1981-чу шеран 7-чу мартехь дара иза. БIаьстенан де делахь а, арахь гIеххьачул шийла яра. МаьI-маьIIехь дашаза ло а Iуьллура. Сайн балха, Шеларчу №5 йолчу школе боьду некъ юьхьарлаьцна йоьдура со. 2-гIа класс яра соьгахь хIетахь. Бераш сайна дукхадезарна хаьржинера ас хьехархочун говзалла.
Класса чу яьлча, дешархоша зударийн дезчу денца декъалйира со. Стоьла тIехь Iохкура бес-бесара зезагаш а, открыткаш а. Царна баркалла а аьлла, урок дIайолийра ас. Журнал схьа а эцна, верг-воцург а къасто йоьлча, ши дешархо классехь цахилар хиира суна.
– Бераш! Ахмадов а, Юсупхаджиев а школе ца веана? – хаьттира ас.
– ТIоьрмигаш-м кхузахь ду цаьршиннан, – вистхилира тIехьарчу парти тIехь хиъна Iаш волу дешархо.
– Валол, уьйтIахь а, буьрканах ловзучу майданахь а вуй хьажал и шиъ, – аьлла, уьш лаха вахийтира иза. Амма, ши кIант цигахь а ца карийра.
ЧIогIа сагатдан юьйлира со. Айса урокаш муха ло а ца хууш, дIаяхара хан а, ши урок дIаяьлча, дешархой цIа а хьовсийна, шина кIентан тIоьрмигаш схьаэцна, хьехархой гуллучу кабинет чу яхара со. Берийн тетрадаш теллина яьлча, коре а хIоьттина, ойланаш еш ехха Iийра со. Сахьта тIе хьаьжира. Кхоъ долуш дара, шолгIа смена а тоххара дIайолаеллера. Амма и ши кIант гучуволуш вацара.
ЦIеххьана, неI тухуш хезира суна. Шелвелла, марош цIийделла лаьттара сан ши дешархо.
– Шуьшиъ стенгахь вара? Ас ма сагатди шуьшинна! – елхар къуьйлуш маравоьллира ас и шиъ.
– Лиза Хамидовна! Дала декъалйойла хьо! – олуш, шаьшшиннан буйнахь дохку кегий Лайн зезагаш кховдийра цаьршимма соьга.
– Вай, ма хаза ду хIорш! Дела реза хуьлда шуьшинна. ХIорш стенгара деана аш? – хаьттира ас.
– Хьастаха, дадас дечиге вигча, ло кIелахь хааделира суна уьш. Юха, тахана, сайца Адам а эцна вахара со, хьуна совгIат дан лууш, – меллаша, корта охьатаIийра Джалайлас.
– Баркалла, шуьшинна, юха а! Кхин, соьга ца хоттуш, цхьанхьа а ма гIолаш, – аьлла, ши кIант цIа хьажийра ас. Уггаре а деза дара суна шина дешархочо суна дина совгIат.
И класс школа чекхъяккхалц куьйгалла деш дIайигира ас. Сан хилла болу дешархой а, шайн-шайн доьзалш а болуш, бехаш бу хIинца. 35 шо хан яьлла цул тIаьхьа. ХIора шеран 7-гIа март тIекхочуш дагадогIу бераша сайна деана долу и Лайн зезагаш.
УМАРОВА Лиза
№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо