Гинарг а, лайнарг а сан доццачу дахарехь дукха ца хиллехь а, Дала суна а тIейожийнера цхьа докъазалла. И докъазалла яра яздархо хила гIортар. Билггала аьлча, сайна Iаьткъина ойланаш, дагадаьхкина суьрташ нохчийн маттахь дIаяздар марзделлера суна. Эххар а, стихашкахь нисйора ас и ойланаш. Айса вовшахбиттина пал яздархошна гойтуш, дага а вуьйлура. Цхьаболчара къобалбора сан болх, кхечара дагазвохура. Дуьххьара зорбане яьккхира сан «Вина юрт» стихотворени «Ленинан некъ» газетехь. «Орга» альманахехь «Мохе» стихотворени магийра суна дукхавезначу Мамакаев Мохьмада. Ницкъ ма-кхоччу яздора ас сайн иллеш, Мохьмадах дага а вуьйлуш.
Со хIетахь студент вара, хьехархойн институтехь доьшуш. Дешар тIех дика деша гIертаро гIело йора поэзи тIехь ас бечу балхана. Поэзина дIалора ас коьрта хан. Амма произведенеш зорбане йийлар ледара дара. Айса дIаязйинарг зорба тоха декхарийлахь хетара суна. Амма иза бакъ ца хиллера – цхьа хан яьлча бен, ца кхийтира со вайн пачхьалкхо лелочу шалхачу политикех а, идеологих а.
Институтехь тхаьш кхоьллина литература езачаран гуо бара тхан: С.Гацаев, Х.Эдельгериев, С.Юсупов, М.Дикаев, со а юкъахь а волуш. Цкъа тхаьш долчу кхайкхина валийра оха Ошаев Халид, литературех, дахарх дагадовлар яра, тхан Iалашо. Тхуна Халида жоьпаллин декхарш тIедехкира: литература а, нохчийн Iилма а кхиор.
Таханлерчу дийнера дIа ойла йича, хаьа суна айса а, сайн накъосташа а гIалаташ дина хилла хилар. Тхо кIеззиг цхьаьна дисинчохь Ошаевс тхоьга элира: «КIентий, хIинца аш юьхьарлаьцнарг нийса некъ бу, амма шу парте довла дезар-кх, шайн некъ дIабахьа атта а, аьтто а хилийтархьама». Цхьа нун долуш и къамел хиллийла, тIаьхьо бен ца хиира. Партехь волчунний бен кхиа а, ваха а некъ буьтуш ца хиллера КПСС-о. Ткъа Ошаев шен маьIни тIехь лайна хиллера компартин «диканаш». Тхан тобанехь хилларш оцу муьрехь парти ца бевлира. Цу гIуллакхан хьунаш а, лараш а даима а дахарехь шаьш зоьйтуш-м яра.
1963-чу шарахь институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа, стихаш алссам вовшахкхеттера сан. Амма зорбане йийлар ледара дара, со тешшош мах хадош а, маьIна деш а накъост вацара. Бакъду, А.Айдамировс элира соьга: «Хьоьга дика а, маьIне а язло стихаш, амма зорба тоха сих а ца луш, болх бе ахь». Ткъа жималла чехка а, челакха а ма ю. «Ас яз а йича, зорба тухуш а ца хилча, хIун ял хуьлу цунах сина а, дагна а?» – оцу чIагIонца Ошаев Халидан хIусаме вахара со. Ас дIайийцира айса еана гIайгIа. Стеган дог хьаста а, ир-карахIотто а хууш вара Халид. «ДIаешал хьайн стихаш», – элира цо. Шиъ-кхоъ йийшира ас. «Кхин а, кхин а – чекхваллалц». (Соьгахь тетрадь дара). Со чекхвелира…
– Хьусайн, ахь алссам болх бина, – элира Халида, – нагахь хьайн къомана зулам дан ца лаахь, айхьа бина болх, вовшах а тохий, издательстве дIало, болх бечуьра саца а ма бе. Ткъа важа дуй, стихаш ягор ю бохург – иза осала хIума ду. Кхин дага а ма даийталахь.
Ишттачу къамелаца дог айдира сан Халида. Со кест-кеста воьдура иза волчу. Иза кхалхале цхьа-ши бутт хьалха тхан къоначу яздархойн тоба а хилира иза волчохь, луьйш-олуш дика хан яьккхира оха цуьнца. Адамашца дог-ойла цIена йолуш вара, доьналлех вуьзна вара. Вуьззина нохчи вара.
Хь.САТУЕВ, поэт
(«Даймохк», №1, 1992 шо).
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо