Сакказов Юсупан цIарахчу «ЦIоьнтара» фильман-концертан зала чохь дIаяьхьира меттигерчу кхоллараллин коллективийн а, хелхарийн ансамблан а жамIаш даран концерт.
Оцу белхан мах хадо веанера Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди.
Баккхийчеран а, къоначеран а чулацаме концертни программа яра хьовсархойн кхиэле йиллинарг. Цу юкъахь дара шовкъе хелхарш, зевне эшарш, говзачу вотанчийн ловзар а, къоман музыкин инструменташ лакхархойн мукъамаш а. Хьовсархоша дехха тIараш деттарца тIеоьцура музыкантийн хIора а номер.
Концертни программа ерзош, Х-Б.Дааевс билгалдаьккхира, кхоллараллин коллективийн балхахь дикачу агIор хийцамаш хилла хилар. ХIора декъашхочунна баркалла олуш, кхоллараллин некъа тIехь церан баккхий кхиамаш хила шена лаар билгалдаьккхира цо.
Л.Ибрагимова
№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо