Шемарчу «Джабхат-ан-Нусра» террористически организацин гIеранаша даккхий герзаш диттина Алеппо шахьарарчу курдийн цIеношна. И бахьанехь кхелхинарш а, чевнаш хилларш а бу.
***
Герзаш деттар сацоран а, машар баран а хьокъехь бина сацам, дуьззина схьаэцча, Шемахь кхочушбеш белахь а, «Иблисан пачхьалкхан» террористаша 34 меттехь герзаш диттина хилар гучудаьлла.
***
ООН-н Кхерамазаллин совето тIеэцна КНДР-на дуьхьал йина санкцеш кхин а чIагIъяран хьокъехь йолу резолюци. Цуьнга хьаьжна доцуш юха а «тIемаш долу» ракеташ тоьхна КНДР-о Японин хIорда чу.
***
Мехкадаьттан мах тIаьхьарчу деношкахь дикка лакхабаьлла. Баррелан мах 35 долларе кхаьчна. ХIара шо доладелчахьана оцу мехе хьаладаьлла дацара мехкадаьтта.
***
Кхана Iийча, 7-чу мартехь, дIахьур ю «Еросоюз–Хонкара» аьлла цIе тоьхна йолу саммит. Цигахь дийцаре дийр ду мигранташца доьзна долу дерриге а гIуллакхаш.
***
Шайн эскаршкахь реформаш яран гIуллакха тIехь НАТО-га гIо-накъосталла деха дагахь ду Молдован куьйгалла.
***
ТIаьхьарчу деношкахь дикка алсамдаьлла Украинин Iедалан эскарша Донецкана герзаш деттар. Оцу республикин оборонан министерствехь бечу хаамашца Украинин эскарша 150-зза герзаш диттина.
***
Украинехь 1-чу мартехь дуьйна электроэнергин мах 25 процентана тIекхетта. Цунна реза цахилар хаало бахархойн къамелашкахь.
***
Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира ГIиргIизойн Президентаца А.Атамбаевца. Цара дийцаре дира махлелоран-экономикин декъехь цхьаьнагIуллакхаш дар шордаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
В.Путина а, А.Лукашенкос а 85 шо кхачарца декъалвира СССР-н президент хилла волу М.Горбачев.
***
Россин Премьер-министр Д.Медведев цхьаьнакхийтира федеральни антимонопольни службин куьйгалхочуьнца И.Артемьевца.
***
Пензенски областехь некъан-транспортан бохам хилла. Беларусера йогIучу йоккхачу машенна тIекхетта микроавтобус. Цигахь 9 стаг кхелхина. Уьш берриге а микроавтобусан пассажираш бу.
***
Доккха ло диллар бахьана долуш Москварчу аэропорташкахь 100 сов рейс юкъахъяккха дезна.
№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо