Къона чкъор лардеш…

ХIокху деношкахь М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан маьхкадаьттан технически университетехь студенташца семинар дIаяьхьира Россин Федерацин наркотикаш лелорна тIехь терголатторан федеральни службин Нохчийн Республикерчу урхалло, Нохчийн Республикин культурин министерствос, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос. Иза лерина яра наркотикашна а, корта бахочу маларшна а дуьхьал профилактика ярна.нефтяной
Семинаран юьххьехь студенташна гайтира корта бахочу маларша, наркотикаша вуон тIеIаткъам беш хиларан а, цара адамийн могашаллаш хIаллакьеш хиларан а хьокъехь йолу видеороликаш.
Россин Федерацин наркотикаш лелорна тIехь терголатторан федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин векала, полицин майора Шахабов Абухана шен къамелехь билгалдаьккхира, хIара семинараш кегийрхой харцновкъа цабовлийтархьама дIахьош хилар.
– Хууш ма-хиллара, карарчу хенахь кегийрхоша шуьйра пайдаоьцу интернетах. Амма дерриге а ца хуьлу цу чохь пайдехь а, бакъдерг а. Ткъа къона чкъор цу чохь мел долчух теша. Цу чохь дуьйцучух теша а тешна, харцахьарчу новкъа бовла тарло уьш. Цундела дIахьош ю кегийрхошца семинараш. Тхайн ницкъ ма-кхоччу, уьш гал ца бовлийта хьовсу тхо. Наркотикаш, корта бахон маларш, цигаьрка церан могашаллин мостагI вуйла хаийта гIерта, – элира А.Шахабовс.
Иштта, семинар ерзош студенташна хаийтира, наркотикаш лелорна а, психотропни молханаш мийларна а уголовни а, административни а жоьпалла тIедужуш хилар.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: семинаран дакъалацархой

№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: