КIанте кехат

Гадаев  Мохьмад–Селахь

Маршалла ду хьоьга, Казбек! Тахана рентгена тIехь хилира со. Сан даI (язва) теллича карийна (ас ма-дарра дIабоху хьоьга) – зорхан рак. Ткъа иза – вайша кхин цкъа а вовшийн гур вац бохург ду. Хьоьга ала мел лиънарг, ас сайца коша хьур ду, бохург ду иза. ТIаьххьара а, хьо да воцуш вуьсу бохург ду-кха иза.

   Гадаев,_Магомед-СалахАмма хьо ма велха. ТIех бала ма бе хьайна… иштта яздина хилла-кха.

Со-м паргIат ву хьуна. Воьхна воцуш, чIеIар доцуш, леткъамаш бар доцуш, хьайн да майрра Iожалла тIеэца кийча хиларх дозалла дойла ю хьан, бакъду, хьо гойла цахиларо, цхьа шо мукъане хьоьца даккха йиш цахиларо боккха дагахьбаллам буьту.

Дукха дара сан хьуна довзийта, хьуна дIахьеха, сайн къаьхьачу дахарехь суна гинарш дукха ма ду. Дукха чIогIа лаьара со тIаьхьа тIекхиънарг, хьуна хьалххехь довзийта. Амма и доьгIна ца хилла. ХIинца хьан хьайн дезар ду, буьртигашкахь лехьош, дахаран зеделларг гулдан. Хийла халонаш лан а дезар ду. Дерригенах кхетар а ву, амма тIаьхьа, хирг хилла даьлча. Вайна дахар юьхьдуьхьал го, амма цуьнан букъ гича бен ма-дарра ца девза (вуьшта аьлча, и чекхдаьлча бен).

 

Февралан 14-гIа де, Iуьйре

 

Тахана хьо вина де ду.  14 шо кхечи хьан. Ас декъалво хьо. Могашалла хуьлийла а, дуккха а шерашкахь вехийла а, Iилманан лакхенаш яхарехь кхиамаш хуьлийла а лаьа.

—————————————————

ТIехIоьттина Iожалла йолуш, тахана ву, кхана ву ца хуучу хьолехь волуш, ас доьху хьоьга, сан воI, хьайн миска, гIийла, ирс дайна йиша-ваша, гергара нах дIа ма тасалахь, диц ма делахь хьайн жима, дукха баланаш лайна, дуьне ма-дду даржийна нохчийн къам. Хьо нохчийн къоман кIант ву хьуна. Дада, Сайд-Iали, Хасмохьмад, Момат, Iелимгери, Сайд-Ахьмад, Iабдулла, Жунайд, Ломбек – уьш бу хьан цIийх болу гергара нах, уьш дика белахь а, вуон белахь а. Уьш боцурш, кхин гергара нах бац хьан. Бац, юха а бац. Хьайн ненал тIаьхьа, Россехь хьо оьшуш цхьа стаг вац, цигахь хьо цхьана хир ву, эрна арахь борз санна. Ткъа цхьана висарал доккха вуон дац стагана тIе дан.

Ма гIолахь Россе. Сан тIаьххьара дехар ду хьоьга: ма гIолахь Россе.

Хьо жима ву. ХIуманах кхета хан яц хьан. Хьуна дахаран къегина агIонаш го, цуьнан серлонаш, ткъа ша дахар, цуьнан чулацам ца го, хьан хенахь и гойла а дац. Хьуна тахана Говоровехь дика хета хир ду Мирза-Ахехьчул. Цкъа тахана «дика» хила а мега цигахь-м. Амма со генна хьалха хьоьжу. Суна билггал хаьа, хьуна Мирза-Ахехь, хьайчаьрца гIолехь ду, цигахь хала делахь а, хьайчаьрца дика ду.

Цундела ма гIерта Шура Говорове, со веллачул тIаьхьа, кхин чIогIа а гIертар ю. Цуьнан шен нах бу цигахь, амма хьан цигахь цхьа а вац. Дика ойла йина дац Шурас лелориг: ша шен гергарчарна тIегIерта иза, хьо хьайн гергарчарна гена воккху. Цо ойла ца йо, хьайн гергарчарех къастарца, ша гуттаренна а цхьалхе вуьгуш хиларан. Хьо везачу, хьан дуьхьа яла а кийча йолчу, ирс дайначу хьан нанна, Шурина, ца хаьа ша хьуна хIун «дика» кхане кечъеш ю.

Цкъа тахана хьо а ца кхета цунах. Амма воккха хилча, ах дахар тIаьхьа дисина, дIасахьаьжча, хьайна хийра, шийла, къинхетамза дегнаш гича, хьо цхьанне ца оьшийла а, дика-вуон декъа уллохь накъост воцуш хьо цхьаъ вуйла а хиъча, тIаккха кийрахь хьайнна воьлхур ву хьо, цхьааллин бала базбелла. ТIаккха дIасаводур ву хьо хьайн бала бекъа гергара са лаха.012

Хьайн мискачу, гIийлачу, ирс дайначу, «акхачу» гергарчу нахана тIеван а мега хьо. Амма тIаккха тIаьхьа хир ду: хьайн мотт хууш воцу хьо хийра хир ву хьайчарна а, шийла хир ю шун юкъаметтигаш. Гергара нах карор бац хьуна кхузахь а.

Бац хьуна дуьненахь цхьаллел боккха бала.

Цундела доьху хьоьга, ма гIолахь, сан воI, РоссЕ дIа. ДIакъовладала герга даханчу бIаьргех дуьйлучу тIаьххьарчу бIаьрхишца доьху хьоьга: ма гIолахь Россе дIа.

Ойлаехьа, Казбек, ас вуониг хьоьхур дуй хьуна? Россех дIавахча хьох хиндерг хуу дела ма ду, ас оццул чIогIа хьайчаьрца висалахь бохуш, хьоьга дехар. Ша лелочух ца кхеташ, хьан нанас хьуна кечбечу вуочу балхах ларван лууш ду ас хьоьга дуьйцург. Хьан нана кхетийла а дац, иза цIахь ма ю цигахь. Нана мел ю хьуна а хетар ву хьо цIахь. И дIаяьлча? Воккха хилча?

Варийлахь, сан воI, ма гIолахь Россех дIа, хIуъа хилахь а, ма гIолахь.

Леш волчу стеган тIаьххьара дехар кхочушдеш хуьлу. Цунах тешна хир ву со а.

 

Суьйре а тIекхечи

(февралан 14-гIа де)

 

ПхийтталгIа шо доладели хьан. Хасавюьртарчу больницехь дуьнен чу ваьлла хьо. Цул шо хьалха, со а Iиллинера цу больницехь, кхин а хьалха хьан деда а. Больницера Бона-Юьрта валийра хьо, хIетахь со оцу эвларчу школехь хьоьхуш вара. ДагадогIу, цкъа хьо лийча а вина, гатанца хьо вакъош йоллура хьан нана, цуьнан карара хеца а велла, тесан йистах корта а кхеташ, охьавуьйжира хьо, хIинца а лерехь лаьтта, цхьа а церг йоцу жима бага а гIаттийна, ахь хьаькхна мохь.

Цул тIаьхьа хьайн деда вехачу КIедир-Отара вигира хьо. Дедена чIогIа дукхавезара хьо.

Хьан ши шо а дацара, хьой, хьан наний Россех дIахьажо со Отара веъча (дуьненахь ас йоккхучу хенахь цул суна дагахьбалламе хилла хIума дац). ЧIогIа хала къаьстира хьох хьан деда а.

—————————————————

Кхолламо нийса бекхам бо. Цхьа гIалат ца дуьту цо бекхам боцуш… Жима къа – жима таIзар, доккха къа – доккха таIзар. Иштта бен хуьлуш дац…

Гой хьуна, суна муха таIзар дина? ЯлхалгIа шо ду со чохь воллу. 15-чу ноябрехь дуьйна кочачу йоьхьан доIаца бала хьоьгуш ву, селхана зорхан рак ю аьлла. Ткъа рак – иза гуш Iожалла ма ю. ДIа а тевжина, хIара могIанаш яздеш Iа со, айса хIара тетрадь чекхдоккхур, ца доккхур а ца хууш. Хьоьга и дIакхочур дуй те? Иза а хууш дац. ХIинца суна уггар чIогIа хазахетар дерг, вахар а доцуш, цIахь валар дар-кха. Мел чIогIа лаьар-кха суна, кхузахь а доцуш, сайн кхалхар цIахь хуьлийла. Цхьаволчо вахаре а оццул сатуьйсу хир дац-кха, ас цIахь валаре санна. И лаам а кхочушхуьлийла дац сан. Гой хьуна, мел чIогIа таIзар дина суна кхолламо.

Ахь суна дегабаам ма бе, даг чохь оьгIазло а ма латтае. Мелхо а, сох къа а хетий, сан халчу дахарх хьайна жамI даккха.

Къинош ма летаделахь, уьш мацца а цкъа тIедовлу. Дахаран некъ ларлуш, ойлаярца белахь.

 

Февралан 15-гIа де, суьйре

 

Тахана доккха ши гIуллакх нисдели.

1. Iуьйранна гIала профессорна тIевигира со. Хирургин клинике охьа а виллина, операцина кечам бан беза, элира цо. Делахь хIета, цхьа  мискъалазарратал догдохийла ю-кха дийна вуьсург хиларе. Ма чIогIа Далла хастам бийр бара ас, цкъа хьо а, кхин гергарнаш а ган а, цIахь вала а Цо таро елча!

Бакъду, операци чIогIа хала ю, сан гIелъеллачу чархо ловръюй те иза? Гур ду-кха. Делан дикане сатуьйсур ду-кха. Операци ца йойтийла дац, тIаккха гуш валар ду.

2. Лагере юхавирзича сайн тумбочка а, чамда а цIанйира ас. БIаьрхишца дIакхийси сайн дерриге а куьйгайозанаш… Цаьрца цхьаьна хIаллакди, дукха IаьIна кехаташ а. Амма хьан кехаташ, схьа а къастийна, тумбочки тIехь лаьтташ ду. Цхьаъ хилахь, сайца дIадохка эр ду ас уьш.

3. Кхана мукъавоккхуш цхьа нохчи ву, Вахалаев Зимаил. Узгенски районерчу «Память Ильича» колхозе вогIу иза. Ас цуьнга белла:

1) Босболу цхьа къолам (цу тIехь сан мIарийн лараш хаало, дешнаш билгалдохуш ас тIетеIийна);

2) И.П.Поповн «Хаьржина произведенеш» книга;

3) Сайн тиша (иэсана бен кхин хIуманна пайде йоцу) кIайн китал (1950-чу шарахь и тIехь йолуш даккхийтина сурт ду сан);

4) Ерина, амма тегаза йолу галпеш йолу хеча… Цунах хьайна хеча тоьгур ахь. ткъа китал, книга, къолам иэсана хир хьуна…

4. Момата, Сайд-Ахьмада, Iабдуллас даийтинчу 150 соьмах 100 сом а яздайтина (хIинца схьа ца эцнехь а). Сан пекъарш-вежарий. Веза царна со. Амма кхин ца хиллал къен бу-кха. Къахета суна царех, чIогIа, чIогIа.

И дерриге гIуллакхаш а дина, сайн маьнги тIехь агIор ваьлла, хIара йозанаш деш Iа со…

—————————————

Февралан 16-гIа де. Iуьйре. Ло догIу

 

—————————————————

…Тамашийна нисделла сан дахар. Со вина 1909-чу шеран декабрехь нохчийн юьртахь, Нажи-Юьртахь (Нохчийчоьнан къилба-малхбале). Цхьа цIа юьртахь дара, важа – юьртана 2 км. генахь, лекхачу берда йистехь. Цхьана агIор тIулгийн лекха бердаш, дуьхьал – юькъачу хьаннийн хотеш, хьалхахьа – тIаьхь-тIаьхьа лакхаюьйлу лаьмнийн раьгIнаш, эххар а шайн лаьмнех дIаоьра уьш. Къилбаседехьа лаьмнийн баьрзнаш, жимлуш, шерачу аренга доьрзура. Хаза дара!

Уллерчу берда тIера хIора тIегIа, хара, хьуьнхара хIора тача, цигахь хуьлуш долу хIора экха, олхазар девзара суна. Къаьсттина хазахетара чехка а, майра а лечарчий. Тхан цIенна гена боцчу бердах бара церан бен. Оцу исбаьхьчу Iаламах цецвуьйлуш чекхделира сан 15 шо. Цул тIаьхьа, 1924-чу шарахь доладелира дешар а, дахаран халонаш а, хIинца, хIокху набахтин маьнги тIехь соьцанна чекхйовла герга йолу…

—————————————

Февралан 17-гIа де. Суьйре

 

Ло сецна, диллинарг а дешна долуш доллу. Жим-жима якъалуш ю.

Вахалаев Зимаил новкъавала кхии. Бауди (Исламов) дика хьовзарна, цхьа кIелтосург а, китал а, тегаза хеча а схьаэца бакъо елира цунна. ХIуъа хилла а, безамана цхьа хIума хила лаьар-кха хьоьгахь.

—————————————————

Операци йича гIоли хир ю бохучух тешо гIерташ лоьраш бу.    Амма……амма….амма…

Хьовсур вай. Валлалц ваха дагахь-м ву.

Буьйса а тIекхечи. ДIа а тевжина, чиркхан серлонехь яздеш Iа со. Дукхах болу цомгашнаш клубе кино хьовса бахана. Сан гIуллакх кинохь дац. Суна хьоьца къамеле вийла лаьа, кIорда ца деш.

Казбек, вайн нийсса йолу фамили «Бильто» ю хьуна. Диц ма делахь иза, аьтто хилахь, цу фамили тIе а валалахь. Цкъа делахь, яккха аьхна ю, кхечу къаьмнийн фамилешца йогIуш ю, вуьшта аьлча, дуьненаюкъара фамили ю-кха; шолгIа делахь, (и коьрта дерг ду), муьлххачу а нохчичунна хуур ду и нохчийн фамили юйла. Вайн тайпанан цIе ю иза.

Иштта язъян еза иза: Бильто Казбек. Хьан воьалгIа да ХьожкIу хилла. Сан деда – ГIуда, сан да – ГIада хилла. Йиц ма елахь и цIерш. Уьш нийса муха олу Сайд-Ахьмада дуьйцур ду хьуна.

Вайн юьртан цIе Нажи-Юрт ю. Нохчийчоьнан къилба-малХбалехь, Ямсу хи тIехь, Ярсху, Яьсса хишна юккъехь ю иза.

Ярсху Хасавюьрта уллехула доьду, ткъа Яьсси – Гезлой-Эвла уллехула. Дагахь латтаелахь и цIерш: хьанна хаьа, эша а мегий уьш-м. Аьчка некъа тIера Нажи-Юьрта 30 км ю.

Казбек!

ХIара тетрадаш дIатасаза дисарна кхерарна, хIинццехь дIадохкуьйту ас.

ХIорш хьайга кхачарх хаам бехьа: хIун хаьа со кхин а кхузахь… хила мега.

Хьан да.

18.02.1952 шо

Казбек!

 

Шу а, шуьгара телеграмма а кхочург хиларх а дог диллина, кхин хьелахь, операци ца еш, лагере вигарна кхеравелла, кхана (26.03.52 шо, кхаара) операцин стоьл тIе вижа сацам хилла сан. Цундела тетрада тIера схьа а даьккхина, хIара кхо кехат дIадоуьйту ас…

Даггара доьху хьоьга сайн весет дагахь латтадар.

1. Цкъа а цхьанне а вуон болх ма белахь (мацца а дуьхьал далаза дисац иза).

2. Хьайн гергара нах лоруш, безаш, дош хеташ хилалахь (ахь шаьш лараре терра бен лорур вац хьо наха а).

3. Хьайн дегIан лаамаш (малар, сакъерар, мух-мухха лелар) хьалхабахий ма лелалахь (гуттар ца лаьтта дегIехь ницкъ а, могашалла а).

4. Iилманаш а, философи а Iамаелахь (цкъа делахь, ши кепек мах бац хьуна дешна воцчу стеган, шолгIа делахь, философино серладаьккхина доцу Iилма Iилма дац хьуна).

Iодика йойла.

Хьан да, 25 март – 52 шо

Дацдеш, кехат гочдинарг – Хь.АБОЛХАНОВ

№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: