Пенсионни законодательство талхорах долу жоьпалла

   «Россин Федерацин Пенсионни фонде, Россин Федерацин Социальни страховани яран фонде, Медицинин страховани яран Федеральни фонде страхови взносаш яран хьокъехь» долчу 2009-чу шеран 24-чу июлехьлерчу №212-ФЗ Федеральни законан (кхидIа №212-ФЗ Федеральни закон) 27-чу статьяца билгалдеш ду яр тIехь долу пенсионни страховани яран хьокъехь долу Россин Федерацин законодательствон цхьадолу талхорашна долу жоьпалла.pensionnoestrahovanie

Оцу законан лехамашца нийса а догIуш, таIзар даран хьал доьзна хир ду страховани ян езаш волчу, и ца еш йитинчу хене хьаьжжина. Вай дуьйцучу законан 11-чу статьяца регистраци ян декхар верг муьлхха а хила тарло бакъо талхийнарг.

Бакъо талхоран агIо хилла дIахIотта тарло хIара тайпа муьлхха цхьа гIуллакх динарг: я билгалйина хан а талхош регистраци яран хьокъехь заявлени дохьуш веанарг (дIаяхийтинчу хенах боьзна хир бу туху долчу гIуданан барам), я хIумма а ца деш Iар, аьлча а Пенсионни фонде ца воьдуш Iар.

Яр тIехь долчу пенсионни страхованин хьокъехь долу Россин Федерацин законодательство талхорна тоьшалла деш долу бакъдерш Россин Пенсионни фондан территориальни органаша Iорадаха тарло оцу органашкахь болчу хаамашна тIетийжаш а, ткъа иштта страховательша шайна тIедехкина декхарш кхочушдеш я шайн лаамехь чуделлачу кхечу документийн буха тIехь а.

Россин Пенсионни фондан территориальни органехь регистраци яран хан страховани ян езачо талхийна хиларан бакъдерг гучудаьлча, цунах долу жоьпалла билгалдаьккхина ду вай лакхахь ялийначу статьян 1-чу пунктехь, Россин Пенсионни фондан территориальни органан даржашкарчу наха Акт хIотто деза яр тIехь долу пенсионни страховани яран хьокъехь долу Россин Федерацин законодательство талхорна тоьшалла деш долу бакъдерш гучудовларан хьокъехь. Цу тайпанчу Акта тIехь билгалъяьккхина хила еза Россин Пенсионни фондан (ПФР) территориальни органан цIе, Акт хIоттийна де, страховани йиначун хьокъехь хаамаш, талхораш гучудевлла де, шайна тIе а тийжаш акт хIоттийначу документийн цIерш.

Актехь хила беза яр тIехь долу пенсионни страховани яран хьокъехь долу Россин Федерацин законодательство талхоран бакъдерш документашца тIечIагIдеш болу хаамаш, ткъа иштта хила еза страховани йинарг жоьпе озоран хьокъехь йолу пенсионни органан предложени, иза жоьпе озо везаш хиларан бахьана довзуьйтуш, цо талхийна бакъо а билгалйоккхуш. Актан дерзоран декъехь билгалдоккху страховани йиначун актехула шен реза цахилар шега Акт кхаьчна 15 де далале яздина чудала бакъо хилар.

Акте а, цуьнца цхьаьна долчу документашка а, тептаршка а хьаьжначул тIаьхьа ПФР-н территориальни органан куьйгалхочо я цуьнан заместитела сацам бо талхор далийтинарг жоьпе озоран я ца озош витаран хьокъехь.

Бинчу сацаме хьаьжжина страховани йиначуьнга лехам бохьуьйту страхови взносаш, пенеш, гIуданаш дIатакхар тIедожош. «Страхови взносаш дIаяларна тIехь терго латторехь пайдаоьцучу документийн кепаш чIагIъяран хьокъехь» долчу Россин Къинхьегаман министерствон 2013-чу шеран 27-чу ноябрехьлерчу №698н омрица (2015-чу шеран 7-чу сентябрехь бинчу хийцамащца, тIетохаршца) чIагIйина йолчу оцу кепашца сацам тIеэцна белхан итт де далале кхочушбан безаш бу и лехам.

Нагахь санна страховани йиначо шен хеннахь а, билгалбинчу барамехь а лехамехь билгалъяьхна страхови взносашкахула йолу пенеш а, гIуданаш а дIа ца делла хьал хилча, ПФР-н территориальни органо гIуданаш схьадахар дIахьо вай хьахийначу законан 19-чу а, 20-чу а статьяша билгалйинчу кепехь, цу юкъахь суьдехула а. Схьадаьккхина гIуда дерриге а ПФР-н бюджетан хьокъала йоллучу КБК-н кода тIе дIадохьуьйту.

Регистраци яран хенаш тIехтилийтарна жоп дехар гIуданаш тохаран кепехь хуьлу. ГIуда пхи эзар соьмана тIера итт эзар соьме кхаччалц болчу барамехь туху. Цу тайппана гIуданан барам ахчанца билгалбаьккхина бу. Иштта гIуда тохарна бахьана ду лакхахь хьахийна лехамаш 90 дийнал сов йолчу хенахь кхочуш ца бар.

Бехке болчара гIуданаш шайн лаамехь дIатокху я цаьрга уьш, тIедожорца дIатокхуьйту. Нагахь санна, ПФР-н бюджетан Федеральни казначействон хьокъала йоллучу счета тIе гIуда дIадахьийтаран поручени хIоттайо хьокъала йоллучу бакъенашца нийса а догIуш.

Россин Пенсионни фондан территориальни органан я страхови взносаш дIалуш волчун дехарца цхьаьний талла йиш ю декхар волчо гIуданаш дIадалар. Цу тайппана таллам баран жамIаш до Акт хIоттош. Цунна куьйгаш яздо страхови взносаш дIалуш волчо а, страхови взносаш дIаяларна тIехь терго латточу органан даржехь волчу векала а. ПФР-н бакъо ю Федеральни казначействон хьокъала йоллучу счета тIе фондан бюджете гIуданаш дIадахьийтина декхархочун йозанан порученин копи банкера схьаеха.

Нагахь санна билгалйинчу хенахь страхови взносаш дIа ца елла, я буьззинчу барамехь ца елла хьал хилча, страхови взносаш дIаяларан декхар кхочушдойту тIедожорца, страхови взносаш дIаяла езачун – организацин, индивидуальни предпринимателан – банкехь йолчу счета тIера ахча схьаэцарца.

Страхови взносаш дIаяла езачун – организацин я индивидуальни предпринимателан – счета тIехь тоъалчу барамехь я хиллане а ахча ца хилахь, я страхови взносаш яларан декхар тIехь долчун счетан хьокъехь хаам ца хилахь, страхови взносаш яларна тIехь терго латточу органийн бакъо ю страхови взносаш цуьнан бахамна тIера схьаяха, цу юкъахь страхови взносаш дIаяла езачун ахчанна тIера а.

Оцу декъехь бакъонех пайдаэцаран балхахь ПФР-н территориальни органашкарчу даржашкарчу наха куьйгалла оьцу страхови взносаш схьаяларехь долу декхарш, пенеш, гIуданаш страхови взносаш схьаяла езачеран – организацин я индивидуальни предпринимателан бахамна тIера схьаяхарехула долчу Методикин магорех. Уьш чIагIдина ду Россин Пенсионни фондан Правленин 2010-чу шеран 14-чу апрелехьлерчу №100Р йолчу распоряженица.

Страхови взносаш схьаяла езачун бахаман чоьтах страхови взносаш схьаяхаран хьокъехь болу сацам тIеэца тарлуш йолу хан цхьа шо ю, страхови взносаш, пенеш, гIуданаш дIатакхаран хьокъехь болу сацам кхочушбарна елла хан дIаяьллачул тIаьхьа.

ГIуданаш такхар дIахьо Россин Федерацин валютехь, аьлча а, соьмашкахь. Физически яххьашна ахчанаш луш йоцчу физически яххьашкара гIуда схьадаккхаран хьокъехь суьдо сацам бича, хьесапе эца тарло талхар дайдаран хьелаш.

Законо тIедуьллу, ПФР-о а, суьдо а Iора а доху, хьесапе а оьцу бакъонаш талхорехь болу бехк стагана тIера дIабоккхуш долу хьелаш я бакъо талхорах долу жоьпалла дайдеш, я даздеш долу хьелаш.

Яр тIехь долчу пенсионни страхованина даза ца долу такхарш дарца доьзна йолу бакъонаш кхочушъяр, цу юкъахь такхарш дарна тIехь терго латтор а нисдо лакхахь хьахийначу законца (ст.2), нагахь санна законца кхидерг билгалдаьккхина дацахь.

Бакъонаш талхорна долу жоьпалла лахдеш долу хьелаш:

– шен я доьзалан хьал ледара хилар бахьана долуш бакъонаш талхор;

– кхерам хиларо Iаткъам барца я цхьамма тIедожорца я материальни, белхан я кхечу хьолах доьзна бакъонаш талхор;

– бакъонаш талхорна жоьпе озийначун материальни ледара хьал;

– страхови взносаш дIаяларна тIехь терго латточу органо я суьдо билгалдаьхна кхидолу хьелаш а лара тарло жоьпалла лахдеш.

Бакъонаш талхорна жоьпалла дайдеш я даздеш долу хьелаш билгалдоху гIуллакх къастош йолчу суьдо я ПФР-н органо. Иза хьесапе оьцу билгалдинчу жоьпе озочу хенахь.

Цуьнца доьзна, вай юьйцучу статьяхь билгалдинчу гIуданан барам суьдо дикка лахбан тарло, гIуданан барам лахбаран таронийн хьокъехь положени статьяхь яцахь а. Законехь йолу и галморзахалла дIаяьккхина Россин Федерацин Конституционни Суьдан 2016-чу шеран 19-чу январехьлерчу №2-П йолчу сацамца. 2014-чу шеран 28-чу июнехьлерчу №188-ФЗ йолчу Федеральни законан 5-чу статьян 24-гIа пункт а, 22-чу пунктан «а» подпункт конституцица йогIуш хиларан таллам бинчул тIаьхьа чIагIдина:

«Яр тIехь долу социальни страховани яран гIуллакхашкахула долчу Россин Федерацин законодательни цхьадолчу акташна хийцамаш баран хьокъехь» долчу 2014-чу шеран 28-чу июнехьлерчу №188-ФЗ йолчу Федеральни законан 5-чу статьян 24-гIа пункт а, 22-чу пунктан «а» подпункт а «Россин Федерацин Пенсионни фонде, Россин Федерацин социальни страховани яран фонде, яр тIехь долчу медицинин страховани яран Федеральни фонде страхови взносаш яларан хьокъехь» долчу Федеральни законо билгалдина жоьпалла юкъадалоран таро дIайоккхуш хилар санна лара. Оцу законо билгалбина лехамаш талхорна таIзар дар, жоьпалла дайдеш долу хьелаш хьесапе эцаран таро дIайоккху. Оцо тIедаладо страхови взносаш ечеран бакъонаш талхорна. Иза догIуш дац Россин Федерацин Конституцица, цуьнан статьяшца 1 (дакъа 1), 2, 8 (дакъа 2), 19 (дакъа 1,2), 34 (дакъа 1), 35 (дакъа 1–3), 55 (дакъа 2,3).

– Федеральни законаш дахархочунна тIехь ду, Россин Федерацин Конституцех а, хIокху Сацамах а куьйгалла а оьцуш, страхови взносийн хьокъехь долчу Россин Федерацин законодательствон таIзар хIоранна шен-шена дан таро луш йолу, талхор диначун мел бехк бу хьесапе оьцуш болу, кхидолу тидаме эца хьакъ долу хьелаш хьесапе оьцуш болу хийцамаш бар. Кхул тIаьхьа, страхови взносийн хьокъехь долчу Россин Федерацин законодательствехь хьокъала боллу хийцамаш баллалц пайдаэца беза Россин Федерацин Конституционни Суьдан хIокху Сацамехь билгалъяьхначу бакъонийн кепех.

Россин Федерацин №212-ФЗ йолчу законан 43-чу статьяца нийса а догIуш, страхови взносаш ялархочун-организацис бакъонаш талхийна хиларна бехке хилар тIера доккхуш хьелаш лору:

– Iаламан бохам я шайх хьалха валалур воцу чолхе хьелаш хилар бахьанехь бакъонаш талхор;

– страхови взносаш дIаяларна тIехь терго латторан органо я пачхьалкхан Iедалан векал йинчу кхечу органо (оцу органо векал винчу даржерчу стага) шен бакъонийн гурашкахь билггалчу стагана декхархочунна я адамашна страхови взносийн а, яр тIехь долчу социальни страхованин а хьокъехь долчу Россин Федерацин законодательствех пайдаэцаран кхечу гIуллакхийн а, страхови взносаш хIитторан а, такхаран а къепенан хьокъехь долу йозанан кхетор кхочушдича. Юкъарадаккхар: хьахийна долу кхетораш даран бахьана хуьлу страхови взносаш луш волчун хаамаш буьззина цахилар я нийса цахилар;

– гIуллакхе хьожуш йолчу страхови взносаш яларна тIехь терго латточу органо я суьдо взносаш луш верг бакъонаш талхарна бехке хилар юкъара даьккхина долу хьелаш.

I.ХАСАНОВ,

Россин Пенсионни фондан Нохчийчоьнан Отделенин юридически отделан хьаькаман заместитель

№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: