Назранера – толамца

ХIокху деношкахь ГIалгIайчохь дIаяьхьира республикин Конституци тIеэцначу денна лерина йолу ийначу кепарчу латаран «Дорога М1 – Битва в Назрани» турнир. Спорт.Назрань
Къийсадаларшкахь дакъалецира Россин Федерацин пхеа регионерчу ийначу кепан 30 латархочо.
Санкт-Петербургерчу, Дагестанерчу, Краснодарски крайрчу, ГIалгIайн Республикерчу, Нохчийн Республикерчу: «Вайнах», «Дзурдзук», «Боец», «Эскар», «Ади-Ахмад», «Эрзи», «Малгобек», «Сунжа», «Нарт» спортан клубашкара тоьлла латархой бара яхь къовса баьхкинарш.
Турниран веза хьаша вара ГIалгIайн Республикин Президент Евкуров Юнус-Бек а, иштта республикин Iедалан кхиболу гIуллакххой а. Спортсменашна а, болельщикашна а хьалха вистхуьлуш Ю-Б.Евкуровс элира: «ХIокху тайпанчу къийсадаларша спортсменийн спортан говзалла караерзорна а, латаран тIегIа лакхадаккхарна а гIо до. ГIалгIайн Республикехь «Дорога М1 – Битва в Назрани» турнир шолгIа дIахьош ю. Иза дIаяхьаран Iалашо ю кегийрхошна юкъахь могашчу дахарна пропаганда яр, тIекхуьуш йолу тIаьхье спортана юкъаозор. Дукхах болу спортсменаш дуьххьара дакъалоцуш бу кхузахь. Ишттачу турнирашкахь дакъалацаро церан латаран а, корматаллин а тIегIа лакхадаккхарехь а, шаьш хаьржинчу некъа тIехь хьалхахьа гIулчаш яхарехь а гIо до. Луур дара республике баьхкинчу берриге а хьешашна баркалла ала».
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь, рейтингови исс латар цхьаьна, 15 тасадалар хилира.
Нохчийн Республикерчу латархочо Витаев Мансура, суьдхойн цхьа барт хиларца, шен дахарехь корматаллин дуьххьарлера толам баьккхира, меттигера «Нарт» клубан латархо Гагиев Адам эшорца.
Турнирехь толамаш баьхначара дакъалоцур ду Ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а къийсадаларшкахь.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт

№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: