Журналист, Iилманча, яздархо…

2016-чу шеран 1-чу мартехь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан, хаамийн департаментан директоран, республикин Журналистийн союзан куьйгалхочун Хатуев Исламан юбилейна лерина  даздарш дIадаьхьира.IMG_6189

  Цигахь дакъалецира Парламентан председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Тагиев Мурата, Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас, Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, Iилманийн академин президента Гапуров ШахIруддис, иштта шуьйрачу хаамийн гIирсийн ерриге а изданийн векалша.

– Ислам дика накъост а ву, доггаха болх беш, бан хууш а ву. Дала иза  санна болу кIентий ма эшабойла вайна, – элира шен къамелехь Д.Умаровс.

Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан 50 шо кхачар даздарал сов, цуьнан Iилманан-хьехаран белхан 30 шо, журналистикехь болх беш волу 30 шо кхачар билгалдаьккхира цхьаьнакхетарехь. Оцу муьрехь И.Хатуевс Iилманан а, историн а декъехь дуккха а белхаш бина.

Лакхахь билгалбаьхначу хьешаша И.Хатуевх дуккха а хаза дешнаш элира, винчу денца декъалвира, иштта Сийлаллин грамоташ, дипломаш, Баркаллин кехаташ, кхидолу совгIаташ делира юбилярана.

Хь.Авхадова

№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: