Нана (монолог)

                                                                                                                                                                             Ахмадов Муса

Со ю нохчийн нана, йиша, йоI.

Со ю иза — генарчу махка вахана шен хIусамда

цIаваре хьоьжуш, цунна тешаме хилла,

цкъа ша кхерчахь латийна цIе, шовзткъе итт шарахь

дIа ца йойтуш, ягийна йолу нохчийн хIусамнана.

Со ю иза – Дади-Юрт йоккхуш, юьртахойн дегнаш ира-кара хIиттош,

маьждиган майданахь шовкъе хелхар дина Дадин Айбика,

тIеман къизаллина къера ца хуьлуш, хазалле,

дахаре кхевдина Дадин Айбика.

МостагIаша йийсаре йина, Теркал дехьа йоккхуш,

шайн дахарал а сий лакхара хетта, Терка чу а иккхина,

хIаллакьхиллачу шовзткъа йоIах цхьаъ ю со…

Казахстанан есачу арахь, бераш мацалле, шелоне хIаллак ца дайта гIерташ,

цаьрга Делан диканах дог ца диллийта, яй чохь пхьор ду бохуш,

тIулгаш кхехкийна нохчийн нана ю со.

Со ю иза — Дуьненан шолгIачу тIаме бахначу шен вежаршка сатуьйсуш,

шен ден хIусаман сий, яхь ларъеш, къена къанъяллалц яьхна цхьалха йиша а.

Со ю иза — массо а дуьхьало эшош, шен Iалашоне кхаьчна,

кеманца стигланаш толлуш, дуьненна а шен къоман хьуьнар дIагайтина

йолу Насуханова Ляля а.

Тахана нохчийн хIусамашкахь йолу дахаран цIе тIеман къизачу дорце

дIа ца яйъийта гIерташ, шен бераш, хIусамда, вежарий шийлачу герзах

ларбан гIерташ, кIайн олхазар хилла, ши тIам нохчийн махка тIехула баржийна,

и кIелхьарабаккха гIерташ хьийза нохчийн зуда а со ю…

Со ю, тIепаза байнарш лоьхуш, тайп-тайпанчу хьаькамийн

къарделлачу дегнийн наьIарш етташ, Россин шийлачу гIаланашкахула леларг а.

Денна а хIаллакьхуьлучу вайнахана йоьлхуш, доIанца Деле уьш боьхуш,

сингаттам совбьлла леларг а со ю.

Тахана, кIайн олхазар хилла, ворхIе стигланал а лекха яьлла,

ас дуьнене, мохь бетташ, боху:

«Орцахдовла! КIелхьараяккха Нохчийчоь!»

Ас дуьненан къонахийн когашка тосу сайн кIайн йовлакх,

тIом сацабе бохучу дехарца.

Сий дейша, хIай дуьненан къонахий, хIокху нохчийн ненан йовлакхан!…

 

№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: