дукха хан йоццуш дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула 1999–2001-чуй шерашкарчу кхиазхошлахь республикехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Соьлжа-ГIаларчу, Шелан, Теркан, Хьалха-Мартан, Курчалойн, Гуьмсан, ТIехьа-Мартан, Нажи-Юьртан, Грозненски районашкарчу берийн-кхиазхойн спортан школийн спортсменаш.
Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой. Уьш бара: Шелан районера Исламов Муслим (42 кг.), Борзаев Шоип (46 кг.), Курчалойн районера Эпендиев Бекхан (54 кг.), Дохтукаев Зеламха (58 кг.), ТIехьа-Мартан районера Масаев Эльбек (63 кг.), Курчалойн районера Яхиев Халид (69 кг.), Гуьмсан районера Бисултанов Байбулат (76 кг.), Хьалха-Мартан районера Анзоров Хьамзат (85 кг), Гуьмсан районера Джабаев Арсен (100 кг.), Теркан районера Алимсултанов Адам (120 кг.).
Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: А.Исламов, С.Таймасханов, С.Борзаев, Р.Банаев, Х.Гарасиев, М.Алиев, А.Тимаев, У.Бацаев, С.Эпендиев.
З.ШИШХАНОВА
№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо