Кхечу мехкашкара инвестицеш юкъаялор ю

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира республикин Правительствон Председателан заместительца Хакимов Хьасанца. Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Нохчийчоьнан экономика кхиорна арахьара инвестицеш юкъаозоран гIуллакхаш.Снимокцуа

Хь.Хакимовс дийцира Iаьрбийн мехкашкара компанеш вайн регионехь тайп-тайпана проекташ кхочушъян лууш хиларх а, вайца цхьаьна гIуллакхашдан Iалашо йолуш  хиларх а.

«Катаран а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а, СаIудин Аравин а компанеша вайн республикехь инвестицийн проекташ кхочушъян шайна къаьсттина лууш хилар гойту. Оцу мехкашца дика зIенаш тасаелла вайн. Масала, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара компанеш вайн республикехь хьешацIенойн  комплекс а, дуьненаюкъара университет а ярехь, жимачу а, юккъерчу а бизнесна гIо даран  Фонд кхолларехь  дакъалоцуш ю. Билгалъяьккхина  ВУЗ кху шеран чаккхенехь схьелла лерина ду. Катаран паччахьца хьо цхьаьнакхеттачул тIаьхьа, цу махка а дахана, цхьацца цхьаьнакхетарш дIадаьхьна оха. Вай долчохь яккхий проекташ кхочушъян лууш бу уьш, царна юкъахь ю аэропорт а, цементан завод а. Цул сов, СаIудин Аравера кхача езачу делегацига хьоьжуш ду тхо. Регионехь кхочушъеш йолу инвестицийн проекташ йовза а, вайн экономикина шайн дакъа юкъадилла а дагахь бу уьш. Цул тIаьхьа, белхан гIуллакхашца тхо а гIур ду церан пачхьалкхе», – дийцира вице-премьера.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира инвесторшна массо кепара терго ян а, гIо-накъосталла дан а дезаш хилар. Иштта, и гIуллакх даима  а лерринчу тидамехь латтор тIедиллира республикин Куьйгалхочо. Цо дийцарехь, Нохчийн Республикин экономикина керла инвестицеш юкъаозор алсамдаларе а, яккхий объекташ яре а хьаьжжина, корматалла йолу говзанчаш кечбарна а ойла ян еза.

«Инвестицийн декъехь йолу вайн республикин аьхналла лакхайолуш хилар чIогIа хазахета. Вайна гуш ду кхузахь болх бан, проекташ кхочушъян луучу инвесторийн географи шорлуш хилар, цара вайн экономикехь лоцуш долу  дакъа (бизнес я проект йолорна тIехьовсадо ахчанаш) алсамдолуш хилар. Ахь ма-аллара, Iаьрбийн мехкашкарчу инвесторша къаьсттина терго йо Нохчийчохь долчу хьолан. Республикин лаккхара таронаш хилар а, кхузахь бизнес лелорна вуно дика хьелаш кхоьллина хилар а хууш бу уьш. Вайн Iалашо ю  царна вайца болх бан ма-хуьллу атта а, дика а хилийта ницкъ мел кхочург дар. Республикин экономикина юкъаялош йолу инвестицеш алсамйовлуш хилар тидаме а эцна тахана дуьйна говзанчаш кечбарехь болх бан беза вай», – элира Р.Кадыровс.

А.ВАХАЕВА

№25, шот, бекарг (март) беттан 5-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: