Заводской районерчу БухIан-Юьртахь самукъадаккхаран а, дельфинашца терапи яран а туьшан гIишлояран белхаш дIаболийна. Республикерчу а, луларчу регионашкарчу а могашалла ледара йолчу берийн дельфинашца терапи ян аьтто хир бу цигахь.
Ян леринчу комплексехь дельфинари хилла а ца Iаш, берриге а доьзална садаIа лерина меттигаш хир ю. 5 бассейнах лаьтташ хир ю комплекс (царах цхьаъ дельфинашца терапи яран). Коьртаца цамгарш, ДЦП, аутизм, цхьамогIа кхийолу цамгарш йолчу берашна Iаламат доккха г1о хир ду и тайпа реабилитаци яран туш республикехь хиларх.
– Республикерчу дуккха а наха дехарш дина соьга, шайн могашалла ледара йолчу берашна дельфинашца терапи оьшура, и тайпа туш вайн республикехь яхьара бохуш. И дехарш тидамза дуьтийла яцара сан, – яздо инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
– Оцу туьшахь могашалла ледара йолчу берашна реабилитаци ярал сов, церан самукъадаккхарна лерина дельфинашца циркови гайтамаш дIахьур бу, – билгалдаьккхира туьшан гIишлош яран участкан хьаькама Полещук Анатолийс. – Таханлерчу дийнахь «Мегастройинвест» комплексо белхаш дIаболийна. Цигахь кегийрхойн спортивни ловзаршна лерина меттигаш хир ю (волейболан, баскетболан майданаш а, велодром а).
Дуьненчуьра уггаре а баккхийчу Iилманчаша а билгалдаьккхина, лакхахь хьахийна цамгарш йолчу берашна, дельфинашца терапи ярах боккха пайда а, дарба а хуьлуш хилар. Дельфинашца терапи ультрааьзнийн тулгIенашца хуьлу. Ткъа оцу ультраозо дегIаца мел йолчу клеткашна а массаж йо, цундела берийн дегIана мел оьшу хIуманаш дIакхочу хIора а клетке.
ХIинца а Соьлжа-ГIалахь дельфинари ца хиларна дай-наноша шайн бераш республикел арахьарчу реабилитацин туьшашка дуьгу. Бакъду, и тайпа таронаш йоцурш а дуккха бу, хIунда аьлча цхьана сеансах лахара а 2,5 эзар сом долу.
Самукъадаккхаран а, дельфинашца реабилитаци яран а туш лахьорчин (ракушка) кепехь ян лерина, англех тхов а беш. Иштта «колесо обозрения» ю комплексехь ян лерина (диаметр 60 метр лекха).
Хь.БАХТАЕВА
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо