Тхан рузма

Усманов Iимран, иллиалархо, Нохчийн Республикин халкъан артист, вина 1953-чу шеран март беттан 2-чу дийнахь Юккъерчу Азехь. Шен схьавалар Нажи-Юьртара ду цуьнан. Дешна Нохч-ГIалгIайн культурин-серлонан училищехь, цул тIаьхьа Ростоверчу музыкин-педагогически институтехь. Кхоллараллин болх дIаболийна школехь доьшуш волуш Нажи-Юьртан районан Культурин цIийнехь вовшахтоьхначу «Ламанан аз» кхоллараллин тобанехь. ДIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь дуьйна, Нохчийн пачхьалкхан филармонин тайп-тайпанчу кхоллараллин коллективашкахь болх бина цо. Шеко йоццуш, халкъалахь уггаре а сий-лараме кхаьчначу вайн заманан иллиалархойх цхьаъ ву I.Усманов.
ЛадогIархоша дезаш тIеэцна М.Мамакаевн, М.-С.Гадаевн, А.Сулеймановн, М.Сулаевн, Ш.Рашидовн дешнашца цо дIаолуш долу иллеш («Дарта», «ЦIен-Берд», «Шуьнехь дош», «Ма дохковаьлла со», «Къонах»…). Иллиалархочун репертуарехь кIезиг дац цо шен дешнашца даьхна иллеш а («КIайн дуьне», «ДагадогIу суна», «Зама», «Нажи-Юрт»…). «Геналло хьегийна», «КIайн дуьне» стихийн гуларийн автор а, Россин Яздархойн союзан декъашхо а ву Усманов Iимран.

Азаев Хьамид, Нохчийн Республикин халкъан артист, вина 1948-чу шеран март беттан 5-чу дийнахь Казахстанехь. Шен схьавалар Ведана кIоштарчу Дишни-Веданара ду цуьнан. Юккъера школа а циггахь чекхъяьккхина. 1973-чу шарахь А.Луначарскийн цIарах йолу пачхьалкхан театральни искусствон институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа веара Хьамид Нохчийн театре. Дукха ролаш ловзийна Хь.Азаевс театран сцени тIехь: Отелло («Отелло», В.Шекспир), Подколесин («Зудаялор», Н.Гоголь), Сольери («Моцарт а, Сольери а», А.Пушкин), Барон («Сутара рыцарь», А.Пушкин), Шемал («Маршо я Iожалла», М.Солцаев), тIеман гарнизонан куьйгалхо («Къематде хIоьттича», О.Иоселиани, Р.Хакишев), Недалг, Бож-Iела («Бож-Iела», I.Хамидов), дуккха кхин а. Азаев Хьамидан боккха кхиам лара догIу Л.Яхъяевна «Нийят» пьеси тIехь Р.Хакишевс хIоттийначу спектаклехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин васт кхоллар.
Театрах шен цIен цIа тарделлачу, дуьненан рицкъанах Iехавелла, и юьтур йоцчу актерех ву Азаев Хьамид.

№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: