Соьлжа-ГIалахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина гайтам схьабиллина. Иза вовшахтоьхна Нохчийн Республикин культурин министерствос билгалъяьккхинчу галерейца а, ЮНЕСКО дуьненаюкъарчу комитетаца а цхьаьна. Гайтаме даьхна нохчийн къоначу суртдиллархочун Албастова Луизин суьрташ.
Луиза дукха жимчохь дуьйна йолаелла суьрташ дахка. Чохь пенаш тIе къоламаш хьоькхуш хилла цо бераллехь. Оренбургехь кхиина ю Луиза. Цигарчу №1 йолчу школехь доьшуш яра йоI, циггахь дийшира цо музыкин а, исбаьхьаллин а училищехь. Цул тIаьхьа Оренбурган искусствийн школа чекхъяьккхира, иштта Москван пачхьалкхан юридически академехь юристан говзалла а караерзийра.
2008-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь Iаш ю Луиза. 2013-чу шарахь шен йишица Элизица цхьаьна Соьлжа-ГIалахь исбаьхьаллин школа-студи схьайиллина къоначу суртдиллархочо. Карарчу хенахь цигахь бераш а, баккхийнарш а музыкина, исбаьхьаллин искусствона Iамабо цо. Дукхахьолахь суртдуьллуш лелочу даьттаца дохку цо шен суьрташ, тайп-тайпанчу жанрашкахь.
Луизин белхаш Нохчийчохь бевзина ца Iаш, дозанал арахьа а гIарабевлла. ЙоьIан бераллин сатийсам кхочушхилла ала мегар ду. Жимчохь дуьйна цунна чIога лаьара гIараяьлла суртдиллархо хила. Шайн башхачу хазаллица къаьсташ ду цуьнан суьрташ. Уьш кху заманца чIогIа догIуш а ду. Хьалха, Нохчийчоьнна генахь Iачу хенахь, цуьнан суьрташкахь Даймахке сатийсар гора: лаьмнаш, аренаш, кIудалшца хи йистера богIу мехкарий, говрахь ламанхой-дошлой, нохчийн шира бIаьвнаш. Ткъа хIинца, Нохчийчу кхаьчначул тIаьхьа дехкина суьрташ хийрачу мехкийн суьрташ ду, дукхахьолахь буьйсанан боданехь къаьста шахьарш ю уьш, адамийн суьрташ а ду. Къаьсттина дукха Франци, Итали ю Луизин суьрташкахь. Цунна бахьана хир ду цкъа а газа йолчу Париже болу безам а, дуьненахь гIараваьлла вевзачу художникан Леонардо да Винчин кхолларалла а, дахар а хазахетар а.
Дукхахдолу суьрташ импрессионизман жанрехь дехкина ду Албастован. Делахь а, реализм хьакхаялаза ца дуьсу цуьнан цхьа а сурт. Суьрташдахкаран «чехка живопись» олу техника герга ю цунна. Луизина ца деза суьрташдахкарна беттанаш а, шераш а дайъар, цо уьш сиха дохку. Гатанна тIехь даьттаца суьрташ дохкуш, гуттар а куьйгашца болх бо Луизас (щетка ца лелош).
Шен студехь берашна хьехарал сов, карарчу хенахь нохчийн модин дуьххьарлерчу «RUMORS» журналана лерина суьрташ а дохку къоначу говзанчас. Хала ду кхуьнан башхачу кхузаманан кхоллараллина хийра а, бен ца хеташ а виса. Гайтаме мел веанарг воккхаверца вистхуьлура цунах лаьцна дош олуш. Цара билгалдоккхура, нохчашлахь иштта похIме суртдиллархо ялар дерриге къомана доккха дозалла хилар. Таханлерчу дийнахь галерейхь гайтаме даьккхина кхуьнан 36 сурт. Зударшна леринчу гайтаме хьажа таро ю цхьана баттахь гергга.
А.ВАХАЕВА
Авторан сурт