Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанехь 2016-чу шеран «Массарел а хьекъалениг» аьллачу гуманитарни олимпиадин хьалхара тур хилира. Нохчийн Республикин школашкарчу 10-чу классийн дешархой бу олимпиадин дакъалацархой.
Историн, литературин, обществознанин дакъошкахула хаарш зер бу олимпиадин лехамаш. Олимпиада хIора шарахь вовшахтухуш а, дIахьош а ю Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, дешаран а, Iилманан а министерствоца, Нохчийн пачхьалкхан университетаца, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетаца, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпаница цхьаьна.
Оцу проектан автор а, куьйгалхо а кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон юкъараллин организацешца юкъаметтигаш лелоран отделан хьаькам Бельтиев Ислам ву. Цуьнца къамел хилира тхан. «Нохчийн Республикин 480 школера хаьржира олимпиадин дакъалацархой. Цул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан университетан куьйгалло шаьш долчохь компьютерни класс билгал а яьккхина, цигахь, оцу дешархошна юкъара 60 дакъалацархо схьакъастийра. Олимпиадин 4 тур хир ю, цул тIаьхьа, финальни, жамIаш даран тур май баттахь дIаяхьа дагахь ду тхо», – элира И.Бельтиевс.
Кегийрхойн Iилмане болу безам совбаккхар, похIма долчарна оьшуш долу гIодар, церан дешарна хьелаш тодар, ткъа иштта, хьуьнаршца, хьекъалца, похIмица билгалбевллачу дешархошна Нохчийн Республикин университеташка деша бахарна тIехь гIодар а ю проектан Iалашо.
Хьалхарчу турехь цхьа а гIалаташ доцуш, шеца къовсабеллачу дешархойл хьалха финале а яьлла «цIечу» некъа тIехIотта бакъо яьккхинарг Соьлжа-ГIалин №35 йолчу школин дешархо Надаева Милана яра.
КхидIа йолчу турийн жамIаш а, олимпиада май баттахь ерзош хIоьттина сурт а тIейогIучу хенахь газетин агIонаш тIехь довзуьйтур ду.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрта тIехь: олимпиадин дакъалацархой
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо