Газиева Аза – журналист
Журналистан Газиева Азин цIе ца евзаш стаг наггахь хир вац Нохчийчохь. 1977-чу шарахь дуьйна нохчийн журналистикехь беркате къахьоьгуш схьайогIу иза. 1990-чу шарахь «Даймохк» газете балха кхайкхира Аза. Цуьнан агIонаш тIехь зорбане юьйлучу материалаша шуьйра йовзар а деара. Коьртачу декъана театран, литературин, искусствон гIуллакхашна а, адамийн вовшашца, Iедалца йолчу юкъаметтигашна а лерина статьяш къаьстара шайн чулацам кIорге хиларца, хьал ма-дарра довзийтарца, муттанечу маттаца.
2003-чу шарахь дуьйна итт шарахь гергга Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан отделан куьйгалхо йолуш болх бо А.Газиевас. Оцу шерашкахь а, цул тIаьхьа «Даймохк» телевиденехь йолуш а цо шен кхоллараллин ницкъ тIехьажийнарг дара тIекхуьучу чкъуран нохчийн матте безам кхиор, нохчийн литературина, искусствона шуьйра пропаганда яр. Республикин цхьа а кIошт ца йисина яздархойн, культурин гIуллакххойн тобанашца иза ца кхочуш. Литературица гергарло долчарна дагахь йисна Зорбанан цIийнехь цо вовшахйиттина литературин суьйренаш.
Журналистан кхоллараллин дахарехь беркате хилира 2015-гIа шо. Шеран юьххьехь цо арахийцира нохчийн гоьбевллачу зударех лаьцначу очеркийн «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» цIе йолу гулар, ткъа шо чекхдолуш – «Дешан бIаьхой» очеркийн книга. ТIеман хиламашкахь вайх дIакъаьстинчу журналисташна лерина йолу иза доккха совгIат ду журналистийн юкъараллина а, кхелхинчийн йиша-вешина а.
Тахана а нохчийн журналистикин хьаьрмахь кхоллараллин шовкъаца къахьоьгуш ю Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.
Хасбулатова Зулай – Iилманийн доктор
Газетан 14-чу номерехь («Даймохк», февраль беттан 9-гIа де, 2016-гIа шо) «Шайн хааршца кханене некъ буьллурш» статьяхь нохчийн къомах болчу Iилманчийн цIерш язъеш, Хасбулатова Зулайн цIе ца язйина. Иза гIалат дац. ХIетахь Зулай Iилманийн доктор яцара, амма цул тIаьхьа кIира а далале, 15-чу февралехь, М.Ломоносовн цIарахчу Москварчу пачхьалкхан университетан (МГУ-н) историн факультетехь йолчу диссертацийн кхеташонехь вайн махкахочо кхиамца чIагIйира историн Iилманийн докторан диссертаци. Цунах боккха кхаъ хилла Iилманчин йиша-вешина а, республикин Iилманан юкъараллина а. Iилманийн докторийн Хасбулатов Русланан а, Хасбулатов Асламбекан а (Дала гечдойла цунна) йиша ю Зулай. Иштта шайн доьзалехь кхоалгIа Iилманийн доктор хилла цунах.
Дахаран некъах дерг аьлча, 1966-чу шарахь чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультет. Цул тIаьхьа болх бо школехь истори хьоьхуш. 1975–1978-чуй шерашкахь МГУ-н аспирантурехь доьшу. 1978-чу шарахь дуьйна 1994-чу шарахь и дIакъовллалц Iилманан болх бо Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь. 1994-чу шарахь дуьйна республикин лаккхарчу дешаран заведенешкахь этнологи хьоьхуш ю. Карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан университетан культурин историн, музееведенин кафедрин профессор ю Хасбулатова Зулай.
Iилманан бIе гергга белхан автор ю З.Хасбулатова, шайна юкъахь масех монографи а йолуш. Iилманчас шен коьртачу тидаме эцнарг ду нохчийн къоман ша-тайпа башхаллаш (этнографи) таллар. Къаьсттина боккха болх бина Зулайс нохчийн доьзал кхоллабаларан а, доьзалан юкъаметтигийн а, кхетош-кхиоран а гIуллакхаш толлуш.
Тахана вайна шайн цIерш евзачу нохчийн 35 зудчух-Iилманчех цхьаъ ю Хасбулатова Зулай.
Исраилова Сацита – библиотекарь
Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекин директор, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхо, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо, Соьлжа-ГIалин сийллалин гражданин, Нохчийн Республикин Инттелектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат… И дерриге а Исраилова Сацитех аьлла ду.
Цхьацца адамаш хуьлу муьлххачу даржехь, балхахь шаьш хиларх, доггаха, болх кIорггера бовзарца, шаьш шайн ца кхоош, къахьегарца, белхан меттиг къагош, хазъеш. Ишттачех ю Сацита.
Кхоллараллин интеллигенцин векалшна, хьехархошна, студенташна йицъелла хир яц 2000-чу шарахь, тIеман «дур-р» Соьлжа-ГIалина гена а далале, гIалин библиотека болх бан йолаелла хан. ХIетахь гIалин библиотечни системин директор хиллачу Сацитин а, цуьнан накъостийн а ницкъ кхечира, халла цхьа ши чоь а кечйина, шайн цIахь йисина а, бевза-безачаьрга ехна а, кIеззиг книгаш гулйина, библиотекин неIарш схьаелла. Нийсса аьлча, тIеман хьелашкахь дуьххьара болх бан йолаелла культурин учреждени яра Соьлжа-ГIалин коьрта библиотека. Сацитин а, цуьнан белхан накъостийн а хьуьнарна дара иза. Саьлнашкахь лаьттачу гIали юккъехь маьршачу дахаран цхьа ша-тайпа жима гIайре, культурин серлонан кхерч хилла лаьттира библиотека масийтта шарахь. Итт, ткъа стаг вовшах тухий (кхин гулбан бан а бацара я гулбан меттиг а яцара), кхоллараллин суьйренаш, суьртийн гайтамаш, дагадовларш, оцу кепара кхин гIуллакхаш вовшахдеттара Сацитас. Иштта цхьаьнакхетар хIоразза а цхьаьний чай маларца доьрзура. Оцу суьйренийн йовхо хааялаза стаг дукха хир вац кхоллараллин хьаьрмахь къахьоьгучу нахана юкъахь.
2014-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин къоман библиотекин директор ю Сацита. 1983-чу шарахь школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа ша хаьржинчу библиотекаран говзаллина тешаме хилла схьайогIу иза тахана а.
Даудова Фатима – суьрташдахкархо
Чолхе яц суьрташдахкархочун биографи. Фатима йина 1975-чу шеран март беттан 16-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Дукха жима йолуш дуьйна а суьрташ дахкар дезаш йолчу йоIа (цунах дахаран некъ хир бу бохург дагахь а доцуш) 1990-чу шарахь кхиамца чекхйоккху Соьлжа-ГIалара берийн исбаьхьаллин №1 йолу школа. Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу Ростоверчу пачхьалкхан хьехархойн университетан исбаьхьаллин-графикин факультетехь. 1998-чу шарахь цигахь дешар а дерзадой, Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан «Архитектура» кафедрехь хьехархочун балха хIутту къона говзанча. Амма суьрташ дахкар ца дитира йоIа.
2002-чу шарахь дуьйна цхьа а шо ца долу оцу я вукху гайтамехь дакъа ца лоцуш. Терахьашца аьлча, хIетахь дуьйна Москвахь, Краснодарехь, Санкт-Петербургехь, Екатеринбургехь, Майкопехь, Уфахь, Ростовехь, Саранскехь, Каспийскехь, Нижни Новгородехь, Соьлжа-ГIалахь, кхечу гIаланашкахь, ткъа иштта Италехь, Францехь, Гуьржийчохь хиллачу 26 сов гайтамехь дакъалаьцна Ф.Даудовас. Сурт дилларехь, коьртачу декъана, графикин, литографин кепех пайдаоьцу цо. Хьовсархоша а, говзанчаша а лаккхара мах хадийна Фатимас «Елла гIала», «Нохчийн шовданийн мукъамаш» циклашкахь дехкинчу суьртийн. Сурт диллар цунна уггаре а хьалха, дахаран бакъдерг, дуьненан исбаьхьалла гайтарца, хьовсархойн синкхетамна Iаткъам бар, церан ойла догдикаллина самаяккхар ду. Шен башхачу говзаллица оцу Iалашоне иза кхача а кхочу. Цунна тоьшалла ду, шен 26 шо бен доцуш (2001-чу шарахь), Фатима Россин Художникийн союзан могIаршка дIаэцар а, 2010-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъйолу художник» сийлаллин цIе цунна ялар а.
Сабуралиева Йисита – хьехархо
Хууш ду, дешаран хьаьрмахь къахьоьгуш болчу белхахошна юкъахь дукхахберш зударий хилар. 2015-чу шарахь араяьллачу «Нохчийн Республикин халкъан а, хьакъболчу а хьехархойн Энциклопеди» тIехь шайн цIерш ялийнарг 461 хьехархо ву, шайна «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо», «Россин Федерацин хьакъволу хьехархо», «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» сийлаллин цIерш елла волу. Царна юкъахь а ах сов зударий бу, нийсса аьлча, 274. Царах цхьаъ ю Сабуралиева Йисита, Нажи-Юьртарчу №8 йолчу гимназин директор, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо. Атта дац хьехархойн хьехархо хила. Ша хаьржинчу говзаллехула (Йиситас Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет чекхъяьккхина) кIорггера хаарш хилар а, хьехаран методика йовзар а кIезиг ду, уггаре а хьалха, дешаран дика вовшахтохархо хила веза гимназин директор. И похIма шегахь долуш ю И.Сабуралиева.
Белхан берриге а гайтамашкахула районехь хьалхарчу меттигашкахь хуьлуш ю гимназин коллектив, хуьлда иза дешархойн олимпиада, спортан къийсадаларш, дикаешархойн конкурс, исбаьхьаллин самодеятельностан хьажар я кхин гIуллакх. Кхузахь къаьсттинчу тергонехь латтош бу классал арахьара кхетош-кхиоран болх. Оцу Iалашонца гимназехь сих-сиха вовшахтуху Iеламнахаца, яздархошца, юьртан къаношца, бакъонаш ларъяран органийн векалшца цхьаьнакхетарш. Йиситас хьехархошкара уггаре а хьалха лоьхург хIора дешархочуьнца шецца болх бар ду, цуьнан хаарш, кхиар, оцу я вукху дешаран низаме хьашт хилар, могашалла тидаме а оьцуш. Изза ду гимназин куьйгалхочо ша лардеш дерг а – хIора дешархо тидамехь латтор, оьшучохь цунна нийса накъост хилар. Цундела хаьа Йиситина шен гимназехь дешна чекхваьлларг кхидIа деша мичхьа вахана, иза муха доьшуш ву, деша ца ваханчун кхоллам муха нисбелла. Бакъалла а волчу хьехархочун амал ю иза.
Аслаханова Жуман – Нана-турпалхо
Кхойтта бер кхиийна Аслаханова Жумана шен хIусамдеца Адамца цхьаьна. Ойла йой аш? Кхойтта бер – 11 кIант, (Руслан, Аслан, Беслан, Артур, Алихан, Тамерлан, Асламбек, Зелимха, Чингиз, Бекхан, Байсангур), 2 йоI (Милана, Венера).
Мамакаев Мохьмада ненах аьлларг дагадогIу-кха вайна:
Хеназа самаюьйлуш, меттамотт шун хуьйцуш,
Мерзачу набарна аганан гIожца туьйш,
Доьзалан хьашташа хеназа къежйина
Хьомсара шайн нана йиц ма е, боху цо.
Кхойтта бер кхиийначу нанас маса буьйса текхна хир ю «аганан гIожца туьйш»?
Доккха хьуьнар ду иза. Мац ца долуьйтуш, шел ца долуьйтуш, ан-ун кхетарх лардеш, шайн бераш кхион а, когахIитто а ницкъ тоьъна АслахановгIеран. Массаьрга деша а дешийтина, хIинца хIоранна шен болх-некъ карийна (кIентий дукхахберш нуьцкъаллин структурашкахь болх беш бу), дахаран новкъа хIиттина.
– Дала къинхетам бина тхох, – дуьйцу Жумана. – Шайн ден аьлларг тIехь кIентий бу, соьга ладоьгIна ши йоI ю, 37 беран бер ду, ийманехь, ас ма-лоьхху, несарий нисбелла. И ниIмат даларна Далла хастам а беш, Iаш ду-кха. Ткъа уггаре а коьртаниг, шаьш бахьанехь тхо юьхьIаьржа ца хIиттийна доьзалша.
Атта дац оццул доьзал, юучуьнца-молучуьнца, тIе-кога юхучуьнца кхачоеш, когахIотто а, ийманехь кхетош-кхио а. Шайн дахаран масална тIехь, хьаналчу рицкъица кхиийна цара доьзал. Тахана а школехь болх беш ю Жуман. Еххачу хенахь школехь болх бина берийн дас Адама а. Ший а, «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» сийлаллин цIе лелош а ду. Оцу бакъдолчо гойту цара болх муха бина. Къинхьегамна тIера хилар, ламаз-мархица долуш, вовшашца а, нахаца а гIиллакхе, оьзда лела хаар – дерриге а диканиг шайн дегара, ненера схьаэцна доьзало.
– Бераш, несарий, берийн бераш цIа гулделча, тхоьгахь мел самукъане хуьлу хаьий хьуна, – дерзадо телефонехула тхоьца хилла шен къамел Жумана.
Даггара ала лаьа, Дала шен боккхачу доьзалан вуон ма гойтийла Жуманна, Дала могашалла а, оьмар а лойла цуьнан хIора берана а, берийн берашна а!
Жуман санна болу наной къоман дозалла, къоман хазна ю. Дала сий дойла церан!
Арсалиева Люба – поэтесса
Нохчийн исбаьхьаллин дешан пхьерашлахь кIезиг яц зударийн цIерш. Иштта, нохчийн литературин исторехь бIаьрла лар йитина Исаева Марема, Анзорова Балкана. Ахматова Раисас, Курумова Селимас, Гайтукаева Банас, кхечара а. Таханлерчу литературехь беркате къахьоьгуш ю Айдамирова Машар, Дагалаева Малика, Зуцаева Хедижат, Халикова Асет, Сагаева Залина,Тапалаева Аминат, Петирова ПетIамат. Церан могIарера ю Арсалиева Люба.
Арсалиева Люба йина 1979-чу шеран октябрь беттан 10-чу дийнахь ТIехьа-МартантIехь. Цигахь чекхъяьккхина №2 йолу юккъера школа. 2008-чу шарахь чекхъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет.
Белхаш бина ТIехьа-МартантIерчу №7 йолчу юккъерчу школехь, иштта Нохчийн книгийн издательствехь, «Исламан зIаьнарш» газетехь. Карарчу хенахь «Грозный» ГТРК-хь шеф-редактор ю.
Язъян йолаелла школехь доьшуш йолуш дуьйна. Цуьнан говзарш зорбане йийлина исбаьхьаллин-литературни «Орга», «Вайнах», «Нана» журналашкахь а, республикин газеташкахь а, юкъарчу гуларшкахь а («МаргIалш», «Созвездие»). 2001-чу шарахь араяьлла «ЦIархазмана аьлла доцуш» цIе йолу шен гулар а.
2008-чу шарахь цо дакъалецира Къилбаседа Кавказан къоначу яздархойн хIорашеран кхеташонехь, поэзехь а санна, прозехь а, гочдарехь а шен хьуьнарш зуьйш ю Л.Арсалиева.
Цо оьрсийн матте гочйина бевзаш болчу нохчийн поэтийн байташ.
ЛадогIархоша дезаш тIеэцна Арсалиева Любин дешнаш тIехь даьхна дуккха а иллеш, эшарш («Со юха йогIур ю…», «Сан гIенаш», «Висахьа сан ойланехь», «Даймохк», иштта кхин а).
Литературехь доккха хиндерг долуш ша хиларх тешош ю Л.Арсалиеван кхолларалла.
Хасханова Лайлаъ – лор
Юкъараллин дахаран а, бахаман а цхьа а дакъа дац зударша жигара дакъа ца лоцуш. Къаьсттина дукха бу уьш могашалла Iалашъяран, дешаран, культурин, социальни дакъошкахь. Иштта, тахана республикехь болх беш ву 3 576 лор. Царах дукхахберш зударий бу. Делахь хIета, вайх хIоранна а уггаре а еза йолу могашалла царах тешийна ю-кха. Республикин больницашкахь кIезиг бац шайн гIуллакх дика девзаш, зеделларг долу зударий-лоьраш.
Царах цхьаъ ю Хасханова Лайлаъ, медицинин Iилманийн доктор, лаккхарчу категорин лор. Атта ца хилира оцу лакхенашка некъ. 1983-чу шарахь тIехдика дешарца Хьалха-МартантIера юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа деша йоьду Къилбаседа ХIирийчуьрчу пачхьалкхан медицин институте. Кхиамца цигахь дешар дерзадой, 1991-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу сихачу гIоьнан больницехь дIаболабо къинхьегаман некъ. Амма, ша хаьржинчу говзаллехула хаарш кIаргдан болчу лаамо 1994-чу шарахь И.М.Сеченовн цIарахчу Мосвкарчу пачхьалкхан лоьрийн академин аспирантуре деша ялайо, 1997-чу шарахь хенал хьалха чIагIйо медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 2004-чу шарахь медицинин Iилманийн доктор хуьлу Лайлаах.
Iилманан 90 сов белхан автор ю Л.Хасханова, цуьнан куьйгаллица чIагIйина Iилманийн кандидатан 3 диссертаци.
Карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь йолчу Медицининн институтан «Акушерство и гинекология» кафедрин куьйгалхо ю иза.
Олуш ма-хиллара, теори а, практика а цхьаьна ялочех ю Лайлаъ. Шен Iилманан талламех практикехь хаарца пайда а оьцуш, цо кхиамца болх бо Соьлжа-ГIалин №4 йолчу клинически больницин гинекологин отделенин заведующи йолуш.
ДоггIучуьра аьлча, тхан хьесапашца нохчашлахь 8 зуда ю медицинин Iилманийн докторан диссертаци чIагIйинарг. Оцу бакъдолчо а гойту зударий цхьана а декъехь божарел тIаьхьа биса лууш цахилар.
Даганаева Дагмара – тренер-хьехархо
Республикин берийн-кхиазхойн спортан школин (РДЮСШ) Нажи-Юьртан районерчу филиалехь жIаккех ловза Iаморан тренер-хьехархочун болх беш ю Даганаева Дагмара.
Жимачохь дуьйна а къастийна яра Дагмарас спорт. Могашаллина пайдехь хиларна дукха езара цунна иза. Школехь доьшуш йолчу хенахь цо жигара дакъалоцура районехь дIахьочу вадарехь хьалхаваларан къийсадаларшкахь. Цигахь цкъа а толаман меттиг ца йоккхуш а ца Iийна иза. Математикех дика кхеташ йолчу Дагмарина хазахетара жIаккех ловзар а.
Ламанца Iаш йолчу цунна товра лаьттаца къахьегар а. Цундела школа кхиамца чекх а яьккхина, 1987-чу шарахь Д.Даганаева деша яхара Кострома гIаларчу Юьртан бахаман институтан агрономически факультете. Институт чекх а яьккхина, хIара цIайирзинчу хенахь лаьттаца гуллакхдар дIадаьллера ала мегар долуш хьал дара республикехь хIоьттинарг. Цундела ца нисделира цу декъехь болх бар.
Нажи-Юьртарчу кхитIе долчу дешаран берийн кхоллараллин цIийнехь жIаккех ловзар хьоьхуш дIаболийра цо шен къинхьегаман некъ. Цигахь цхьана шарахь болх бира.
Республикин берийн-кхиазхойн спортан школин (РДЮСШ) Нажи-Юьртан районерчу филиалан жIаккех ловза Iаморан тренер-хьехархочун болх бен 26 шо ду. 40 бер ду цо Iамош. Уьш шина тобане декъна ду, хIора тобанехь ткъа бер долуш. Хьехархочо дийцарехь, уьш чIогIа жигара а, похIме а бераш ду. Цара дакъалоцу Нажи-Юьртан районехь а, республикехь дIахьочу къийсадаларшкахь. Цигахь толаман меттигаш а йоху.
Даганаева Дагмара шина беран нана ю. И шиъ медицинин институтехь доьшуш ду.
Ша Iамочу берийн кхиамех йоккха а еш, хьанал шен декхарш кхочуш а деш, схьайогIуш ю Д.Даганаева.
№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо