Къинхетамза кхихкинчу тIеман гIовгIа гена йохуш догIу хIора де. Дукха хан ю буьрсачу тIеман лараш Соьлжа-ГIалара къайла евлла. Хазъелла дIахIиттина Нохчийчоьнан кхийолу шахьарш а, ярташ а. Иймане кхойкхучу маьждигаша кхелина массо гIала, юрт. Вайн дайша сатийсина бIешерийн кIоргенера заманан йохалла зовкх ду тахана вайга кхаьчнарг. Боккха ницкъ дIабелла вайн къомо оцу дикане кхачархьама. Алссам эшамаш лан а дезна. Амма, мел еха буьйса а цкъа мацца а чекхйолу, маьлхан зIаьнаршца гIелделлачу адамийн синош хьостуш. Цу хьокъехь дара 2016-чу шеран 25-чу февралехь Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис ша дIаяьхьначу пресс-конференцехь дина къамел. БIаьрзе воцчунна гуш а ду, адамийн бакъонаш ларъярехь вайн махкахь беш болу болх дикка тобелла хилар. Делан къинхетамца, къиза зуламаш лахделла. Махкахь дехачу адамийн бакъонаш ларъяран гIуллакх а цхьана низаман хорша дирзина. Прокуроро далийначу терахьашна тIетевжина аьлча, чекхдаьллачу 2015-чу шарахь Нохчийчохь хьалха хиллачул 2 процент кIезиг дина зуламаш. Ткъа къиза зуламаш 25 процентана кIезиг нисделла. Иза боккха кхиам бу ерриге а Россехь долчу хьолан ойла йича.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь алсамбевллачу сингаттамаша еххачу ханна низамна гена ехира Нохчийчохь йолу адамийн бакъонаш ларъяран структураш. Мискачу адамаша Iаьвшина бохамаш ца тоьуш санна, ларамаза шайн каравеанчу пекъарера кхаьънаш даха марзбеллера цхьаболу белхахой. Доцу бахьанаш лехьош, талламан гIуллакхаш законо йиллинчу хенахь дIа ца дерзош, таллам хила безачу хоршара дIабоккхий, бIостанехьа берзош. И санна долчу дастамечу гIуллакхашна тIехь сема терго латтор ламасте дерзийна Нохчийн Республикин прокуратуро. Чекхдаьллачу цхьана 2015-чу шарахь цу декъехь низам талхор 43 проценте даьлла карийна. Бехкениг жоьпе а озийна. Делахь а прокуратурин болх мелла а жигара баьлла хета, ерриге а Россехь болчу гайтамашка хьаьжча. Зуламхой карор а, уьш жоьпе озор а, юкъарчу барамехь 86 проценте хьалакхочу. Къилбаседа Кавказехь и гайтам 67,5 процента тIехь лаьтташ бу, ткъа ерриге а Россехь и гайтам 54,7 процент бен бац. Шайн процессуальни бакъонех пайда а оьцуш, Нохчийн Республикин прокурораша тайп-тайпанчу нуьцкъаллин структураша бехк боцучарна долийна уголовни гIуллакхаш юхадерзор а 39 проценте кхаьчна. Кхузахь билгалдаккха догIу 68 уголовни гIуллакх юха ца долош, бехк боцу адамаш маьрша дитина хилар. Терахьашца аьлча иза дай хета там бу, делахь а кIорггерчу ойланашка вийла ца оьшу 68 стагана нийсонан Iуналла орцах даьлла хиларх кхета. Мехкан прокурор шен меттехь хилар а, шена тIедехкинчу декхаршца иза ларош хилар а бахьанехь 68 доьзале ирсе зIаьнарш кхаьчна. 68 стаг, дагтIера мекха дIаяьккхина, дахаре юхаверзийна. Шайн семачу тергонехь латтадо Нохчийчуьрчу прокурораша таллам бина даьлла гIуллакх йиллинчу хенахь суьде дIакхачийтар а. ХIинццалц шерашка бахлуш бара и некъ.
Къаьсттина дегалазамца дийцира пресс-конференцехь Нохчийн Республикин прокурора вайн махкарчу некъаша тIехь нислучу зуламех лаьцна. ГIашлой лар ца балар бахьанехь, некъан боламан бакъонаш талхор бахьанехь нислуш ду дукхах долу зуламаш, – элира цо. – Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана и лазаме гIуллакх шен тидаме эцарца доьзна оха а, динан дайша а жигара баьккхинера цу декъехь беш болу болх. Цхьаьна бечу белхан жамIаш дика ду. Некъахьовзамаш хьалхачул 18,6 процентана лахбелла, баларш а 19 процентана кIезиг ду. Делахь а, вай паргIат довла хьалхе ду. Вайна хIора стаг а дуьненан меха ву, цхьа а лазо, Iовжо ца лаьа. Цундела массаьрга а дехар ду, мал ца луш и болх массара а цхьаьна дIабахьар. Доккха хIума ду некъахьовзамаш бахьанехь хуьлуш долу зенаш. Семачу тидамехь латтабо мехкан прокуратуро бераш лазош хилла некъахьовзамаш. Царна молха-дарба лохуш хилла зенаш юхаметтахIотторна тIехь а тидам мела ца буьту прокуратуро. Масала, 2015-чу шарахь некъахьовзамехь лазийначу берашна лерина 6 млн. 539 эзар сом зуламхошка охьадиллийтина, лазийнчарна дIа а кхачийна, прокуратурин белхахойн само бахьанехь.
Нохчийн Республикин прокуроро шен къамелехь иштта дийцира ЖКХ-хь а, ТЭК-хь а нислуш йолу кIайдаргаш дIаяхарехь шаьш билгалдаьхначу некъех лаьцна. Цо дийцарехь Нохчийчоьнан бахархошкара Iаламат дукха аьрзнаш до оцу ведомствийн белхашна. Куьйгана цIена боцчу чиновникаша цхьацца кийтарлонаш лелайо мискачу адамийн бакъонаш талхош. Нохчийн Республикин прокуратура кхидIа а и хьал лан дагахь цахилар хаийтира Абдул-Кадыров Шарпуддис. Бахархойн бакъонаш талхор а, пачхьалкхан законаш талхор а гучудаьллачохь прокурораша 3 эзар сов акт хIоттийна ЖКХ-н белхалошна, низаман жоьпе озийна 1 235 стаг, административни жоьпе озийна 329 стаг. Нохчийн Республикин бахархоша дина аьрзнаш бакъ карийначохь прокурораша 75 уголовни гIуллакх долийна.
Газаца кхачоярехь къахьоьгуш болчу белхалоша шайн белхан декхарш хьакъдолччу тIегIанехь кхочуш цадарна, бахархошна дIахоьцуш йолу газ цIена цахиларна 2015-чу шарахь 205 стеган могашаллина зенаш дина, царах 19 стаг кхелхина, газах дIовш даьлла. Цуьнца доьзна бахархошна газ дIакхачийта декхарийлахь йолчу организацешкахь леррина талламаш бина, 63 уголовни гIуллакх долийна. Организацийн куьйгаллехь болу хьаькамаш РФ-н УК-н 238 статьяца нийса а догIуш жоьпе озийна.
Гуш дара хIора дош цо синан кIоргенера, халкъах, махках дог а лозуш олуш хилар. Прокуроро дуккха а дийцира вайнахехь наркомани цIе йолу ун товш цахиларх а, амма мел хала хеташ делахь а вайн махкахь иза даьржаш хиларх а. Иштта хьахийра хIинца а наггахь адамаш тIепаза довш хиларан сингаттам махкахь лаьтташ хиларх а, герзаш дохкар-эцар нислуш хиларх а. Делахь а, Нохчийн Республикин прокуроран къаьсттина садууш дерг кхиазхошна юкъахь зуламаш хилар ду. Хьалха хиллачуьнца дуьстича зуламаш дар 16 процентана лахара делахь а, оцу декъехь дан дезарг дукха ду, – элира Абдул-Кадыров Шарпуддис. ХIинца а, дог Iовжош, лакхара ду шо кхачаза долу бераш далар, кхиазхоша шаьш шайна тIе куьйг кховдор. Ткъа уггаре а эхьениг – нохчийн дай-наноша шайн берийн дола цадар. Административни жоьпе озийна шайн берийн дола цаден 600 стаг. Царах 62 стаг прокуратурин сацамца жоьпе озийна. Къийсам латтабо Нохчийн Республикин прокуратуро кхиазхоша дечу захалонашца. Нохчийн Республикехь луьра дихкина ду 16 шо кхачаза волчу кIантана зуда ялор а, 16 шо кхачаза йолчу йоIана маре яхар а.
Вайн махкарчу хьолан терго йина ца Iаш, хаддаза дуьненаюкъара хьал а шен тидамехь латтош ю нохчийн прокуратура. Къаьсттина церан тидамехь ду Шемара хьал, цунна гуонаха къацахетачара хьийзо питанаш. Вайна лазаме ду синкхетам кIезиг болу кегийрхой цу питанаш Iехабар, уьш ямартлонца тIамна юкъаийзабар. Оцу бахьанашца доьзна ду, наггахь вайн махкахь а террористаш зуламаш дан гIортар, бахархошна юкъахь цара эладитанаш даржадар. Дукха хьолахь интернета чохь даржадо цара питане эладитанаш. Нохчийн Республикин прокуратурин тIедилларца дIакъевлина дIаьвше питана даржош йолу 5 интернет-сайт, йолчу таронца дIакъевлина экстремистийн 264 хаам, гечо дIакъевлина лелха гIирсаш кечбар хьоьхучу 117 хаамна. Таханлера кегийрхой уьш къоман кхане ю. Тахана церан синошка беркате хIу кховдо вайн ницкъ кхачахь, нохчийн халкъан кхане сирла хир ю, тIейогIучу замано луш болу стом беркате хир бу.
Йоккха меттиг дIалоцура Нохчийн Республикин прокуроран къамелехь вайн регионехь коррупцина дуьхьал дIахьочу къийсамах дерг довзийтаро. Цо дийцарехь, 5 800 акт хIоттийна прокуратурин белхахоша 2015-чу шарахь коррупцех долу федеральни закон талхийна меттигаш тосаеллачохь. Законехь нисвалар тIедиллина 2 207 стагана. Административни жоьпе озийна 760 стаг. Прокурораша бинчу талламашна тIе а тевжина хьокъала йоллучу органаша 82 уголовни гIуллакх долийна, куьйгана цIена боцу чиновникаш жоьпе озо йолчу Iалашонца. Билгалдаккха догIу цу тайпа зуламаш дар халкъо а, махко а тешам беллачу, лаккхарчу даржашкахь долчу адамашна юкъахь а нислуш хилар. Мел чIогIа дийцарх а, профилактика ян гIертарх а дIадолуш дац вайна юкъара кхаьънаш эцар. «Вайнехан гIиллакхашца догIуш ца хеташ, цхьанна а, шайгара мел дукха ахча даьккхинехь а, тоьшалла дан ца лаьа юьхьа дуьхьал хIоьттина, ур-аттала кехата тIе яздан а ца лаьа. Делахь а тхан федеральни закон лардан деза, кхачам боллуш тхешан белхан декхарш кхочушдан а деза. Цундела тхан мокъа Iойла дац. 2015-чу шарахь кхаьънаш оьцуш гучуваьлла, жоьпе озийнарг 17 стаг ву, ткъа кхаьънаш луш гучуваьлларг 47 стаг ву. Цаьрца массаьрца а оха хьокъала боллу болх бина.
Цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, хаза ду вайн къоман гIиллакхаш. БIешерийн кIоргенехь бакъонца нисдина, нийсонца дустуш вайн оьздачу дайша кхиийна, лелийна, вайга кхачийна а ду уьш. Цундела махкахой нийса кхета беза прокуратурин бехке боцчу лаамах. Нохчийн Республикин прокурораш, мохк зен-зулам дечарех дIацIанбан гIерта. Законца дан догIург муьлххачу а хьаькамо дарх цунна кхаьънаш кхийдо ца оьшу. Иза Iедалан балхахь ву, мискачу адамийн хьашташ кхочушдан дIахIоттийна. Баккъал а кхоэ сатесна, дан догIу гIуллакх дина юьстах ца доккхуш чиновнико шайн садаахь, дерг дуьйцуш прокуроре кехат яздичахьана, дерриге а дIанислур ду – элира Абдул-Кадыров Шарпуддис.
2015-чу шарахь Нохчийн Республикин прокурораша 2 335 уголовни гIуллакхехь 2 458 стагана тIечIагIдина пачхьалкхо бехке вар. 2 053 стаг бехке варан сацам бина 1 939 уголовни гIуллакхехь. Фашистийн Германица СССР-о бина тIом дIабирзина 70 шо кхачарна лерина юкъаяьллачу амнистица догIуш, хьакъдолу адамаш паргIат дуьтуш, таллам бечуьра сацийна 277 уголовни гIуллакх. Бакъду, Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис дийцарехь цо куьйгалла дечу ведомствера белхахой уголовни гIуллакхашна тIехь терго йина Iаш бац. Цара жигара дакъалоцу граждански процессашкахь а. Вайн махкарчу суьдаша бахархойн искаша тIехь ечу кхиэлехь прокурораша дакъалоцуш теллина 13 594 гIуллакх. Царах 13 585 вахархочун лаам кхочушбеш чекхдаьккхина. Дукха хьолахь и гIуллакхаш бахархойн бакъонаш талхорца доьзна дара, белхан меттиг галъяьлла, я шен хеннахь алапа дIа ца делла. 2015-чу шарахь нохчийн прокурораша бина болх бахьанехь бахархошка дIакхачийтина 159 млн 798 эзар сом ахча. Пачхьалкхан бюджет а иштта шен семачу тергонехь латтайо Нохчийн Республикин прокуратуро. Цуьнан само а, леррина беш болу профилактикин болх а бахьанехь, хьарамло ца йойтуш, лардан ницкъ кхаьчна 1 млрд. 628 млн сом пачхьалкхан ахча. Моральни зенаш меттахIиттош меттигаш кIезиг яц прокуратурин балхахь. Хилла моральни зе меттахIоттош юхадерзийна 159 млн. сом ахча. Йоккха меттиг дIалоцу Нохчийн Республикин прокуратурин балхахь федеральни законаш лардарна тIехьажийначу тергоно. Федеральни закон талхийна меттиг хилча бехкениг жоьпе озийтарехьа гIуллакхаш до прокуратурин белхахоша. Цунна къеггина тоьшалла ду чекхдаьллачу цхьана шарахь хIоттийна прокуроро терго яран 47 эзар акт. Низаман жоьпе озийна 14 807 стаг, административни жоьпе озийна 6 234 стаг. Прокурораша таллам барца аьтто хилла 280 уголовни гIуллакх дIадоло.
Нохчийн Республикин прокуратуро шен семачу тидамехь латтадо Iалам мехкан маьIданаш лардаран пачхьалкхан а, адамийн а долалла лардаран гIуллакхаш. Терго йоцуш ца буьту махкара предпринимательш. Массо агIор а бизнес кхиорна бегIийлаш ларъян лууш къахьоьгуш ю прокуратура. Хууш дара дукха хьолахь уьш кога баха ца буьтуш, хаддаза царах кадетташ цхьацца чиновникаш хилла хилар а, доцу бахьанаш лехьош, шайн кисана сом дилла лууш. КIезиг дац цу декъехь вайн прокурораша дина дика гIуллакхаш. Шайн белхан декхарш прокуратурин белхахоша хьанал кхочушдар бахьанехь цхьана шарахь гучуяьккхина и тайпа харцонаш лелийна 800 меттиг. Акташ хIиттош, бехкенаш жоьпе озийна. Юьртан бахамехь къахьогуш волчу 150 стагана гIо-накъосталла дина шайн бакъонаш юхаметтахIитто а, хьаналчу къинхьегамна бегIийлаш кхолла а. Административни жоьпе озийна царна новкъарлонаш еш хилла 44 чиновник.
Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис даима дакъалоцу республикин Куьйгалхочо а, Правительствон Председатела а дIахьочу кхеташонашкахь. Нохчийн Республикин Парламенте 28 предложени ю цо чуелла мехкан законаш тодарехь а, керланаш дахарехь а жигара дакъалаца шен болу лаам бовзуьйтуш. Къаьсттина гIиллакхе а, кIеда-мерза а ву прокурор деэшна шена тIевеанчуьнца. Иза цкъа а нохчаллех ца воьхна воккхачуьнца, заьIапхочуьнца. Иштта нах а кIезиг бац цунна тIекхача луучарна юкъахь. Нохчийн Республикин лакхарчу чиновникашна тIекхочучул а атта ду мехкан коьртачу прокурорана тIекхача. ХIора оршот дийнахь диллинчу сохьтехь вайн махкара бахархой тIеоьцуш ву Нохчийн Республикин прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди. Бакъоне сатесна веанарг нийсачу новкъа воккхий дIахьажаво цо.
Пресс-конференци чекхъяьллачул тIаьхьа, сохьтехь сов Iийра иза журналистийн хаттаршна жоьпаш луш. Нохчийн Республикин журналистийн хаттарш дукха а, тайп-тайпана а дара. Амма хIора хаттарна дуьззина жоп даларца кхин цкъа а шех бIаьрг бузийтира регионан прокурора. Муьлхха чиновник а ша дIалаьцначу белхан меттигана охIла хилча, цуьнгахь алсам хьекъал, кIорггера хаарш, хьуьнар, доьналла хилча къоман сирлачу кханенах йолу дегайовхо чIагIло, дог-ойла ир-кара хIутту, бакъоне нийсоне, тешам, дахаре болу безам чIагIло. Ма дика ду иштта адамаш Нохчийчохь долуш.
А.ГАЗИЕВА
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо