Черкесск гIалахь чекхдевлла Къилбаседа Кавказан федеральни округехь дзюдохула хьалхеяккхаран къийсадаларш. Цигахь дакъалецира округан ерриге а субъекташкарчу 200 сов спортсмена.
Боккхачу кхиаме кхечира къийсадаларшкахь Нохчийчоьнан дзюдоисташ – ерриге а 10 мидал яьккхира цара: 4 дашо, 2 дато, 4 йоьзан. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира Шовхалов Хизира, Исмаилов Амирхана, Сагаипов Сайд-Салахьа, Азизов Iаббаса. «Эдельвейс» клубан декъашхой бу уьш берриге а.
Шина дийнахь хиллачу къийсадаларшкахь тоьлла гайтамаш вайн спортсменийн бара, командашна юкъахь хьалхара меттиг а нохчийн дзюдоисташа яьккхира. Шайн толам хIокху деношкахь бакъдуьнена вирзинчу шайн накъостана, спортан мастерна, Ерригроссин категорин суьдхочунна Идрисов Сосланна (Дала гечдойла цунна) лерира Нохчийчоьнан спортсменаша.
Турниран толамхоша СКФО-н цIарах дакъалоцур ду кестта Нальчикехь дIахьон йолчу Россин чемпионатехь.
АДАМОВ ДОВТ
№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо