2013-чу шеран 8-чу сентябрехь Нохчийн Республикин Парламенте хиллачу харжамашкахь депутат хаьржина Дерябина Вера. Тахана иза республикин Парламентан социальни политикин комитетан декъашхо ю.
Дика девза цунна социальни дакъа. Дешаран декъехь къахьоьгуш цуьнан дахаран 45 шо чекхдаьлла.
1961-чу шарахь школа чекх а йоккхий, Краснодарерчу хьехархойн институте деша йоьду иза. Цул тIаьхьа, 1965-чу шарахь Шелан районерчу Хоси-Юьртан школе болх бан хьажайо. Цигахь цо биологи а, хими а хьоьху. 1972-чу шарахь ша болх бечу школин директоран заместитель хIоттайо иза. Ткъа 1978-чу шарахь цо чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан географин факультет. Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо ю иза.
Билгалдаккха деза Дерябина Верас Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжина а (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанна а школехь хьехна хилар. Цуьнан кхоллараллин некъан хьокъехь масех хаттар дира оха цуьнга.
– Вера Афанасьевна, муха нисделла хьо республикин Парламентан депутат харжар?
– Хьехархочун корматалла ю сан. Сайн дахар ас школина дIаделла. Цкъа а дагахь ца хиллера суна, со ишттачу дарже кхочур ю аьлла. Сан жималла Хоси-Юьртахь дIаяхна. Цундела ас бинчу белхан мах хадош, цхьаъ ваьлла хир ву-кх цигахь. Тайп-тайпана белхаш бина ас: завуч, директор.
– ХIинца школица зIе латтайой ахь?
– Дера йо. Тахана а, депутат йоллушехь, Хоси-Юьртарчу №1 йолчу школехь 5–7-чуй классашна биологи хьоьхуш ю со. Оцу юьртан кхоалгIа чкъор ду ас хIинца Iамош.
– Парламентехь муьлхачу гIуллакхашца боьзна бу хьан болх?
– Со Парламентан социальни политикин комитетан декъашхо ю. Комитетан цIаро а дуьйцу сан балхах лаьцна. Цунна юкъадогIу дуккха а гIуллакхаш: дешар, культура, могашалла Iалашъяр, иштта дIа кхин а.
– Шайн комитет бахьана долуш, Парламенто тIеэцначу законех коьрта муьлхарнаш хета хьуна?
– Соьга хаьттича, коьрта я коьртаза бохуш, декъалуш ца хуьлу законаш. Масала, ас баккъал а дозалла а деш, тхан комитет бахьана долуш, Парламенто тIеэцна Нохчийн Республикерчу экологин хьокъехь долу закон. Промышленни а, дахаран а сурсатийн даххашна лерина закон а ду ас дозалла деш.
Цул сов, вайн республикехь дешаран хьал керлачу тIегIане даккхаран Iалашонца, оха дийцаре дан долийна ду дешаран хьокъехь долу закон.
– Республикин бахархошца болх бан а бой ахь?
– Вайна ма-хаъара, Парламентан депутаташ дIасабекъна бу республикин тайп-тайпанчу районашкахула. Масала, суна Курчалойн район кхаьчна. Цундела бахархошца йолу сан юкъаметтигаш а, цхьаьнакхетарш а оцу районца доьзна ду.
Дукха хьолахь суна тIебогIуш болчу бахархоша социальни гIуллакхаш, лазамаш бохьу. Массарна а сайгара гIо хуьлу аьлча, иза бакъ хир дац. Амма сайн ницкъ ма кхоччу, бахархоша сайна тIедеана гIуллакх кхочушдан-м хьожу со.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: Дерябина Вера
№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо