Поэзин маьIиг

Хатуев Iaбдул-Хьамид

Ненан аз

Цхьаъ ваха барт тухуш,

Човхийна нана

ГIийлачу пекъарна

Чекхдоккхуш ов.

Ткъа лерехь декаш ду:

— Сан дашо маргIал,

Некъ дика хуьлда хьан,

Ирс хуьлда сов.

 

Дикане кхачаза

Вирзина и цIехьа,

Яьржиначу ойланийн

Бадийна пал.

Ненан аз юха а

КIантана диэхьа:

— Нанина диса хьо,

Дашо маргIал.

 

Сулейманов Ахьмад

Батто сагатдо

Орцан дукъах дато маIаш

Туьйсуш, батто сагатдо…

ЦIестан кIудал нохчийн йоIа

Шовдана кIел сецайо.

 

Хета, баттах схьадухдуьйлуш,

КIудал юзу шовдано.

Нур-зIаьнаршца безам муьйлу,

ЙоIах хьерчаш, цу батто.

 

КIудал юьзна… Iанаоьху

БIаьрхих тера дато хиш.

Ткъа, йоI гича, дог а лехий,

Нохчийн кIанта лоькху йиш:

 

– ЙоI, хин чами кховдабехьа,

Чохь беттан нур даржадай!

Ткъа беттан нур ца лахь айхьа,

БIаьргийн нур ло суна хьайн!

 

Маржа! ХIинца доцу кема

Ткъесах гIатта космосе!..

Маршал хатта, даржош тIемаш,

Хьол генарчу седане!

 

Лоцур дар-кха стелахаьштиг

Стиглахь кхарсто сийна цIе.

Стиглан дари цIарца дагош,

Хьан цIе язъян цунна тIе!

 

ЙоI, хин чами кховдабехьа,

Чохь беттан нур даржадай!

Ткъа беттан нур ца лахь айхьа,

БIаьргийн нур ло суна хьайн!

 

Мамакаев Iарби 

ХIумма а дац

Вилхира, вийлира

Со хIетахь дуьйна,

Хьо сайна евзинчу

Дийнахь

Сан кийрахь

Летта цIе ца шеллуш –

Дог карзахдуьйлуш,

Ас хьан мел ойла йо

ХIинца а хийла!

 

ХIумма дац,

Бехк а бац

Ас хьуна билла, –

Со саннарг мас хир ву

Къеначу лаьттахь,

ХIара дуьне дезначу

Соьца хьо хилахь –

Ца везна со лоруш

Безначийн хьаьттахь.

 

Ца везарх хIума дац,

Ме елахь гамуо,

Езачо дегабаам

Атта бо хьуна,

Бакъ хила гIорталахь,

Ца езаш харцо,

Дог ирча,

ДегI хаза

Товш а дац хьуна! –

 

Гайтукаева Бана

Нене

Дуьненна латтаян серло цу малхана,

Алийша, мичара даьлла-те нур?

Нана, хьо кхоьлина схьагича селхана,

Мархаша хьулдича дIа маьлхан нур,

Кхийтира со хиларх цу маьлхан серлонца,

Хьомечу хьан бIаьргийн нур,

Хьомечу хьан бIаьргийн нур.

БIаьрхиш а мичара девлла-те мархашна?

Стигалан узарша уьш чехайо.

Сан нана, хьо йоьлхуш схьагича селхана,

Доьзалан гIалато дог лазадо,

Кхийтира со хиларх цу мархийн бIаьрхишца,

Тийшира со хиларх цу мархийн бIаьрхишца

Нана, хьан гIайгIане хиш.

Нана, хьан гIайгIане хиш.

 

 

Маржа яI

Маржа яI, белар-кха вайн наной кхоьллина

Дуьнен чохь даима баха,

Седарчий довр дар-кха, батто йиш хьовзийна,

Латтана, бохь бугIуш, хелха.

Дей, буьйсий, вовшашлахь кхин хийцамаш боцуш,

Лаьтта тIехь хир дар-кха сирла,

Цхьаммо а дог лезна хиш ледор доцуш, –

Сахьийзош къастаро хьомечу нанна, шийла

Аьхкенца бIаьсте а, бIаьстенца гуьйре а,

Гуьйренан, Iаьн хийцам боцуш,

ПетIамат хир дар-кха, ца къастош суьйре а,

Даггара вайна йиш лоькхуш.

Маржа яI, белхьара вайн наной кхоьллина

Дуьнен чохь даима баха,

Дегнаш ца дагадеш къастаран халоно,

Дахарехь хир яр-кха бIаьсте.

Маржа яI, белар-кха вайн наной кхоьллина

Дахарехь даима баха!…

 

Абдулаев Леча

Хьуна моьтту хир ду, нана,

Хьо дIаяьлча, дуьне доьхна,

Хьох йисинчу уьйтIахь, кертахь

ДIатуьйш доцу догIа доьлху.

 

Моьтту хир ду, са ца хуьлу,

Малх дIабузий, са ца дов а,

Хьо тIехь йоцу цIе а, кхерч а

Пхьуьйра ханна кхин ца тов а.

 

ХIан-хIа, нана, хийцам боцуш,

Хьо дIаяларх-м, дуьне лаьтта.

Шен рагI еъча, Iа а дулу,

БIаьсте йолу хIокху лаьттахь.

 

Хийцам боцчу кху дуьненахь

Цхьаъ ду керла — цу хьан кIентан,

Нана йоцуш хила Iемаш,

Хала когаваха гIертар.

 

№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: