Кхоллараллин доккха хьуьнар

(«Яздархойх дийцарш» цикла тIера)

Цхьаболчийн цIерш литературехь, лаьмнашкахь тоьхначу ткъесах, къегий, хьала а летий, тIаьхьарчу тIаьхьенийн дегнаш дохдеш, даиманна яха юьсу. Ткъа цхаболчернаш, шаьш хьалалатаре терра, сихха, йогий, дIайов.

Оцу хьалхарчу, ирсе кхаж баьллачарах вара поэзехь, прозехь, драматургехь кхиамца къахьоьгуш,  50 шарахь сов схьавеана хилла Музаев Нурдин.

Стенца доьзна дара цуьнан кхоллараллин иштта шуьйра тематика хилар? Вуьшта аьлча, Музаев Нурдина, нохчийн литературехь коьрта ларалуш йолчу ерриге  а жанрашкахь болх бина хилар?

Цкъа делахь, Музаев Нурдин нохчийн литературе веанера, иза когахIуттучу муьрехь – дIадаханчу бIешеран 20-чу шерашкахь. ШолгIа, кхеташ ма-хиллара, вайн литературина оьшура массо а жанрашкахь язйина произведенеш. И кIайдарг дIаюкъа юкъ йихкинчех цхьаъ вара Музаев Нурдин. Цундела ларамаза дац Нурдис яздархойн Ерригсоюзни хьалхарчу съездехь дакъалацар а, цигахь цунна Горький Максим Алексеевича тидам тIебахийтар а.

Суна дика вевзара Музаев Нурдин. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан институтехь суна нохчийн литература хьехначех цхьаъ ву иза. Цул тIаьхьа, Яздархойн союзан правленехь со болх бан волавелча, цигахь кест-кеста цхьаьнакхетара тхойшиъ. Иштта со а хуьлура Соьлжа-ГIалахь, цуьнан хIусамехь. ДIадаханчу бIешеран 60-гIа шераш дара уьш. Нохчийн поэзехь хьалхара гIулчаш йохуш волчу суна, кхеташ ма-хиллара, деза дара и цхьаьнакхетарш, цо исбаьхьаллин литературех лаьцна ен ойланаш, цо суна ден хьехарш.

ДагадогIу суна ас цкъа цуьнга хаьттина:

– Нурдин, хьо муха лараво литературехь иштта эвсаре болх бан? – аьлла.

Музаев Нурдина делла жоп хIумма а дозалла дацара, и дан иза чIогIа хьакъ хиллехь а.

– Литературе веанчо массо жанран «чам» баккха беза, къаьсттина хьалхарчу муьрехь, шега муьлхачунна нуьйр тиллало а, иза караIамало а хьожуш, шен хьуьнар, ницкъ толлуш. Цунна тIедоьгIча, со хIинца а язъян Iемаш ву, хIунда аьлча со кхиъна ваьлла поэт, яздархо ву аьлла ойла цуьнан даг чу ма-лесттинехь, кхоллараллин шовкъ дIайолуш хиларна. Иштта ду хьуна, жима стаг! Варийлахь, ларлуш хилалахь!

Суна цкъа а дагара ца довлу и дешнаш, литературехь лаккхарчу кхиамашка кхача суна хIинца а и доккха похIма цатоарна а.

И похIма а, ницкъ а Музаев Нурдигахь бара. Цунна тоьшалла до цуьнан ерриге а кхолларалло. Ткъа иза шуьйра ю: стихаш, поэмаш, повесташ, романаш, пьесаш. Царех ю «Довха дегнаш», «Кханенга гIулчаш» поэмаш, «Къонахийн болар», «Органан тогIехь», «Сатийсаман ницкъ», «Мур» романаш, «Замза» повесть, «Асет», «Адамах теша», «Уггар а хьоменаш» пьесаш.

Гуш ма-хиллара, жанрийн агIор шуьйра ю Музаев Нурдин кхолларалла. Иза адаме болчу кIорггерчу а, боккхачу а безамах юьзна а, кханенах  вайн дешархой тешош а ю.

Иза ду яздархочун кхоллараллехь коьртаниг. Иштта ца хилча, дукха сингаттаме хир дара вайн экама дахар.

1933-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь араяьлла Музаев Нурдин хьалхара «Нийсачу новкъахь гIулч» стихийн гулар. Шен дерриге а дахарций, кхоллараллиций оцу нийсачу новкъах тила ца луш, 50 шарахь литературехь къахьоьгуш схьавеана Музаев Нурдин.

Кхоллараллин доккха хьуьнар ду иза.

 

ШАЙХИЕВ Iалвади

№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: