Нохчийчохь – Президентан библиотекин регионан туш

Вайн мехкан Президентан библиотекин портала тIехь «Къилбаседа Кавказан карти тIехь – Нохчийчоь» аьлла йолу электронни йоккха гулар схьайиллина. Цу юкъахь вовшахтоьхна тайп-тайпанчу муьрашкахь Нохчийн Республикин латтанаш, нах Iаш болу меттигаш кхиаран а, нохчийн халкъан а, историн а керла агIонаш  гойту официальни кехаташ, терахьашка баьхна талламаш, очеркаш, архивийн тептарш, аудиозаписаш, иштта кхийолу материалаш а.IMG_6637

Цуьнца доьзна, кху деношкахь, Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Президентан библиотекин регионан туш схьайиллина. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Тагиев Мурата, Президентан библиотекин генеральни директора Вершинин Александра, Нохчийн Республикин яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас.

Цу гIуллакхана хьалхе дуьйна дукха кечамаш бинера. 2013-чу шеран 24-чу октябрехь Р.Кадыровс а, А.Вершинина а куьйгаш яздеш, Президентан библиотеко а, Нохчийн Республикин Къоман библиотеко а цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь бина барт бара. Билгалъяьккхина йолу регионан туш схьаеллар бахьанехь Къоман библиотекин ешархойн архивийн кехатех а, Россин пачхьалкхан исторехула а, бакъонан теорехула а, оьрсийн маттехула а электронни кепехь йолчу изданийн 420 эзар материалех а, эзарнашкахь суьртийн а, кинохроникин  архивех а пайдаэца таро хир ю.

«Президентан библиотекин электронни фондехь Нохчийчоьнна лерина гулар схьаеллар а, и гIуллакх дIадолорехь Къилбаседа Кавказехь тхо хьалхара хилар а тхуна доккха совгIат ду. Оха, культурин министерствон цIарах а, библиотекийн белхахойн а, ешархойн а цIарах а даггара баркалла боху, уггаре хьалха, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна а, цул тIаьхьа, Президентан библиотекин а, республикин Къоман библиотекин а куьйгалхошна», – элира Дааев Хож-Баудис.

Цхьаьнакхетар дерзош, Ибрагимов Кантас академикан П.Захаровн цIарах мидал а, иштта кхидолу мехала совгIаташ а делира Вершинин Александрана. Цул сов, шен книгаш Президентан библиотекин электронни фондехь хилийта бакъо а елира яздархочо.

Билгалдаккха лаьа, Президентан библиотекехь схьайиллинчу электронни гуларехь йолчу книгашкахь (масала, 1880-чу шеран «Россин халкъаш. Нохчий.» аьлла этнографин очеркашкахь) нохчийн халкъан амалех лаьцна дуккха а хIума довза йиш ю, масала: гIиллакхе хилар, лела хаар, нохчийн амал къастош йолу билгало хилар, и.дI.кх. Башха ду тIемаша дахчийначу нохчийн къоман дахар гойтуш долу туьйранаш а. Зударийн васташ – гуттар а шолгIачу меттехь хуьлу, церан дакъа – ийманехь а, шайн цIийнан божаршна муьтIахь а хилар.IMG_6700

Н.Семеновн 1880-чу шарерчу «Нохчийн туьйранаш а, шира дийцарш а» аьллачу книгин электронни кепехь нохчийн халкъ кхолладаларх а, халкъан дахарехь «ден цIе», «тайпа» бохучу мехаллаша лелочу маьIнех а хаза дийцарш ду. Иштта кхин дуккха а мехала книгаш ю вай билгалъяьккхинчу электронни гуларехь.

Нохчийчоьнах лаьцна йолчу оцу гуларо хьакъ йоллу меттиг дIалаьцна Президентан библиотекин электронни фондехь. ХIинцачул тIаьхьа Нохчийн Республикин берриге а бахархойн пайдаэца таро хир ю цунах.

 

А.СУЛИМАНОВА

М.САДУЛАЕВН суьрташ

№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: