(Яздархойх дийцарш» цикла тIера)
Тхойша шозлагIа гуш вара. Мухха а гIала нисвелла со, урамехула вогIуш, цуьнан бIаьрг кхеттера сох. Шеца волчу Айдамиров Абузаре Сулаев Мохьмада хаьттина хиллера:
– Iалвади вац дIо вогIург? – аьлла.
Соьга схьахьаьжначу Абузара, иза со хилар тIе а чIагIдеш, мохь туьйхира:
– Iалвади, хIоккхуза схьаволахьа! – аьлла.
Сан дагна боккха кхаъ бара яздархой гар. Иза сайга кхайкхарх хазза теша а ца тешаш, ведда тIевахара со.
Дуьххьара Сулаев Мохьмад а, со а цхьаьнакхеттера къоначу яздархойн кхеташонехь 1964-чу шеран гуьйранна. Ахматова Раисас а, Мамакаев Мохьмада а куьйгалла дечу поэзин секцехь, ас дIаешна стихаш йийцаре еш, жигара дакъалаьцначех цхьаъ вара Сулаев Мохьмад. Суна ца моьттучу кепара дика мах хадийра сан «бIастаркхийн» (иштта олура ас сайн йозанех) цо а, цул тIаьхьа къамелаш динчу Сулейманов Ахьмада а, Сатуев Хьусайна а. Дела реза хуьлда царна, суна доккха гIо-накъосталла дарна!
– Хьо муха кхаьчна кхуза? – хаьттира Абузара, со ведда шайна тIевеача.
Цо иштта хаттар дарна шен бахьана дара. Нагахь санна, сан Соьлжа-ГIала ван дезаш меттиг нисъелча, со иза волчу воьдура, кху деношкахь иза а цига гIур волуш ву-вац хьажа. Цуьнан кхин цхьа бахьана а дара: тхан юьртара Гезлой-Эвла кхаччалц гIаш некъ бан дезара. Иза жима юкъ а яцара. Шен гIуллакхаш дIа а тосий, Абузар а вогIура соьца. Цундела,шайна со кхузахь гича, цецваьлла деш дара цо и хаттар.
– Хьох дагавала ца хIоьттира со, хьо балхана юкъара ца ваккхархьама.
– Стихашна тIехь болх беш вуй хьо? – хаьттира Мохьмада.
– Юкъ-кара уьш а язйо ас, – аьлла жоп делча, цо тIетуьйхира:
– Язъян еза, мало а ца еш. Вайна поэташ чIогIа оьшуш бу. Хьох дегайовхо йолуш ду тхо, – сан белшах куьг туьйхира цо.
Даре дан деза. Со, сайн накъосташций, редакце стихаш йохьуш веанера. Уьш билгалйинчу меттехь а битина, редакци чу ваха ваьллера со. Амма «Ленинан некъ» газетан редакцин терхи тIе ког биллича, чуваха а ца хIоьттина, сайн накъосташна юха тIевоьдуш вара со. Ткъа цу шиннах иза къайладаьккхира ас.
– Ткъа хIинца тхойша со волчу воьдуш ву. Хьо а ван веза. ХIан, дIадуьло. Делкъе а еш, луьйш-олуш Iер вай, – Мохьмад хьалха дIаволавелира.
Ас дIахаийтира сайга хьоьжуш накъостий хилар. ТIаккха Мохьмада сайн лаамехь витира со, хьайна хуур ду-кх хьуна бохучу маьIнехь корта а ластийна.
ДуьххьалдIа эр ду ас: сан ирс хилла кхоллараллин некъан юьххьехь иштта дика адамаш нисделла. Дела реза хуьлда царна!
Сулаев Мохьмад, цIеяххана поэт а, прозаик а хилла ца Iаш, литературни критик а вара. Оцу агIор цо, Iаламат доккха, гIо дина тахана нохчийн литературехь къахьоьгуш болчу массарна а бохург санна. Сулаев Мохьмада шайн кхоллараллехь гIо ца лаьцнарг а, гIо цадинарг а кIезиг карор ву тахана вайн литературехь. Цундела иза тахана вайца цахилар литературина боккха эшам санна тIелаца хьакъ ду вай.
Кхузткъе итталгIачу шерашкахь со Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзан правленехь болх бан волавелча, тхойшиннан гергарло кхитIе а чIагIлуш, доттагIалле дирзира. ХIинца со кест-кеста хуьлура цуьнан хIусамехь а, цуьнан белхан меттехь а.
Уьш дицлур доцу денош а, буьйсанаш а яра. Кхоллараллин эвсаралла а яра, хIунда аьлча тхойшиннан къамел, стеннах делахь а, хьаьвззий литературина тIедолура.
Дийхира ахь, лаха аьлла,
Уггаре а хаза зезаг.
Уггаре а хаза зезаг
Лийхира ас, араваьлла.
Мел лехарх а ца карийра
Уггаре а хаза зезаг…
Уггаре а хаза зезаг
Ца карийча, дог дегийра.
ХIаъ, иштта дIайолалуш ю Сулаев Мохьмадан цхьа лирически стихотворени. КхидIа а:
Амма юха хьо ма-гиннехь,
Схьакарийра хаза зезаг.
Уггаре а хаза зезаг
Хьо ду, хьо ду кху дуьненахь!
Хууш вац со, цхьаъ хьо йоцург,
Уггаре а хаза зезаг!
Хьоьга кховдо дац кхин зезаг,
Даг чуьра сайн безам боцург.
Тахана эшаран мукъаме дирзина и дешнаш ца девзаш стаг хир ву ала хала ду. Иштта хуьлу бакъйолу поэзи. Иштта байташ язъян йоккха корматалла оьшу. Ткъа оцу корматаллин къоьлла яцара Сулаев Мохьмадан.
Поэзехь коьртаниг – могIанаш, кечдина, охьадахкар дац, ткъа оцу могIанийн чулацам а, уьш васте хилар а ду. Нагахь санна поэтана ша яздешдерг дика девзаш а, цуьнан дагна Iаьткъина а дацахь, цо цунна тIе шен деган цIе хьаьрсина яцахь, тIаккха церан мах хир бац. Уьш дукха шийла, дешархочун дагах ца хьакхалуш байташ хир ю. Аьлча а, ас сайн стихех олуш ма-хиллара, «бIастаркхаш» хир ю.
Ткъа Сулаев Мохьмадна дика хаьара поэзина хIун оьшу. Цундела ю цуьнан стихаш а, поэмаш а адамийн дегнех хьакхалуш, царна йовхо луш.
Прозехь а, поэзехь санна, дика лакхенаш яьхна Сулаев Мохьмада. Тахана шуьйра евзаш ю цуьнан «Товсолта лаьмнашкара дIавоьду» роман, иштта «Велларг денвар» цIе йолу дийцарийн а, очеркийн а гулар а. Ткъа нохчийн литература а, яздархойн кхоллараллаш а толлуш цо язйина статьяш а Iаламат дукха а, мехала а ю.
…Дуьнен чохь ваха оьмар кIезиг язъелла хилла Сулаев Мохьмадна. 2002-чу шарахь иза даиманна хьаьхначу бакъдуьнене дIавирзира. Ткъа вайца даха дисина дагна йовхо ло цуьнан кхоллараллин могIанаш.
Шайхиев Iалвади
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо