Инвестицийн проекташ кхочушъяр алсамдаьккхина

Соьлжа-ГIалахь 176 миллиард соьмана 41 инвестицийн проект кхочушйийр ю. Цу хьокъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира ша Соьлжа-ГIалин мэраца Хучиев Муслимца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.252217_600

    Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра республикин пачхьенан мэрин белхан. Цунах лаьцна республикин Куьйгалхочо иштта яздира инстаграмерчу шен агIон тIехь: «Нохчийчоьнан пачхьенехь дуккха а хIума дина. Сихачу боларца кхуьуш ю вайн гIала. Къаьсттина хазахета  Соьлжа-ГIала инвесторшна хьашт хилар. Кхузахь шайн ахчанах гIуллакхаш лелош бу Россин, Казахстанан, Европин, ГIажарийн заливан мехкийн а бизнесменаш. ХIинцале 176 миллиард гергга соьмана 41 проект кхочушъян йолийна».

Иштта, Р.Кадыровс билгалдаьккхира дIадаханчу шарахь Соьлжа-ГIалахь 20 сов проект кхочушйина хилар. Царна юкъахь ду 3 школа, 3 берийн беш яр а, дукха петарш йолу 20 цIа  дар а.

Кху шарахь гIишлошъяр кхин а алсамдаьккхина. Жигара кхочушдеш ду ширачу, йоьхначу хIусамашкара бахархой керлачу цIеношка  дIакхалхоран а, гIалин урамаш кечдаран (зезагаш дIадер, гIанташ хIиттор, и.дI.кх.) а, коммунальни бахам меттахIотторан а гIуллакхаш.

Школашна, больницашна, маьждигашна, берийн бошмашна тIебоьлхучу машенийн а, гIашлойн а некъашна къаьсттина тидам тIе бахийтар тIедиллира Р.Кадыровс Соьлжа-ГIалин мэрана. Иштта, пачхьенехь мел йолу берашна ловзарна лерина майданаш тояран программа кхоллар а тIедиллира М.Хучиевна.

Билгалдаккха деза, тIаьхьарчу шерашкахь республикин куьйгалло къаьсттина тидам тIебахийтина Нохчийчохь керла гIишлош ярна. Иштта, дIадаханчу а, цул хьалхарчу а шерашкахь дIаболийна, карарчу хенахь дIахьош бу масех бIаьрла инвестицийн проект кхочушъяран белхаш. Царна юкъахь бу «Ахмат-тауэр» бIов яр, индустриальни парк а, дуьненаюкъара университет а яран, иштта кхин а белхаш.

 

А.ХАСБУЛАТОВА

№24, еара, бекарг (март) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: