Нохчийн Республикера хьехархо Ерригроссин «Сан тоьлла урок» аьллачу хьехархойн говзаллин корматалла гойтучу конкурсехь толамхо хилла. Иза Грозненски районерчу Победински юьртарчу школин математикин хьехархо Бадашева Залина ю. Конкурс 4 декъехь дIахьош яра. Цунна юкъа догIура курсовой болх бар, Москва гIалин дешаран тоьллачу учрежденешкахь хилар. Карарчу шеран 22-чу февралера 28-гIа февраль кхаччалц Москвахь дIаяьхьира конкурс. Иза вовшахтоьхнера «Д.И.Менделеевн фонд» коммерчески йоцучу организацис. СНГ-н, Россин Федерацин юккъерчу дешаран учрежденешкарчу хьехархоша дакъалецира цигахь. Конкурсантийн хенаш а, белхан стаж а хьесапе оьцуш яцара. ХIора хьехархочо ша кечйина урок гайта езара, ша бохург, дуьйцург нийса хилар гойтуш делилаш дало а дезара.
З.ХИЗИРОВА
Суьрта тIехь: Бадашева Залина
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо