Кху деношкахь Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь тоьллачарех цхьаъ долу «Беркат» хьешацIа схьаделларца доьзна даздарш дIадаьхьира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Соьлжа-ГIалин къедас Хийтанаев Мохьмада.
Шен къамел дIадолош Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира: «Вайн республика де-дийне мел дели а кхуьуш, хазлуш йогIуш ю. ХIора денна вай долчу хьошалгIа богIу кхечу регионашкара баьхкина ца Iаш, дозанал арахьара а хьеший, цундела оьшуш ду кху тайпана хьешацIа. Муьлхха а мероприяти хилча, арахьара тIевеана хьаша чувига хIара санна хьешацIа хилар вайна массарна а юьхькIам бу. Вайн республикехь бизнес кхион оьшу вайна хьешацIа а, офисаш а, иштта кхиерг а».
Иштта, цо дагадаийтира: «Ахмат Аренна» гена доццуш деш ду хьешацIа а, махлелоран-самукъадаларан комплекс а. Цул сов, хIора дийнахь ян йолош керла гIишлош ю. Масала, тахана вайн Соьлжа-ГIалахь ян йолийна 41 гIишло ю, иза суна боккха кхиам хета», – бохура цо. Шен къамел дерзош Р.Кадыровс даггара баркалла элира «Беркат» хьешацIа деш дакъа лаьцначарна массарна а.
Цул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, Соьлжа-ГIалин къедас Хийтанаев Мохьмада хIара гIишло беркате хилийтар доьхуш, Нохчийчохь барт, машар хилийтар доьхуш доIа дира.
Нохчийн Республикин Куьйалхочо Кадыров Рамзана цIен аса хадийра кхо седа болу хьешацIа схьадоьллуш. Цул тIаьхьа цу чу бIаьргтоха бахара уьш.
Ала догIу, «Беркат» хьешацIа дан долийна 7 бутт бен хан яцара. Цу тIехь къахьегна «Чеченстрой» оргонизацис. «Беркат» хьешацIийнан 6 гIат ду, 74 номер ю, 17 люкс, 5 делюкс а. Цул сов, ресторан а, конференц-зал а ю.
М.КАНТАЕВ
№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо