Иштта цIе йолуш, берашна леринчу тоьллачу стихотворенина конкурс дIакхайкхайо Нохчийн Республикин Яздархойн союзо. Иза лерина ю нохчийн меттан денна.
Конкурсан Iалашо
Берашкахь къинхетам, доьналла, шайн ненан матте, махке, Iаламе безам кхиор болу, уьш ийманехь кхетош-кхиорехь маьIне хир йолу поэзин говзарш кхоллар, нохчийн берийн литературехь къахьоьгучу поэтийн кхоллараллин шовкъ айъар.
Конкурсан хьелаш
Конкурсе схьаоьцу зорбанехь хилла йоцу, керла язйина стихотворенеш. Дакъалаца бакъо ю, воккха-жима ца бохуш, нохчийн маттахь язъеш волчу муьлххачун а.
Цхьана авторан бакъо ю кхо стихотворени конкурсе яла.
Конкурсе луш йолу говзарш зорба тоьхна а (3 экземпляр), электронни кепехь а хила еза.
Мах хадоран коьрта билгалонаш:
Чулацамца маьIне хилар;
Исбаьхьаллин лехамашна жоп луш хилар;
Берийн синкхетамо тIеоьцур йолуш хилар.
Толамхой дипломашца а, мехалчу совгIаташца а билгалбохур бу. Цул сов, билгалдина ду тоьллачу произведенийн юкъара гулар арахецар а.
Конкурсе материалаш схьаоьцу 2016-чу шеран апрель беттан 5-гIа де тIекхаччалц хIокху адресца:
Соьлжа-ГIала, Маяковскийн урам, 92, «Даймохк»
газетан редакци.
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо