Оьрсийн меттан а, математикин а хьехархойн семинар
Соьлжа-ГIаларчу №63 йолчу школехь «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьллачу проектан гурашкахь экспериментальни школийн оьрсийн меттан а, математикин а хьехархошна лерина семинар хилира. Иза дIаяьхьира Нохчийн Республикин дешаран мах хадоран туьшан говзанчаша. ЕГЭ-на кечам барехь дешархошна оьшур долу гIо-накъосталла билгалдаккхарна лерина яра семинар вовшахтохаран Iалашо. Зерийн школашкахь дешаран диагностикин кхоалгIа дина жамIаш ледара дацара дукхахйолчу предметашкахула. Оьрсийн маттехула белхаш дика биначеран процент 60-на тIера 80 процентана тIе кхаьчнера, ткъа математикин декъехула 62 процентана тIера – 82 процентана. Дагадаийта лаьа, 16-чу февралера 19-гIа февраль кхаччалц Нохчийн Республикин школашкахь «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьллачу проектан гурашкахь дешаран хьолана кхоалгIа диагностика йина хилар.
Иштта, 11-чу классийн дешархоша оьрсийн маттехула, математикехула болу диагностикин белхаш бира. Оцу гIуллакха тIехь Рособрнадзоран материалах пайдаийцира.
З.ШАЛИЕВА
Лакхадоху хьехархойн хаарш
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь йолчу хьехархошна аттестаци яран секторан куьйгалхочо Герзелиев Даутхана дийцира хьехархой аттестацех чекхбовларх а, царна цунах хуьлучу пайданах а лаьцна.
Лакхахь хьахийначу министерствон буха тIехь болх беш ю Сектор.
«Дукха хенахь дуьйна дешарехь къахьоьгуш болу а, къона а хьехархой богIу кхуза шайн говзалла лакхаяккха, – бохура Д.Герзелиевс. – Дукха хьолахь уьш аттестацех чекхбевр бу аьлла, шайн хаарех дог тешна берш хуьлу. Говзалла лакхаяккха кхуза вогIучун хьехаран дикалла 40–45 процентал кIезиг хила йиш яц. И барам дукха хенахь дуьйна болх беш зеделларг долчу хьехархойн хилла а ца Iаш, къоначу хьехархойн а хила беза. Цкъачунна жамIаш вуон дац. Дешаран декъехь кхийолчу регионашца дуьстича вай мелла а тIаьхьадуьсуш ду».
Аттестаци яран секторан куьйгалхочо Д.Герзелиевс дийцарехь, дIадаханчу шерашца дуьстича къоначу хьехархойн хаарийн тIегIа лакхадаьлла. Амма шаьш Iамийнарг тIечIагIдан практика оьшу царна.
«ХIинцца дешна бевллачу кегийрхошна балха хIитта хала ду, белхан меттигаш цахилар бахьана долуш, – бохура Д.Герзелиевс. – Дуккха а шерашкахь болх бинчу, зеделларг долчу хьехархоша шайн алапа лакхадаккхархьама дукха сахьташ схьаоьцуш хиларо новкъарло йо къона говзанчаш балха схьаэцарна. Суна хетарехь, кегийрхошна некъ бита беза. Церан массо хIумане керла хьежам хуьлу. Тхо долчу уьш баьхкича церан бIаьргаш догуш хуьлу. Ткъа иза кIезиг хIума дац, тешалаш сох».
ХIора шарахь эзар хьехархо чекхволу аттестацех. Д.Герзелиевна хетарехь, иза дика жамI ду, хIунда аьлча хьехархойн хаарийн тIегIа лакхадаккхар хIинц-хIинца бен дIадолийна цахиларна.
Л.ДАУТОВА
ОГЭ дIаяларан раж билгалъяьккхина
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос 2016-чу шарахь ОГЭ дIаялар раж чIагIйина. Дешарца ларош схьабогIучарна, дешаран план кхочушъечара экзамен дIалур ю хIокху рожехь:
– 26-чу майхь (еарин дийнахь) – обществознани, хими, информатика, хаамийн-коммуникационни технологеш (ИКТ), оьрсийн литература;
– 28-чу майхь ( шоьтан дийнахь) – кхечу къаьмнийн меттанаш (ингалсан, французийн, немцойн, испанхойн меттанаш);
– 31-чу майхь (шинарин дийнахь) – математика;
– 3-чу июнехь (пIераскан дийнахь) – оьрсийн мотт;
– 7-чу июнехь (шинарин де) – кхечу къаьмнийн меттанаш (ингалсан, французийн, немцойн, испанхойн меттанаш);
– 9-чу июнехь (еарин дийнахь) – географи, истори, биологи, физика.
Цхьаболчу дешархошна шайна лерина билгалдина хир ду экзамен дIаяларан денош. Иштта хаам кхаьчна редакце оцу министерствон пресс-службера.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо