Март беттан 8-чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескитахь гоьваьллачу нохчийн яздархочун Айдамиров Абузаран доьзалехь дуьнен чу яьлла Айдамирова Машар, нохчийн яздархо, юкъараллин гIуллакххо, «Аганан илли алахьа», «Ехачу буьйсанийн зама», «Лаьмнийн хIайкал» книгийн автор.
Зударийн дуьненаюкъарчу дийнахь Хьалха-МартантIехь йина ю Айдамирова Аймани, нохчийн гIараяьлла евзаш йолу эшаршлакхархо, къоначу артистийн хьехархо, А.Кадыровн цIарахчу орденан кавалер, Россин Федерацин хьакъйолу артистка, Нохчийн а, ГIалгIайн а Республикийн халкъан артистка.
«Даймохк» газетан редакцин коллективо йинчу денца декъалйо Машар а, Аймани а.
Даггара лаьа, дахарехь шаьш сатуьйсу диканаш шуьшинна хуьлийла, шун хIусамашкахь барт, беркат, токхо лаьттийла!
«Даймохк» газетан редакцин коллектив
№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо