ДIадаханчу шеран чаккхенехь шуьйра билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан 85 шо кхачар. Оцу хиламна а, Литературин шо дерзорна а леринчу даздаршкахь дакъалоцуш хилла Москвара а, луларчу вежараллин республикашкара а хьеший цецбевлла биснера республикин куьйгалло, ша аьлча, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, яздархойн ечу тергонах. Цунна шен бахьана а дара. Республикин Куьйгалхочун Указца А-Хь.Кадыровн орденца совгIат дира Яздархойн союзан председательна Ибрагимов Кантина, «Нохчийн Республикин сийлаллин гражданин» цIе елира нохчийн литературин къаночунна Берсанов Хожа-Ахьмадна. Яздархойн Мамакаев Эдуардан, Исмаилов Абун, Минкаилов Эльбрусан кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, царна совгIат дира «Нохчийн Республикин халкъан яздархо» сийлаллин цIе яларца. «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалшца, «Къинхьегамехь билгалваларна» знакашца, Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца, Баркаллин кехаташца билгалбехира яздархой: Хасбулатов Ямлихан, Маргошвили Султан, Магомаев Салавди, Яричев Iумар, Кусаев Iадиз, Шайхиев Iалвади, литературовед Арсанукаев Iабдулла. Iер-дахаран хьелаш тодаран Iалашонца, ахчанца совгIаташ а дира царна. Хьешашна и гIуллакх мелла а цеце хиллехь а, нохчийн яздархошна и терго хIора шарахь а, хIора дийнахь а хаалуш ю. Оцу хьоло дика Iаткъам бо литература кхиарна а, Яздархойн союзан балхана а.
Хууш ма-хиллара, 2015-гIа шо Россехь, Литературин шо аьлла, дIакхайкхийна дара. Оцу гIуллакхца Россин лаккхарчу Iедало билгалдаьккхира литературо къоман дахарехь доккха маьIна лелош хилар. И маьIна кхин а айъаран, тIекхуьучу чкъурехь исбаьхьаллин литература ешаре хьашт кхолларан Iалашонца кхайкхийна дара Литературин шо. Цуьнан гурашкахь дуккха а гIуллакхаш дина вайн республикехь а. Ша аьлча, Правительствон сацамца чIагIйинчу планаца билгалдина дара 68 гIуллакх кхочушдар, коьртачу декъана, уьш дерриге а кхочуш а дина.
МаьIне гIуллакх дара Яздархойн союзо «2015-гIа шо – Литературин шо» календарь арахецар. Цуьнан мехалла иза нохчийн маттахь хиларх йоллу. Беттанийн а, кIиранан денойн а цIерш нохчийн маттахь ялош календарь вайн хIинццалц хилла а яцара. Нохчийн 69 яздархочух, поэтах, литературоведах, публицистах боцца хаамаш бу цу тIехь. Нохчийн меттан, литературин хьехархоша, библиотекарша, хаамийн гIирсийн белхахоша дика тIеэцна и болх. Иштта календарь арахецар ламасте дерзо Яздархойн союзан ницкъ кхачахь, цунах боккха пайда а хир бу. Книгаш арахецаран балхах дерг аьлча, Яздархойн союзан коьртачу редактора Ирисханов Iимрана дийцарехь, тIаьхьарчу цхьана шарахь арахецна 20 сов книга. Царна юкъахь ю Газиева Азин «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» очеркийн книга (нохчийн гоьбевллачу зударех – Дадин Айбика, Iаьмара Заза, Саракаева Марем, Курумова Селима, Чентиева Марем, Батукаева Асет, Насуханова Ляля, Гайтукаева Бана, иштта кхиберш – 19 очерк), Кусаев Iадизан байтийн, дийцарийн, гочдарийн «Иэс» гулар, Ибрагимов Кантин «Стигал» цIе йолу керла роман, Яндарбиев Хьамзатан «Ирсан тIулг лехар» прозин книга, Муцураев Олхазаран Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойх лаьцна очеркаш, Эльжуркаев Мохьмадан «Бекхаман новкъахь» повесть, Жумалаева Лулин «Абрисы» цIе йолу оьрсийн маттахь повесть, Эдилсултанов Лом-Iелин, Такалашов Султанан, Джебиев Хьусайнан, Джура Викториян, Дагалаева Маликин, Давдиев Аминан, Юсупов Русланан стихийн гуларш, Гелагаев Сайд-Мохьмадан «Дийнатийн, ораматийн дуьне» книга. ДIадаханчу бIешеран 60-чу шерашкахь ешархоша цхьа шатайпа кхаъ хиларца тIеэцна яра Окуев Шимин забаре дийцарийн «Чора» цIе йолу книга. И юха арахецарца Яздархойн союзо дика совгIат дина таханлерчу книгашъешархошна. Иштта маьIне гIуллакх хета «Къилбаседа Кавказан республикийн литература» гулар арахецар а. Пачхьалкхан чоьтах Яздархойн союзехула оццул книгаш арахеца таро хилар мехала хIума ду, тахана экономикехь долу хьал тидаме эцча-м муххале а.
Оцу декъехь Iалашонаш кхин а яккхий ю. Масала, зорбане кечъеш ю Борхаджиев Хожбаудин, Дакаев СаьIидбекан, Бицаев Iийсан, Абубакарова ПетIаматан, цхьамогIа кхечу авторийн книгаш. ДIабевллачу яздархойн тоьлла произведенеш юха арахецаран проект а ю Яздархойн союзехь кечъеш. Иштта берийн литературин антологи арахецар а ду Iалашонашкахь.
Литературин шарахь дукха хилира яздархойн ешархошца цхьаьнакхетарш, къаьсттина и болх, жигарабаьккхина, дIабаьхьира Нохчийн меттан де даздаран муьрехь. Наггахь дешаран учреждени ца йисина ала мегар ду яздархошца, меттан говзанчашца, журналисташца цхьаьнакхетар вовшах ца тухуш. Ламасте доьрзуш ду керла книгаш йовзийтар, яздархойн кхоллараллин суьйренаш дIаяхьар. Литературин шарахь бинчу белхан зеделларг тидаме а оьцуш, тIейогIучу хенахь а оцу кепара белхаш бан лерина а ду бохуш, чIагIдо Нохчийн Республикин Яздархойн союзан куьйгалхочун заместитела Шамсудинов Бувайсара. Цо иштта билгалдаьккхира вайн республикехь карара шо, П.Захаровн шо аьлла, дIакхайкхийна хилар. Дерриге а дуьненахь вевзаш волчу нохчийн художникан 200 шо кхачарна лерина (сентябрехь ду иза) дуккха а гIуллакхаш ду республикин тIегIанехь дIадахьа лерина (Iилманан-практикин конференцеш, суьртийн гайтамаш, книгаш, буклеташ арахецар…).
Литература йовзийтарехь а, яржорехь а доккха маьIна леладо яздархойн музейша. ХIора шарахь а бIеннаш дешархой, студенташ хуьлу Мамакаев Iарбин (Лаха-Невре), Айдамиров Абузаран (Мескита), Лев Николаевич Толстойн (Староградовски станица), Мамакаев Мохьмадан (Хьалха-Мартана), Михаил Юрьевич Лермонтовн (Парабоч, Шелковски кIошт), Сулейманов Ахьмадан (Олхазар-КIотар) музейшкахь. И болх а шен тидамехь латтабо Яздархойн союзо.
Нохчийн яздархоша жигара дакъалоцу литературица доьзначу Къилбаседа Кавказан а, Ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а гIуллакхашкахь (яздархойн кхеташонашкахь, книгийн ярмаркашкахь, конференцешкахь, юбилейн даздаршкахь).
Оцу дерригено а гойту Нохчийн Республикин тахане цуьнан кханенах тешош хилар.
АДАМОВ ДОВТ
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо