ГIойтIара Асмаъ

Хьалха-Мартан районерчу ГIойтIахь ехачу Яхъяева (Сатуева)Асмаан къинхьегам билгалбаьккхина дуккха а мидалшца, иштта кхидолчу совгIаташца. Пхийтта шо кхаьччахьана колхозехь охана деш, ялта кхиош, токехь кIа оруш, иштта кхечанхьа а къахьегна цо.  Таханлерчу дийнахь 86 шо долуш,  йоккха стаг ю Асмаъ. Цунна дика дагадогIу хьалх-хьалха а, ша дукха жима йолуш а хилларг-лелларг…

   20160217_1126491944-чу шеран 23-гIа февраль тIекхаччалц Гихчу-КIотарахь бехаш хиллачу СатуевгIеран доьзалехь, Асмаъ йоккхахъерг йолуш, (пхи кIант, ши йоI) ворхI доьзалхо вара. Дукхах болу юьртахой санна, хьанал къахьоьгуш хене бовлуш бара хIорш а. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачу хенахь Асмаан нанас, ницкъ кхочучу барамехь, гIо дора фронтана, кхин яла хIума ца хилча, тIергIан пазаташ йохьийтий а. Нохчийн къам махках доккхучу хенахь дейтта шо дара Асмаан. Казахстанан Семипалатински областан Кокпектински районан  Малая Буконь  колхозе кхаьчнера хIорш.

Дуьнен чохь яьккхинчу хенах уггаре а дегаIийжаме ю Асмаана дохийначохь яьккхина хан.  Дерриге а къоман санна, гIело а, харцо а, мацалла а лан дезна кхеран а. ХIорш санна, махках баьхна, «спецпереселенцаш» немцой а, иштта казахаш а нисбеллера лулахь. Iер-дахар ледара долуш, вовшийн дан гIо доцуш бехаш хиллехь а, дика юкъаметтигаш йолуш хан яьккхина цаьрца. Цигахь мацалла а, цомгаш хилла а бевза-безарш дукха дIакъаьстира.

«Цхьа а хIума схьа ца оьцуьйтуш, тIехь-когахь доцуш, киралелочу вагонаш чохь дIадигна, охьадиссийра генарчу, ца бевзачу, шийлачу махкахь – долийра шен къамел Асмаа. – Жимачу оти чохь дIатарбеллера тхан доьзал. ДIакхаьчна дукха хан ялале тхан да а, жимах волу ваша а кхелхира, цхьа ваша чувоьллира. Семипалатинске шен вешин бераш долчу хьажа-хIотта яханчуьра нана а, ненайиша а цIа ца кхочуш, царна сагатдеш Iачу тхан керта цхьа милцо веара. Вешица къамел дина дIавахара иза. «ЦIа йогIур ю, са ма гатде боху», – аьлла, вашас ма-дарра дерг къайладаьхьна хиллера. Амма, жимма хан яьллачул тIаьхьа лулахочо-оьрсичо хааийтира хилларг. Киралелочу цIерпоштаца цIа йогIу нана а, ненайиша а йолчу вагона чу кхечу къомах долу цхьа стаг а, ши зуда а нисделла хиллера. Новкъабевлла дукха хан ялале, набаро Iехийна, дIатевжина Iаш йолу и шиъ вагон чуьра аракхоьссина хиллера. ТIаьхьайогIуш йолу цIерпошт тIаьхьа а кхиана, цу тIерачу наха юххерчу станце хаам а бина, больницера гIо тIекхаччалц, цIий дIаоьхуш, лайлахь Iиллинера. Цара Семипалатинскерчу больнице дIайигнера. Ненан ши ког баьккхинера вагон буха а бахана. Ненайишин доьзале хаам бина, цара дIаяьхьна, иза дIайоьллира.

Нанна больнице тIаьхьа яхара бакъо йоцуш, цхьа хьокхам а бина, и тIоьрмиг чу а биллина. Нохчичунна билет ца духкура, и ца хилча цIерпошта тIе ца хоуьйтура. ЦIерпошт дIайолаелча цуьнан неIар тIе тасалуш, сецначул тIаьхьа охьа а юссуш, бехха некъ бира. Иштта, хIун ду а, мичахь ю а ца хууш, новкъахь хоьттуш, Дала аьтто бина, нана йолче дIакхачийра. Цхьа хан яьллачул тIаьхьа нана цIа ялийра.

Массо агIор а ледара хьал хIоьттира. Доьзалехь йоккхахъерг хиларна хене бовла рицкъ лахар суна тIехь дисира. Цундела мокъа Iан йиш яцара, мел хала хиларх муьлхха а болх бора. Колхозе балха хIоьттира. Юьхьанца нох тIаьхьатесна долу стерчийн юьхь лоций, охана дора, иштта кIа хьокхучохь а, токехь а белхаш бира. Колхозехь трактористан балха яийтинчу йоIаца цхьаьна «букаристан» балха яхара. Буьйсанна, охана дечу тракторна са гайта, лампа а оьций, хьалха а йолий, дIайоьдура. Трактор тIаьххье схьайогIура. Иштта цкъа, цхьана буьйсанна, сайн накъосте а аьлла, трактор гуобаьккхина схьаяллалц, гIелъелла юххерчу хорша садаIа дIатаьIначу суна наб озийна хиллера. Сан тидам ца беш, трактор тIехула яьлла, дIаяхнера. ШолгIачу дийнан делкъа хан хиллалц цигахь Iиллинера. Цхьа ностий, пхьарссий кагбинера, корта а  хадийнера, бесне охьа а яьккхинера. Больнице йигина лоьраша дарбанаш лелийра. Айса-сайх тамаша бо суо дийна йисарх. Иштта декъаза йорт  йиттина-кх. Цул тIаьхьа хи кхоьхьучу машен тIехь водителан а, заправщикан а белхаш бира. Декъаза мел дерг лелийна-кх. Дийца воьлча, чот йина цаваллал дара. ХIокху хьолехь ца йиссал. Хьалха Дела, шолгIа со бахьана долуш халонех чекхдевлира…»

АсмаагIар Iаш болчу колхозана гена йоццуш хIора кIирандийнахь базар хIуттура. Цига йогIу цхьа зуда кхеран хьаша яра. Мухха а йоьIан амалш тайначу оцу зудчо шен кIант Султан хьахийнера. Асмаа ма-баххара, «Дала делла гIуллакх ду, дика Iийр ю, аьлла». ЦIера дахале Султан хьехархо болх бина вара, дIадохийначохь завскладан болх беш вара. Цунах захало хилира. ГIийла бохкучарна дан йиш йолу гIо а деш яьккхира цаьрца хан. Асмаъ хьажа-хIотта Кавказе еанчу хенахь кхелхинера марнана.

Вайн нахана цIабахка бакъо елла аьлла хезча боккха кхаъ хилира кхарна. Амма цхьацца гIуллакхаш дан дезаш хиларна, сихха новкъадовлар ца хилира. Махках дахале тIаме вахана хилла волу цхьаъ бен воцу кIант вайна, да а, деваша а Сибрех долуш кхелхина, кхаа йоIца йисина Iаш йолу Султанан девешин зуда яра хьалха цIаеанарг. Иза цIакхаьчча кхеран кертахь цхьана жима оти чохь Iаш оьрсий хиллера. Йоккхачу стеган хьал ма-дарра хиъна болу оьрсий кертара арабевлла хиллера. Асмаан хIусамдас маситтазза кехат дахьийтина хиллера девешех дерг хаийтахьара бохуш. ТIаьххьара а, «Дийначарна а, кхелхинчарна а юкъахь вац. ТIепаза вайна» аьлла, жоп деара.

1965-чу шарахь Казахстанера цIа вогIуш волу Султан а, Асмаъ а шайн доьзалца и йоккха стаг Iачу керта деара. Амма массарна а чохь Iен меттиг яцара. Цундела, воккхах волу кIант оцу йоккхачу стагаца а витина, Iалхан-ГIала дIабахара хIорш. Цигарчу элеваторе балха хIоьттира и шиъ, цу шинна Iедало хIусамаш елира. Бераш школе деша дахийтира. Цигара схьа а оьхуш, ГIойтIахь цIа дан долийра Султана. Иза дина даллалц ца Iаш, шайна жимма чохь Iан меттиг а нисйина, схьабаьхкира.

«Беран кхо бутт кхаьчначул тIаьхьа, иза берийн беша дIалуш, даима а балхахь хилла. Нана когаш боцуш, протезаш лелош яра. Массо хенахь а цуьнан гIуллакх дина. Вежаршка а хьаьжна. Дерриге а дийцина сахиллалц а ер яцара. Доцца аьлча, сакъералуш ца лелла хIокху хене йолуш. Дерриге а дахар къинхьегамна дIаделла. Нана а, виъ ваша а цIа веанчул тIаьхьа, вовшийн юкъа дукха хан ца юлуш, кхелхина. ХIинца жимахволу цхьа ваша а, со а, тхойшиъ дисина. Иза кест-кеста вогIу. «Со валлалц яла ма лойла хьо, Асмаъ», – олу. «Со дуй биъна еана ю, лийр йолуш яц», – олу ас. Иштта Iаш ду-кха тхо», – йоьлура Асмаъ.

Кхо кIант, ши йоI пхи доьзалхо кхиийна Асмаа, 12 берийн бер а, 10 берийн берийн бер а ду. Самукъане хуьлу цаьргахь уьш берриге а вовшахкхетча. Сих-сиха кхунна тIе а богIуш, кхуьнан къамелашка ла а дугIуш, мерза хан йоккху боккхачу доьзало. «Делан къинхетам бу сох хилларг, – дуьйцу Асмаа. – Молуш-узуш, буьйлабелла лелаш боцуш, шайн-шайн балхахь а болуш, ийманехь доьзал белла суна Дала. Цхьана а доьзалхочо са ца диъна сан. Дика бу кIентий а, йоIарий а, несарий а».

СССР-н Лаккхарчу Советан Президиуман 1945-чу шеран 6-чу июнехьлерчу указца «Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу муьрехь 1941–1945-чуй шерашкахь хьуьнаре, ша-шен ца кхоош къахьегарна» цIе йолчу мидалца а, иштта Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман юбилейни орденашца совгIат дина А.Яхъяевана.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан суьрта тIехь: Яхьяева Асмаъ, цуьнан кIант, йоI, кIентан кIентан йоI

№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: