Даймехкан тешаме кIант

    Кегийрхоша хIайттаралица болх барца а, цаьргахь  алссам яхь хиларца а билгалдуьйлуш ду вайнехан къоман исторехь чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш. Царах дукхах болчарах комсомолан жигархой олура. Къемата а и стаг цкъа а комсомолехь хила дагахь вацахь а, цуьнгахь мелла а хьуьнаре болх бар тосалахь, иза комсомолан могIаршна юкъаозавора хIетахь хиллачу Iедалан дайша. Иштта комсомоле кхаьчначарах цхьаъ ву Хьалха-МартантIера Гуьчг Аюбан кIант Iела. 1914-чу шарахь дуьнен чу ваьллачу цуьнан кхиар вайн пачхьалкхехь колхозаш яхкар дIадолийначу муьрехь хилира. Ша колхозе кхочур ву аьлла цкъа а дага ца деанера цунна. ркевтквт

Советийн Iедал тIедеанчу муьрехь Нохчийчоьнан коьрта шахьар ларалуш хиллачу Хьалха-МартантIехь мачийн пхьерийн артель яра вовшахтоьхна. Къинхьегаман хьалхара гIулчаш цигахь яха волавелира Iела. Амма кхуьнан да Аюб а, нана Жасу а  1930-чу шарахь Хьалха-МартантIехь вовшахтоьхначу «Ленинан некъ» колхозе дIаязбелира. Ткъа кхиъна вогIучу кIентан кест-кеста царна балха тIехь гIо-накъосталла дан дезаш меттиг йогIура. Мел чIогIа лаарх, Iама гIертарх мачийн пхьар шех хирг цахиларх кхеттачу Iелин ойла а колхозан балха тIехь сецира. ХьаьжкIаш юьйш-ерзош йолчу тобанехь бара Iелас беш болу болх. КIант балхана дукха тIера  хиларна, 1934-чу шарахь оцу тобанна куьйгалле хIоттийра жима стаг. «Звеньевой» олура оцу даржах. Гучигов Iела куьйгалле хIоьттина дукха хан ялале, «Ленинан некъ» колхозехь тоьллачарех цхьаъ яра цуьнан Iуналлехь йолу хьаьжкIашлелорхойн тоба. 1934-чу шеран гурахь ялта чудерзоран жамIаш дина девлча, цо кхайкхам бира, комсомолан-кегийрхойн бригада вовшахтоха шен лаам хилар хоуьйтуш. Хьанал къахьоьгуш волчу жимачу стагах тийшира колхозан куьйгалхой. Цунна бакъо елира и бригада вовшахтоха. Хьалха Iелас куьйгалла дина тоба (звено) санна, хIайттаралица болх бан йолаелира хIинца хьаьжкIашлелорхойн бригада а. Бригадо къинхьегамехь боху лаккхара кхиамаш бахьанехь гIараяла юьйлира вайн турпалхочун цIе. Колхоз-м хIунда хьехайора, кIоштахь а, ерриге а Нохчийчохь а йийцайолийра, хьаналчу къинхьегамхочун цIе. Цуьнан хьуьнар, белхан кхиамаш, адамашца ийна хилар, даима велавелла-векхавелла хилар бахьанехь, эххар а ерриге Советски Союзехь евзира Гучигов Iелин цIе. Цуьнан бригадин бIаьрлачу кхиамех цецбевллачу Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалхоша социалистически йохьаллин къовсам кхайкхийра 1935-чу шарахь махкарчу комсомолан-кегирхойн бригадашна юкъахь. Оцу къовсамехь толам баьккхинарг Гучигов Iелас куьйгалла ден бригада яра. Массо а дика кхетара, и толам бригадин куьйгалхочун хьуьнар бахьанехь баьккхина хиларх. Цу замане ладоьгIча, Нохч-ГIалгIайн Республикин комсомолан куьйгалло, Iаламат доккха совгIат до Iелина къинхьегаман толам бахьанехь. Вайн махкара тоьллачу кегийрхошца Ленинграде вохуьйту иза садаIа, цигарчу хазачу меттигашка бIаьрг тохийта. Боккхачу дегаайъамца тIеоьцу Iелас и совгIат. Иза Смольне а, Зимни Двореце а, гIаттаман майдана, заводашка, фабрикашка, театрашка кхочу. Дуккха а керланиг девза Ленинградехь. Ткъа уггаре а коьртаниг, Iилманца уллора уьйр-марзо хила езарх кхета иза. Цу хенахь дIахIуттуш хиллачу керлачу заманан лехамашна, мел чIогIа лаарх, жоп далалур дацара йоза-дешарца гергарло ца хилча. Дегайовхонах кийра буьззина цIавирзира Iела. Ша болх бечу юьртабахаман хьаьттахь дешаран курсаш (ликбез) схьайиллира къоначу бригадира кIентий а, мехкарий а цхьабосса дешарна юкъаозош. Иштта-м, Гучигов Iелас колхозан арахь спортан секцеш вовшахтуьйхира. И дерриге а шеца болх бечу кегийрхойн могашалла хьакъдоллучу тIегIанехь хилийта, церан самукъадалийта, ойла тIома яккха лелош дара цуьнан. Буьрканаш, боксерийн каранаш, жIаккеш, шахматаш яра къоначу латталелорхойн хьаьттахь. Кегийрхойн садаIаран миноташ синкъераме хилийта гулйинера уьш Гучигов Iелас шайн белхан меттиге. Мехкаршна вотий-пондар нисдинера. Iаламат хаза хелха волуш вара къона ахархо. Советски заманан кегийрхойн бакъволу векал вара вайн турпалхо. Цундела дукха тамашийна а ца хета иза шен белхан накъосташна дукхавезара аьлча. Цу муьрехь Нохч-ГIалгIайн Республикехь арадуьйлуш хиллачу дерриге а  газетийн агIонашна тIехь, хьехош хилла Гучигов Iелас куьйгалла дечу кегийрхойн бригадин къинхьегаман кхиамаш. Уьш баккъал а боккхачу айъамца къахьогуш хилла, шайн хьуьнарца мохк цецбоккхуш. 1936-чу шарахь Москвахь дIаяьхьначу колхозхойн-жигархойн гуламе делегат хаьржира Гучигов Iела. СССР-н массо а маьIIера делегаташ хилла колхозхойн 1-чу гуламехь дакъалоцуш. Дукха къамелаш дина цара цигахь, яккхий Iалашонаш билгалъяьхна, герггарчу хенахь кхочуш ян. Вайн махкахочун а нисделла цигахь вист хилар. «Нохч-ГIалгIайн ахархойн цIарах ас дош ло хIора гектара тIера 100 центнер хьаьжкIаш гулъян!», –чекхдаьккхина шен къамел мартанхочо. Цо аьллачух кхаъ хилла чоь эккхийта санна, тIараш детта буьйлабелла делегаташ. Кхин цхьа  кхаъ кхаьчна вайн махка Гучигов Iелас Москварчу гуламехь дакъалоцучу деношкахь. Нохчашна юккъехь латталелорхочун хьаналчу къинхьегаман сийдар билгалдоккхуш дуьххьара орден цунна елла. «Знак почета» ю цу орденан цIе. Кремлехь Iелина орден елларг Михаил Иванович Калинин вара. Ерригсоюзан староста олуш хилла Михаил Ивановичах цу хенахь. ТIейогIучу хенахь кхин а дика къахьегар тIедожош санна, хийтира 22 шо кхаьчначу ахархочунна Москвахь шена дина деза совгIат. Даймехкан коьртачу шахьарера цIавирзича иза латталелоран Iилманан баххаш Iамо вуьйлира, цо юьртан бахам кхиорах йолу литература йоьшура, цу балха тIехь алссам зеделларг долучарах кест-кеста  дагаволуш меттиг йогIура. Юьхьанца дукха нах бацара Гучигов Iелас пачхьалкхан лаккхарчу трибунера бинчу тIелацамашна резаболуш. Юьхьарлаьцначу Iалашоне Iела кхачалург хиларх ца тешарш а кIезиг бацара. Амма 1936-чу шеран гуьйранна ялта чудерзочу муьрехь Гучигов Iелас хIора гектара тIера 100 центнер хьаьжкIаш чу-м ийцира. Цул сов, кхуьнца социалистически йохьалле бевллачу бригадираша Юсуповс, Авхадовс, Музаевс, иштта кхечара а гулйира хIора гектара тIера 100 центнер хьаьжкIаш. Ткъа кхеран белхан накъоста Бисултанов Мохьадис шена тIечIагIйинчу майданан хIора гектара тIера 117 центнер хьаьжкIаш чуийцира. Иза а Гучигов Iелех даьлла беркат лорура белхан накъосташа. Цуьнан сийлахь цIе яккхар де дийне мел долу даьржаш дIадоьдуш дара. Къона орденлелорхо цкъа Хьалха-МартантIерчу «Ленинан некъ» колхозан председатель хIоттийра. ТIаьхьо Хьалха-МартантIерчу райисполкоман председателан болх бира. Амма миччанхьа болх беш хилча а мискачу адамашна пебеттар доцуш, цаьрга ладогIа хууш, деэшначунна гIо-накъосталла дан сихлуш чекхвелира. Цунделла замано шераш дIаидорах, хIинца а виц ца велла иза юьртахошна, махкахошна.671937-чу шеран юьххьехь Советски Союзехь Лаккхарчу Совете депутаташ харжа кечамаш дIаболийра  пачхьалкхан массо а маьIIехь. Нохч-ГIалгIайн Республикин а юьстах лаьттийла дацара цу мехалчу дIадолорна. Хьем боцуш цхьана озехь билгалъелира кандидатура. Иза Гучигов Iелин кандидатура яра къоман СССР-н Лакхарчу Советехь векал хила и санна хьакъволуш стаг ца гора махкахошна цу муьрехь. Цкъа а цхьанна ца хааеллера цуьнан дош шалхадаьлла, нохчичуьнгахь товшйоцу, осалалла гайтина меттиг. Нохчаллех къилба дина вехаш стаг вара иза, мел лакхарчу дарже кхачарх, гIиллакхах вухур волуш вацара. Цундела массеран ойла цунах хьерчара. 1937-чу шеран 12-чу декабрехь дIахьош дара харжамаш бар. Нохч-ГIалгIайн Республикехь цунах мехкан дезде хилира. Массо харжамийн майданашкахь самукъане декара зевне иллеш, мехкарийн эшарш, гуш дара шовкъе хелхарш, дикане сатийсарца адамийн екхаелла яххьаш. ЦIеначу даггара I.Гучиговгахьа кхаьжнаш тесира Нохч-ГIалгIайн латта тIехь дехачу дерриге а халкъо. Муьлхха тешам бала мегар долуш, доьналла долуш стаг, майра кIант, оьзда нохчи вара Гучигов Iела. Цуьнан кийра буьзна бара ша схьаваьллачу къоме болчу безамах. Цуьнан дуьхьа, шен са, дегI ца кхоош ваца, вала кийча вара иза. Доца хиллачу шен дахарехь Даймахке безам, синъондалла, нуьцкъала амал халкъана, махкана дIагойтуш чекхвелира хьуьнаре мартанхо.

Iаламат чолхе мур бара къинхьегаман хьуьнарш Гучигов Iелас гайтинарг. Малхбузехь карзахвуьйлуш Адольф Гитлер вара. Малхбалехьа «БIов» бохуш японхой бара. Массо маьIIе сутара бIаьрг бетташ Iамаркахой бара, японхошкара Гавайн гIайренаш схьаяха сакIамделла. Цу кегабелла беанчу муьрехь, шен лаамца ЦIечу Эскарехь гIуллакх дан воьду Гучигов Iела. Цунна тамехь ца хета, сингаттаман дахкаро Даймохк хьулбинчу муьрехь цIахьIер. Цул сов, бIаьхойн боккха сий-ларам болу хан яра иза. Яхь йолу массо стаг а, зуда а кийча дара шайн хьомечу Даймахкана оьшучохь орцанца гIатта. Вайнаха цкъа а аьттехьа дуьтуш ца хилла Даймахкана ямарт хилар. Махкахь долчу Iедална муьтIахь хилар а бусалба дино важиб лоруш ду. Цундела дукха  тамашийна ца хета, яьллачу цIеран хьесапехь кхехкаш лаьттачу балхана юкъараваьлла Гучигов Iела шен лаамехь ЦIечу Эскаре гIуллакх дан вахар. Жимачохь дуьйна, цуьнан цIийца дара хала мелдерг шена тIелацар, долийнарг даима кхиамца чекхдаккхар. 1938-чу шеран гуьйранна дара иза эскаре вахча. Советски бIаьхойн могIаршка дIахIоьттина шо далале луьрачу тIеман ара кхечира. СССР-о Финляндица тIом бина хан ю иза. 1939-чу шеран ноябрь баттахь дозанца кхийсарш ян бевллера финаш. 1918-чу шеран 15-чу майхь шаьш болийначу тIамехь санна аьттонаш хиларе сатесна, питанаш сийсадора цара 1939-чу шеран гурахь а. Советийн Iедалан ницкъаш цу муьрехь эгIаза хиларна царна товчу агIор машар бина 1920-чу шеран 14-чу октябрехь дIадирзина дара и дов, Архангельски, Олонецки, Выборгски губернеш, Эстони а, Ладожски Iам, берриге а, царна буьтуш. Амма, финашна и латтанаш кIезиг хетара. Цара 1921–1922-чуй шерашкахь йира цхьацца кхийсарш. Делахь а, цу муьрехь цхьаьнцца а девне йийла лаам болуш Росси ца хиларна, гена ца долуьйтуш дIадерзийра и дов а. Амма, 1939-чу шеран ноябрь бутт дIаболабелчахьана финаша хаддаза яккхий тоьпаш еттара дозанехь. Советийн Iедало ша реза цахилар хоуьйтуш 1939-чу шеран 26-чу ноябрехь яхьийтина реза цахиларан нота (нота протеста) тергал ца еш йитира Финляндис. Шайн пачхьалкхан доза шордан лааро, сакIамдеш финаш герзаца эвхьаза бийларо, 1939-чу шеран 30-чу ноябрехь дIаболабайтира кхоалгIа фински тIом. Вайн махкахочо Гучигов Iелас цу тIамехь дакъалецира. Беа баттахь лаьттина и тIом ЦIечу Эскаран толамца дIабирзира. Хьалха дIаделла хилла латтанаш схьадехира. Оцу бIаьрлачу толаман мелла а дакъа вайн турпалчу махкахочунна кхочу.

битва гучигов

1941-чу шеран 22-чу июнехь фашистийн Германи вайн Даймахкана ямартлонца тIелатар деш малхбузерчу фронтана юкъадогIучу эскарехь гIуллакх деш вара Гучигов Iела. Цо дакъалаьцна 1941-чу шеран  7-чу ноябрехь Москварчу ЦIечу майданехь хиллачу парадехь. ТIаккха, парадехь дакъалаьцна дукхах болу бIаьхой санна, луьрачу тIеман хьаьтта дIавахана, шен са ца кхоош, Даймехкан сий лардечохь, къизачу мостагIах летта. Цигахь хилла инзаре луьра тIемаш бахьанехь дуьненна евзина цу муьрехь Москван йистошца йолу Волоколамски шоссе. Цхьанна ца хезначу кепара доьналла, майралла гайтина цу тIемашкахь ЦIечу Эскаран бIаьхоша. Цу инзаре буьрсачу, тIемашкахь дакъалаьцна ву Гучигов Iела. Дакъалацарал сов, командир гериг кхетта воьжча, яьккхинчу тапчица, дегI нисдеш ирахIоьттина, йохье бохуш, тIеман накъостий тIаьхьа а хIиттийна, мостагIчунна чуидда, чевнаш хиллачул тIаьхьа а.

Волоколамски шоссе хьахийначуьра аьлча, хьал ца хуучарна моьтту 1941-чу шеран 18-чу ноябрехь  Гусенево цIе йолчу кIотарна уллохь инарла Иван Панфилов а, цуьнан куьйгакIел висина 28 бIаьхо а буьрса кхихкинчу тIамехь мостагIчух дера леташ шайн къоначу дахарех  турпала къастар бахьанехь, вайн эскаро цигахь толам баьккхина а, цигара фашисташца долу тасадаларш дIадирзина а. Бакъдолчунна гена ду иза. Панфиловцаш  мостагIчунна юха ца бовлуш цигахь эгна хилар бакъду. Амма, цу шоссе тIехь луьра тIемаш 1941-чу шеран октябрь беттан юьххьехь дIабуьйлабелла. Юьхьанца дуьйна Гучигов Iела цу тIемашкахь дакъалоцуш хилла. Волоколамск гIала немцоша 1941-чу шеран 27-чу октябрехь дIалаьцна. Ткъа шина баттахь гергга тIемаш кхихкина Волоколамски шоссе, иза бIе чаккхарма сов, беха некъ бу. Оцу некъан бохалла Iохкуш оьрсийн шира ярташ хилла. ХIора юрт а фашисташкара, луьрачу тIемашца схьаяккха езаш хилла. Немцойн фельдмаршал Фон Бок хилла шен куьгакIел, нуьцкъалчу герзах йоьттина, 13 дивизи йолуш цигахула чугIерташ. Оцу 13 дивизех, 7 дивизи танкови хилла. ЦIечу Эскаран ницкъал ворхIазза алсам хилла немцойн салташца, техникица болу ницкъаш. Кхаа дийнахь шаьш Москва чу кхочург хиларх дегайовхо кхобуш хилла фашисташ. Амма,  церан дегайовхонаш а, сутара лаамаш хьаьшна дог майрачу ЦIечу Эскаран бIаьхоша. Инарлашна Константин Рокоссовскийна, Семен Тимошенкина тIедиллина Волоколамски шоссе тIехь  тIемаш бечу эскаршна куьйгалла дар а, мостагI Даймехкан коьртачу шахьаре ца кхачийтар а. Инарла-лейтенанта Рокоссовскийс куьйгалла дечу малхбузерчу фронтана юкъадогIуш дара 16-гIа эскар. Цу эскарна юкъадогIуш дара Гучигов Iелас гIуллакх до дакъош а. Клин, Солнечногорск гIалийн йистошца тIемаш беш хилла и дакъош. Вайна оьрсийн иллешкахь юьйцуш хезна Крюково а цу могIарехь Iуьллуш ю. 16-чу эскаро Волоколамски шоссехь тIемаш бина яртийн цIерш кхидIа а ягаръян  мегар ду: Пешки, Никольски, Львово иштта кхидIа а. Къаьсттина луьра тIемаш хилла Скирданово цIе йолчу юьртахь. Гучиговна оцу тIемашкахь вевзина инарла-лейтенант Рокоссовский. Цигахь чевнаш йина Iелина. Амма къарвелла, юха-м ца ваьлла иза. ЦIечу Эскаран толамца 1941-чу шеран 20-чу декабрехь дIабирзина Волоколамское шоссе тIехь бина тIом. Делахь а, и луьра тIом чекхбала а, шайн бенахь фашистийн доь дайа дисина кхин а 1206 де-буьйса дара. Вайн турпалчу махкахочо кхидIа а бан безаш  къизаллех, кхерамах буьззина, Iаламат беха некъ бара.вкривки

1942-чу шеран 13-чу июлехь малхбузерчу фронтана куьйгалле инарла-лейтенант Иван Баграмян хIоттийра.  Москва чукхача йолу Iалашо ца юьтуш, дера тIелатарш деш бара фашисташ. Кхаа агIор: Калуга, Брянск, Тула йолчухьара чугIерташ бара уьш.  МостагIчунна дуьхьал лаьтташ дара Гучигов Iела юкъахь волу 11-гIа эскар. 16-чу эскарх бухабисинчу бIаьхошна тIе керла бIаьхой тухуш, вовшахтоьхна дара 11-гIа эскар. ХIинца «Гвардейски» аьлла цIе тиллинера цунна. Баграмяна 11-чу эскаран штабан комендант хIоттийра вайн махкахо. Луьра кхехкачу тIемашкахь цуьнан бIаьхаллин хьуьнарш, само, жоьпалла евзинчух тера дара инарлина. Ткъа тIеман арахь, уггаре а хьалха, оьшург низам а, жоьпалла а ду. Уьш Гучигов Iелехь долуш дара. Iаламат хала хан яра иза. Буьрса кхехкаш тIом хиларал сов, тIеман гIирсаш беш йолу заводаш кхерам боцучу метте дехьаяхар бахьанехь, церан белхан раж цкъачунна йоьхнера, цундела  герз а ца тоьара. Кавказехь, Сталинградехь, Дон хи тIехь дIабоьлхуш луьра тIемаш бара. Амма шайна мел хала хиллехь а, ЦIечу Эскаран бIаьхоша мостагI Москвана аьттехьа-м ца витира. Жиздра цIе йолчу хи тIе гIерташ дара Гучигов Iела юкъахь волу эскар. Инарла Рокоссовскийс дIайолийна операци яра иза. Делахь а, чевнаш хилар  бахьанехь, иза госпитале дIа а хьажийна, хIоттийна вара Баграмян цуьнан метта. Дуьйцийла йоццуш нуьцкъала дуьхьало йора фашисташа. Уьш дика кхетара Жиздра хи тIе кхачахь, советийн эскаршна Брянск гIала кхача дукха ницкъ оьшург цахиларх. 1943-чу шеран 16 августехь ЦIечу Эскаран бIаьхой Жиздра хинан бердашца дIахIиттира. Сентябрь беттан хьалхарчу деношкахь 11-гIа эскар Брянски областан латта тIехь дара. Ткъа 1943-чу шеран 17-чу сентябрехь Брянск ерриге а къизачу мостагIах дIацIанйира. Цу толамна юкъахь вайн махкахочун дакъа а дара. Цунна къеггина тоьшалла до вайнах Кавказе цIабирзинчул тIаьхьа, инарла Баграмяна Iелин кIанте Ахьмаде дахкийтинчу кехаташа. И кехаташ цхьаъ-шиъ хилла Iаш дац. ТIахьо Советски Союзан маршал хилла волчу Баграмян Христофора воккхаверца яздо майрачу бIаьхочух Гучигов Iелех  лаьцна. Цунна Iаламат мехала хета буьрсачу тIеман чолхечу муьрехь вайн махкахо шена вевзина хилла, цуьнца гергарло ша лелийна хилла. И кехаташ хIинца а Iелин кIентан кIантехь Гучигов Асланехь долуш ду, цо хIайкал санна, Iалашдеш ду. Ткъа Гучигов Iелас кхидIа а бина тIемаш. 1945-чу шеран 9-чу майхь массарел хьалха Кёнигсберге кхаьчначарна юкъахь хилла Гучигов Iела. Дуьненна хууш ду и тIаьххьара тIемаш къаьсттина луьра хиллий. Кхаа дийнахь кхихкинчу цу тIамехь вайн  бIаьхойх 3 700 стаг воьжна. Немцойн агIор вийнарг 42 эзар стаг вара. Йийсаре балийна немцой 92 эзаре хьалакхочуш бара. ХIинца-м Кёнигсбергах Калининград хилла. Ткъа 1945-чу шеран май баттахь майор Гучигов Iела Кёнигсберган комендант хIоттийра. Делахь а, масех де даьлча Москвахь дIахиъна нохчи комендант хIоттавар. Цундела, хийца дийзира хьаькам, керла комендант хIоттош. Нохчашкахь даржаш дуьту зама яцара иза. Малхбузерчу фронтан куьйгалхоша лахарчу чинера дуьйна тIамехь хьуьнар, доьналла, майралла гойтуш майоран чине кхаьчначу Гучигов Iелин кехаташ шозза Москва дахьийтира Кремлерчу хьаькамашка цунна Советски Союзан Турпалхочун цIе  ялар доьхуш. Амма и совгIат ган доьгIна ца хиллера цунна. Цунна еллачу орденашна, мидалшна юкъахь ю Даймехкан тIеман 1-чу а, 2-чу даржан тIеман ЦIечу байракхан (кхоъ) орденш, «За оброну Москвы», «За взятие Кенигсберга», «За победу над Германией» мидалш. ТIом чекхбаьлча вайнехан къомах болчу кхечу бIаьхойн санна, шен гергарнаш, верасаш леха дийзира Гучигов Iелин. Уьш Казахстанехь карийра цунна. Иза а боккха Делан къинхетам бу, могаш-маьрша верасаш схьакарор. Казахстанехь белхаш бира тIеман турпалхочо. Дай баьхначу махках бIаьрг тоххал ирс долуш стаг а хиллера Гучигов Iела. Амма, гиначу халонаша, Iаьвшинчу харцонаша гIелдина, яхь йолчу стеган, майра дог, кхидIа деттадала ницкъ болуш-м ца хилира. 1957-чу шеран 29-чу сентябрехь Хьалха-МартантIехь дIавелира Гуьчг Аюбан кIант Iела. Хьалха-МартантIерчу гендаргнойн кешнашкахь дIавоьллина ву иза. Дала гечдойла цунна! Халкъан дуьхьа ваьхна, ваьцна стаг ву иза, нохчийн къоман цIе южун йолу цхьа а хIума шегара ца долуьйтуш, чолхечу дахарехула оьзда чекхваьлла ву. Вайнехан яхь, юьхь, лазам, дозалла ду иштта кIетий. Церан сийлахь цIерш даима иэсехь латто Дала хьекъал, доьналла лойла вайна!

А.ГАЗИЕВА 

№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: