БаIисан забарш

Цкъа а цадинарг

 

– Стаг, ма кIордийна-кх суна хIара дерриге а. ХIора дийнахь а дийриг цхьаъ ду. Цхьа а керла хIума дац. Цкъа а ца дина хIума дан лаьар-кха суна, – аьлла Заббарис.

– Лаахь, эцца беша ялий, асар де ахь! – тIечевхина БаIис.

 

Самукъа дер дуй-те?

 

– Ва, стаг, вайн и бероза котам гIийла ма хета суна, цунна урс хьаькхча хIун дара те?

– Урс хьаькхча цуьнан самукъадер ду аьлла хетий хьуна? – аьлла БаIиса.

 

Азлур яцара-те?

 

КIиран дийнахь, марз а велла, базара вахана БаIис. Лела-а-ш оза етт бохка веанчу цхьана стагана тIенисвелла хIара. Леррина атте а хьаьжна:

– Накъост, хIара етт ма оза бу хьан. Делан дуьхьа дийца, кхунна хIун яайо ахь?

– И хIун ю ахь хоьттург? Хьан хIун бала бу ас цунна хIуъа яийча а?

– Кхин хIуманна а дера ца хоттура ас-м. Цунна ахь яош ерг ас сайн чохь йолчуьнга яийтича иза азлур яцар-те аьлла дагадеана хоьттура ас-м, – дерзийна БаIиса.

 

ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ

№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: