2016-чу шеран бекарг (март) беттан 3-чу дийнахь дукха адам дара Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран цIарах йолчу къоман библиотекехь. Вайн махкахь вевзаш волчу Iилманчас, экономически Iилманийн кандидата Окунчаев Шерипа язйина «Месть по иронии» книга йовзийтар дара цигахь дIахьош. 2000-чу шеран чиллан (февраль) беттан 5-чу дийнахь Соьлжа-ГIали йисттехь Iуьллучу Алды поселкехь хиллачу бохамна тIера дIаволалой, генна, Россин цхьана маьIIехь йолчу гIала кхочу яздархо шен турпалхойн чолхе дахар довзуьйтуш. Нийсоне, дикане, къинхетаме кхойкхуш, къаьмнашна юкъара доттагIалла чIагIдаре кхойкхуш ю книга. Иза оьрсийн маттахь язйина ю, делахь а еша, кхета атта ю. Иза авторан говзалла ю, цунна ша дуьйцург хIун ду хаар а, хиллачо цуьнан дог Iовжийна хилар а ду. Амма ша лаккхарчу корматаллица язйиначу книгица Окунчаев Шерип цхьа а бекхам баре кхойкхуш вац. Цо лоьхург адамалла ю, ткъа муьлхха тIом иза акхаралла ю. Книгех лаьцна шайна хетарг олуш бистхилира яздархой Э.Мамакаев, I.Ирисханов I. С.Такалашев, Курчалойн кIоштара депутатийн кхеташонан председателан заместитель Д.Эльбиев, экономически Iилманийн доктор, профессор А.Автурханов, иштта дуккха а кхиберш. Цара билгалдаьккхира «Месть по иронии» книга араялар халкъана, махкана доккха совгIат хилар. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Алдахь хилларг карладоккхуш алссам суьрташ ду книги тIехь. Цара книгин мехалла лакхайоккху, цунах документаш тIехь хIоттийна тептар деш. Делахь а «Месть по иронии» исбаьхьаллин говзар ю. Иза ешаро вайна дукха хIума карладоккхур ду.
А.ГАЗИЕВА
№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо