Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан Ибрагимов Кантин декъалдар

IMG_0519Нохчийн Республикин яздархойн а, сайн а цIарах даггара декъалдо шу яздархочун Дерригдуьненан дезчу денца!
    Дерриге а халкъийн юкъараллин ойла кхиорехь, къоман кхетам лакхабаккхарехь, Даймахке болу безам чIагIбарехь массо а хенахь мехала маьIна лелийна яздархоша а, поэташа а.
   Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен цхьана къамелехь элира: «Нохчийн яздархоша йоккха хазна юкъаюьллу юкъаралла ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхиоран гIуллакха юкъа. Шайн говзаршца цара ерзо еза шина тIеман къизалла лайначу нохчийн халкъан синошна, дегнашна йина чевнаш, шайн книгашкахь гайта деза бохамаш хиларан бахьанаш, кхул тIаьхьа оцу тайпа бохамаш кхин ца хилийта».
   Оцу дешнаша къеггина гойту вай беш болчу белхан маьIна а, вайна тIехь долу декхарш а, вайна хьалха лаьтта Iалашонаш а. Муьлххачу жанрехь вай яздеш хиларх, хуьлуьйла уьш романаш, повесташ, дийцарш, пьесаш я поэмаш, стихаш, вайн декхар цхьаъ ду: регионан а, мехкан а юкъараллин, политикин, культурин дахарехь жигара дакъалацар, нохчийн литературин тоьлла ламасташ лардар, къона прозаикаш а, поэташ а кхиор, кегийрхошкахь патриотизман ойла, шайн историга, ненан матте, литературе болу безам а, лерам а керлачу тIегIан тIе хьалабаккхар, вешан ешархо ойла ян, маьIна даккха, хьесап дан, къинхетаме хила, дика хила, ийманехь, оьзда хила Iамор.
   Оцу Iалашонашца болх беш болчу Нохчийчоьнан яздархоша а, поэташа а башха говзарш язйо, нохчийн литературин классикех масал а оьцуш, церан ламасташ лар а деш. И дарца шен мах хадийна вер воцу хазна юкъаюьллу нохчийн халкъан синмехаллаш, оьздангалла, гIиллакх, эхь-бехк, яхь-юьхь ларъярна!
   Шеран уггаре а хаза, исбаьхьа хан – бIаьсте – яздархочун денна тIера дIайолалуш хилар а ду шеца доккха маьIна долуш хIума. БIаьстенан а, кхоллараллин а дуккха а ду юкъара хIуманаш: цIиндалар, ойланаш цIанъялар, дог-ойла гIаттор, Iалам самадалар, цуьнца адамийн кхетам самабалар, и дI.кх. И дерриге а чIогIа оьшуш ду яздархошна а, поэташна а.
   Цундела суна лаьа шун дегнашкахь даима а бIаьсте а, къоналла а лаьттийла, керла книгаш язъян цкъа а лахлуш йоцу шовкъ лаьттийла, шу могаш, маьрша, ирсе, токхе дехийла, шун бIаьрла кхиамаш хуьлийла!
   Шайн балхо даима а хазахетар, даккхийдер дохьийла шуна, Нохчийн Республикин зовкхан дуьхьа хуьлда шун къинхьегам!

№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: