. Цигахь вовшахкхийтира пачхьалкхан Iедалан ерриге а органийн, муниципальни вовшахкхетараллийн, юкъараллин, динан организацийн векалш. Уьш вовшахкхетаран коьрта бахьана дара Кадыров Рамзана ша республикин куьйгалхочун даржера дIавала воллу аьлла дина дIахьедар. Иза оцу даржера дIаваларна шаьш реза цахилар дIахаийта баьхкинера уьш гуламе.
Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама элира: «Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша шен даржера дIавала сацам бина ву аьлла дина дIахьедар резацахиларца а, цакхетарца а тIеэцна вайн регионерчу бахархоша хьовха, цул арахьа бехаш болчара а. Цу хьокъехь дерг хоьттуш дукха телефонаш йиттина соьга Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа, Федерацин Советан декъашхоша, пачхьалкхан а, регионийн а гIуллакххоша, могIарерчу наха. Царна а чIогIа халахетта Кадыров Рамзана иштта сацам бина хилар. Иза Россин Турпалхо хилла ца Iаш, пачхьалкхехь боккха сий-ларам болуш стаг а лору цара. Вайна хаьа Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Нохчийн Республикин халкъаца а, цуьнан тхьамдица а юкъаметтиг муха ю. Цундела вай дерриге а тешна ду хIокху атта йоцчу хенахь Кадыров Рамзана шен даржехь кхидIа а беркате болх бийриг хиларх».
Цул тIаьхьа къамел динчу Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада билгалдаьккхира гуламан дакъалацархой кхуза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун даржера дIавала Кадыров Рамзана бинчу сацамна реза цахилар дIахаийта баьхкина хилар. «Вайн юкъараллин дерриге а чкъоьрнийн векалш кхуза баьхкина шайн лаам дIабовзийта. Оха Кадыров Рамзане доьху Нохчийн Республикин Куьйгалхочун даржера дIацавалар, оцу даржехь висар. Цул тIаьхьа хин волчун хьокъехь къамел хуьлийла а дац. Иза халкъан лаам бу. Оцу лаамна дуьхьал Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан цкъа а хир вац», – бохура цо.
Шен къамелехь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан Председатела Ибрагимов Кантас билгалдаьккхира: «Хала дац роман язъян. Амма Iаламат чIогIа хала ду шен оьмарехь дуккха а гIайгIа-баланаш лайначу халкъан куьйгалхо хила. «Кадыров Рамзана язъян йолийна «книга» чекхъяла дукха гена ду. И «книга» вай массара а цхьаьна язйийр ю. Со чIогIа тешна, ву Кадыров Рамзана шен болх, шен халкъан дуьхьа кхидIа а бийриг хиларх».
Россин хьакъ волчу артиста, театран а, кинон а актера Омаев Дагуна элира: «Суна уггаре а хьалха билгалдаккха лаьа вайн махкахь чIираш йитийтарна, маслаIат дарна цо Iаламат йоккха хазна юкъайиллина хилар. ЧIираш ца йитаелира я паччахьашка а, я советийн баьччанашка а. Цуьнан дIадолор бахьанехь бIеннаш адамаш дийна дисина. Иттаннаш шерашкахь шайн синош довдийна лелла адамаш ма дара уьш. Кхоллараллин интеллигенцин векал хиларе терра, суна дагадахкийта лаьа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнаш. Цо олура: «Культура ца хилча, къам хир дац». Кадыров Рамзана и дешнаш дахарехь кхочуш а деш, вайн культура, васт хIоттош аьлча, голаш тIе хIоьттина хиллачуьра хьалаайбина. Ахьмад-Хьаьжин Рамзан ца хилахь вайн культура тIеттIа оьшуш дIагIур ю аьлла хета суна».
Гуламехь иштта дагах кхеташ къамелаш дира Нохчийчоьнан МВД-н министран заместитела Алаудинов Аптис, вайн регионан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, Кишин Кунта-Хьаьжин тIаьхьенех волчу Сайфуддис, республикин къанойн Кхеташонан председатела Ахмадов Сайд-Iабдуллас, кхечара. Ткъа къамелаш дан лууш хилларш, Кадыров Рамзане «Рамзан, хьайн даржера дIа ма валахьа!» ала лууш берш кхин а дуккха а бара. Ма-дарра аьлча, гуламехь мел верг а вара. Иза билггал иштта хилар гайтира гулам берзош, массара а цхьабарт болуш тIеэцначу резолюцин чулацамо. Цу тIехь билгалдоккхуш ду субъектан куьйгалхочун даржехь шайна Р.Кадыров воцург хила лууш цахилар. Цара мехкан Президенте В.Путине доьхура регионан хин болчу харжамашкахь Кадыров Рамзанан кандидатура къобалъяр.
Д.АНАДЕВ
№23, шинара, бекарг (март) беттан 1-ра де, 2016 шо