Цхьа-ши дош…

Шеман Iедална оппозицехь болчу 130 сов боламан векалш тIетайна махкахь машар баран, тIом бар сацоран хьокъехь болчу бартана.

***

   Латаки провинцехь «Джабхат-ан-Нусра» террористически организацин декъашхоша герзаш диттина яйн чевнаш йина масех пачхьалкхерчу (Германерчу, Болгарерчу, Россерчу, и.дI.кх.) журналисташна.

***

   ООН-н Генеральни секретарца Пан Ги Мунца хиллачу цхьаьнакхетарехь Россин МИД-н куьйгалхочо С.Лавровс билгалдаьккхира Шемахь машаран хьокъехь бина барт ларбар Iаламат чIогIа мехала хилар.

***

   Шемин бахархошна гуманитарни гIо дохьучу машенашца Хонкарара герзаш чудохьуш хилар гучудаьлла тергамхошна.

***

   Мехкадаьтта даккхаран барам 2016-чу шеран юьххьехь ма-хиллара битаран хьокъехь бина барт къобалбина 15 пачхьалкхо.

***

   Оманехь некъан-транспортан бохам хилла, автобусна тIе машен а кхеташ. Оцу бохамехь 17 стаг кхелхина, иттех стаг лазийна.

***

   Нобелан машаран совгIатна хIокху шарахь хьалхатеттинарг 376 стаг ву. И санна дерг кхул хьалха цкъа а хилла дац.

***

   Францерчу Кале шахьарахь юха а дIадолийна мигрантийн четарийн лагерь йохор. Оцу четаршкахь Iаш ву 5 эзар гергга мигрант. Царна юкъахь алссам бераш а ду, кхиазхой а бу.

***

   Россин Президента В.Путина дакъа а лецира, къамел а дира мехкан махлелоран-промышленни палатин ворхIалгIачу съездехь.

***

   В.Путин цхьаьнакхийтира Россин мехкадаьтта доккхучу компанийн векалшца. Цара дийцаре дира мехкадаьтта даккхарна модернизаци яран хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

    Россин Премьер-министра Д.Медведевс Чебоксарехь дIаяьхьначу правительствон кхеташонехь дийцаре дира къинхьегаман рынкехь долу хьал. Цигахь билгалдаьккхина ма-хиллара, тIаьхьарчу беттанашкахь белхазаллин барам алсамбаьлла.

***

   Воркутарчу «Северная» шахтехь кхелхинчеран гергарчарна компенсацеш далар оршотан дийнахь (29-гIа февраль) дIадолийна.

 

№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: