2016-чу шеран 1-чу мартехь дуьйна Нохчийн Республикехь дIайолор ю «Библиотекина совгIатна – книга» цIе йолу акци.
Оцу гIуллакхах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.
«Акци дIаяхьаран Iалашо ю книгийн фонд вовшахтохарна гIолацар, книгина пропаганда яр, ешаран проблемина тIе тидам бахийтар.
Вайх хIораннан а цIахь йолчу библиотеки юкъахь ю ешна евлла, шайх пайдаоьцуш йоцу дуккха а книгаш. Библиотеко мичча хенахь а хаза а хеташ схьаоьцур ю книгаш, царна шайн ешархой а карор бу. Аш совгIатана еллачу книгаша ешархошна ца евза агIонаш схьайостур ю.
Ас кхойкху шуьга юьстах девлла а ца Iаш, акцехь а жигара дакъалацаре. Вайх хIоранна дагадогIу, муьлхачу книго хаа а хууш, вайна тIеIаткъам бина, кхиарехь гIо дина. Оцу книгийн турпалхоша вайна бина хилла болу тIеIаткъам кхечарна а бовзийта аьтто бу вайн. Акцехь дакъалацаро, дагалаьцнарг кхочушхиларе – Нохчийн Республикин библиотекин фонд тIеюзарца – яккхий гIулчаш йохур ю вай.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана культурин декъехь дIахьочу политикин Iалашо ю Ерригроссин культурин юкъараллин дакъа долчу нохчийн халкъан къоман а, культурин а башхалла ларъяр. Шен къоман истори а, культура а ца хиъча хиндерг хуьлийла дац.
Акцин берриге а дакъалацархошна даггара баркалла олу ас, Нохчийн Республикин библиотекийн книгийн фонд гулъярна а, тIеюзарна а», – билгалдаьккхира министра.
М.БАЙБАТЫРОВА
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо