БIаьстенан ноктюрн

IMG_3416

Зударийн Дуьненаюкъарчу денна лерина А-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь 3-чу мартехь схьабиллина художникийн Дадакаева Элитин а, Роенко Татьянин а суьртийн гайтам. (Роенкон шен яр ца нисделла).

Гайтам схьабоьллуш дакъалецира вайн республикерчу художникаша, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан изобразительни искусствон факультетан хьехархоша, студенташа. Царна юкъахь яра  университетан изобразительни искусствон факультетан декан Базаева Фатима, кафедран заведующи Юсупхаджиева Татьяна, художникаш Даудова Фатима, Закриев Мохьмад, Сапаров Iела, Пашаев Абу, Алхазов Ризван, Хатуев ИсмаьIил, и.дI кх.

Гайтам схьабиллира галерейн директора  Исраилов Iумар-Асхьаба. Хьовсархойн кхиэле диллина  40 сурт ду. Дадакаева Элитас хIора шарахь кечам бо зударийн денна. Иза Россин художникийн союзан декъашхо ю. Тайп-тайпанчу жанрашкахь къахьоьгуш ю: портрет, натюрморт, живопись, пейзаж. ХIора шарахь дакъалоцу цо Дуьненаюкъарчу а, Ерригроссерчу а гайтамашкахь.

IMG_3413

ГIобанерчу (Кубанерчу) Роенко Татьяница гергарло долу дукха шераш ду нохчийн художницин. Оьрсийн ламастехь догIуш ма-хиллара, пейзажни живопись жанрехь суьрташ дохку цо. Суьрташ хазаллина дехкина ца Iаш, Элитас а, Татьянас а шайн белхашкахь адам, Iалам Iалашдарехьа кхойкху, Iалам бехдарца адамо ша хIаллакдаре дуьгуш хилар гойтуш. Дадакаева Элитас адамийн Iер-дахаран хазачу мIаьргонех лоций дохку хаза суьрташ. Масала, «Бабин уьйтIахь» суьрта тIехь «нохчийн» олу яккхий котамаш ю дечиг ламина гуонаха гулъелла кIен буьртигаш лехьош.

«Хьонкин мур» суьрта тIехь хьонка  цIанбеш зуда ю бога дуьззина болчу хьонкин «мачаш» дIайохуш Iаш. Ткъа хIара рогIера гайтам дукхахберг зударшна дукхадезачу зезагийн суьртехь бу.IMG-20160304-WA0005

Шатайпа хаза ду Элитин а, Татьянин  а суьрташ. БIаьргашна, синна аьхна басарш ду суьрташкахь. БIаьстенан, цIеналлин чам хаало цаьрца. Зударшна дукхадеза зезагаш зударийн бIаьргашна ма-гарра дехкина шина а автора. Гайтам март бутт чекхбаллалц латтор бу.

 

З.ХИЗИРОВА

Суьрташ тIехь: Э.Дадакаева, цуьнан суьрташ

№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: