Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан!
Нохчийн махка машар беана ахь. Машар беана ахь Россин Къилбе. Хьан куьйгаллица йоццачу хенахь Россин Федерацин уггаре а хазачу, зазадоккхучу, исбаьхьачу, синтемечу регионех цхьаъ хилла дIахIоьттина Нохчийн Республика. Нохчийчохь кхуьуш ю промышленность, юьртан бахам, энергетика, транспорт. Кхочушдина социальни декъера коьрта гIуллакхаш, къаьсттина бахархой социальни ларбарехь, могашалла Iалашъярехь, культурехь, спортехь. Боккха тидам тIебохуьйту дешар а, Iилма а кхиорна.
Хьан хьуьнар бахьанехь Россин Федерацехь уггаре а синтеме, маьрша регион хилла дIахIоьттина Нохчийн Республика.
Нохчийн Республикин Iилманийн Академин Президиумо республикин берриге а Iилманчийн цIарах доьху хьоьга Нохчийн Республикин халкъийн аьттонан а, зовкхан а дуьхьа, мехкан Къилбехь а, ерриге а Россехь а политикин синтем хилийтаран а дуьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочун даржехь кхидIа а болх бахьара ахь.
Россин Федерацина чолхе беанчу хIокху муьрехь къаьсттина чIогIа оьшу хьо санна болу бакъболу патриоташ.
Ш.А.ГАПУРОВ,
Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президент
№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо