Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь философин а, политологин а, социологин а кафедрехь болх беш ю философин Iилманийн доктор, профессор Бетильмерзаева Марет. Дала цхьа шатайпа хьежам, дог-ойла елла хила веза философин Iилманехь оцу лакхене кхаьчнарг.
Профессор йовза лаар а, цуьнан хьежамашкахула юха кхин цкъа а вайх, заманах, дуьненах, нохчийн доьзалах йолу ойланаш листа лаар а дара Маретаца хилла тхан цхьаьнакхетар. Оьздачу дех-ненах, оьздачу хIусамера схьа мел яьлла нохчийн зуда а ю шеца философин цхьа суй, дуьненан Iилманан цхьа дакъа долуш.
Марете хаттарш дира оха, цуьнан кхиамийн орамна тIекхача лиъна.
Дуьнен чохь айхьа яьккхина хан юхалиста воьлча, бералле юхавоьду. Дагалецамаш… Церан лорах го адама бина некъ. Цхьа дош, цхьа мIаьрго, цхьа хилам бу вайн Iалашо кхоллалучу юьххьехь лаьтташ.
– Бералла… – аьлла соцунгIа хилира философ. – Иза – цхьа ирсе гIайре ю. Жимачохь моьттура хьо Iуьйранна набарх яьлла рагIу кIела дIахьаьдча, цигахь Iаш да-нана даима а карор ду. Да-нана, церан хилла ийман, собар, царна юкъахь хилла барт-марзо, церан доьзалшка хьаьжча гуш хуьлу. Ткъа беран ирс, цуьнан дений-нанний юкъахь лаьттинчу гIиллакхах, марзонах дозуш хилла. Нана – иза ду дуьнен чохь хьуна карош долу Ялсаманин догIа. Сох профессор а, доктор а йинарг Делан къинхетам а, ненан хьуьнар а ду, – дуьйцура цо.
Казахстанера Хьалха-Мартана цIабирзинера дуккха нах, адам юха а син паргIатонца, шен махкахь даха доладелира. Цуьнан да-нана Казахстанехь тайп-тайпана областашкахь дехаш дара. Даймахка цIадерзаран бахьаница, ший а Хьалха-Мартанахь, уггаре бехачу урамехь Iаш хиларе терра, Дала вовшийн довзийтина цхьаьнатуьйхира церан рицкъ.
1964-чу шеран 20-чу сентябрехь Мусламан а, Хьакиматан а хьалхара доьзалхо дуьнен чу елира. Доьзалехь йоккхахъерг йоI хилар беркат дуй хуучу дас, кIант цахилар а хьесапе ца ийцира. Шайн учин утармин тIехь уьрсаца «Марет 20.IX.1964 шо» яздира цо.
Ткъа йоI, шен тидам бича, философ хир юйла гуш дара, иза жима йолуш дуьйна а. Шайн девешин ИсмаьIилан дечиган аннех йинчу кертах шена классин у динера цо. Цу тIехь мелаца йозанаш дой, шен вежарий а, лулара бераш тIегулдой, уьш Iамо хIуттура иза. Ша царел дукха йоккха хеташ «хьехархочух» лелар дукхадезара цунна. «Аш хIара дича вуон ду, аш иза дича дика ду» – бохуш диканний-вуонний юккъе доза тоха Iамо лаьара цунна шен нийсархой. Ткъа йоI уггаре а ирсе йийриг а дара, я девашас а, я цуьнан хIусамнанас а бераш шайн кертара дIа ца къахкош, царна шайна кIордадаллалц уьш ловзийтар. Нанас шена гучохь ца дойтура кхуьнга и «пхьола». Урамерчу баккхийчу нахана товра йоьIан гIиллакхаш. Массарна а хаьара иза дика доьшуш а, гIуллакхана тIера а юй. Ткъа и нах а Маретан иэсехь уггаре а безаме, оьзда, куц-хаза нохчийн баккхий нах санна бисина. «Дов а безамца дора, тхо бераш ду аьлла дIа а ца къахкадора. Церан бIаьрIуналла дог марздеш болу дагалецам бу хIинца» – дуьйцу профессора.
Маретан нана Хьакимат Къуръан деша хууш яра. Доьзал чугулбелча цо берашна дуьйцура Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх, некъах лаьцна хьадисаш. Иштта, нохчийн туьйранаш а хаьара цунна. Оьрсийн яздархойн-классикийн кхолларалла а дика евзара. Казахстанехь школехь дика дешна яра иза. Доьзал кхетош-кхиорхьама балха ца йоьдуш Iаш яра иза. Амма цо хаьржинарг уггаре а хала болх бара. Бераш: 1 йоI а, 3 кIант а ша школе дIакхетадора. Шен хIора а беро де муха, хIун деш даьккхина хьожура. Царна оьрсийн а, нохчийн а меттанаш цхьабосса Iамадора. Да, Муслам, оьзда стаг, къонаха вара.
Доьзалехь йоккхахъерг Марет хиларе терра, иза яра дерриге а гIуллакхаш тIелоцуш, коьртаниг, амма вежарий шел а баккхий болуш санна, уьш ларийта, ша царел жима ю моттийтинера цунна нанас.
«ЙоI, боьршачу стагал йоккха яц хьуна цхьа а зуда» – иштта бара цуьнан хьекъалан сацам. ШариIатан а, нохчийн гIиллакхан а лехамашца нийса догIура нанас дийцинарг.
Шайн юьртарчу №2, №4-чуй школашкахь дешна, ткъа 6-10 классаш №1 йолчу школехь (х1инца №5 йолу гимнази ю иза) яьккхира.
1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете филологин факультете деша яхара. 1986-чу шеран 4-чу июлехь цIен диплом караийцира цо. Студентийн шерашкахь дуьйна психологина тIейирзина яра иза. Цуьнан дипломни белхан тема «Феномен «Эмпатия» и его роль в педагогическом процессе» аьлла яра. Иза психологин Iилманийн кандидат, доцент Волков Евгений Серафимовича куьйгалла деш дIаболийра, цул тIаьхьа, педагогин Iилманийн докторца, профессорца Кан-Калик Виктор Абрамовичца чекхбаьккхира. Цу хеннахь Маретан хийца дийзира ша еха меттиг. Шен хIусамдеца Ленинграде дIайоьду иза 1986-чу шарахь. Ленинградехь №491-чу школехь берашна оьрсийн мотт а, литература а хьоьху цо. Генарчу гIалахь 4 шарахь болх бича, гергара нах, баккхийнаш боцуш дахар деса а хетта, цIабирзира уьш. Цул тIаьхьа, вайн пачхьалкхехь баккхий хийцамаш хуьлу: СССР юху, Нохчийчохь карзахе мур болало. Нахана тIе баланаш буьссу, адамаш делхадо, хIаллакдо мохк бохка арабевллачара. Массара а тIеман къахьо а Iаьвшира. Марет йоккхаера шен нахаца дика-вуо декъа шаьш цIадирзина хилла хиларх.
1999-чу шарахь Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча Малгобекехь бара церан доьзал. Цигахь юха а школе балха хIоьттира иза. Ши кIант (Салахь, Селим) вара церан. Селим 1-чу классехь вара. Махках девлла лелаш ойланаш ян дукха хIуманаш тIеIиттаделира. «Къомана тIе Iазап хIунда деана? Меллалц лаьттар ду и?» – ойла йора хинйолчу профессора.
2002-чу шеран апрель баттахь цIайирзира шен хIусамдеца а, доьзалца а. Лайначу тIемаша дагийна са а, Iовжийна дог а гIийла дара, амма ши куьг оллийна паргIат вала ца веза цхьа а, бохург дара цуьнан ойланехь. Дешар, Iилма, болх – царел дика дарбанаш дац бохамна дуьхьал хIитто. Университете яхара иза. Цигахь Хусаинов Сайд-Ахьмад гира цунна, иза философин кафедрин заведующи вара. Цо Акаев ВахIид вовзийтира. Iилманчас куьйгалла а деш, философин Iилманийн кандидатан диссертаци яздира Марета. 2005-чу шарахь иза тIечIагIдира Ростов гIаларчу пачхьалкхан университетан аспирантурехь. «Дала дика дина суна, уллохь оьзда, хьекъале, беркате нах нисбина. Iилманан декъехь гIо-накъосталла дина ца Iаш, оьшучу хенахь вошалла хуьлу цаьргара» – дуьйцу Марета, Хусаинов Сайд-Ахьмадан (Дала гечдойла цунна, воцуш ву иза) Акаев ВахIидан, Гадаев Вахин, иштта кхечеран а цIарах. Нохчийн пачхьалкхан университетехь болх бан йолало иза.
Студенташна философи, политологи хьоьхучу хенахь шена тIехь болх бар а ца сацадо Iилманчас. Цо «Ментальность в контексте культуры: философско-культурологический анализ» цIе йолу философин Iилманийн докторан диссертацин болх язбо. 2011-чу шеран 10-чу ноябрехь Ростов гIалахь Къилба федеральни университетехь философин Iилманийн докторан диссертаци тIечIагIйо. Iилманан-талламан а, педагогикин а некъаш Марет Мусламовнин Нохчийн пачхьалкхан университетаца а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетаца а доьзна ду.
Цо дозалла до 2005-чу шарахь дуьйна профессорца Гадаев Вахица философин а, политологин а, социологин а кафедрехь цхьаьна ша болх беш хиларх.
М.Бетильмерзаева автор йолуш, зорбане бийлина Iилманан, дешаран методикин белхаш, школин дешархошна лерина истори предметехула монографин соавтор а ю иза. Цуьнан белхан, аьлча а, Марета хаддаза дIасалуьстучу философин ойланийн коьртехь адам, дуьнен чохь цуьнан Iалашо, маьIна а гайтар ду. Иза дуьненаюкъарчу DAAD грантан степендиат хилла. 2014-чу шарахь Германера Фрайбургерчу хьехархойн институтехь къоначу Iилманчашна леринчу курсашкахь а хилла иза. «Дуьненна а бевзаш болу философаш схьабевллачу гIалахь баьккхина 2 бутт беркате хилира, гергарлонаш тесира немцойн Iилманчашца, Европин культурин кхиаран некъаш сайн бIаьрга гира», – дагалоьцу цо. Iилманехь дика кхиамаш баьхна цо, амма цкъа а диц ца до ша тIекхуьучу къоначарна гIо деш хила езар. Бакъду, иза декхарийла йожош хIума а дац цигахь. Къоначу Iилманчашна, студенташна гIо дан лаар иза цуьнан син комаьршалла, догдикалла ю, цуьнан патриотизман дакъа ду.
Дуьненаюкъара культура, Европин Iилманийн философи талларал сов, цунна дукхаеза шен къоман культура а, истори а. Иза бакъйолу нохчийн зуда ю. Цуьнан вастехь ду оьзда аматаш, культура, хьекъал. Нохчийн мотт, цуьнан чам бевзаш ю Марет. Нохчийн къоман яздархойх Айдамиров Абузар ву къобалвеш тIеэцна.
Жимачохь дуьйна дас-нанас «бошхап» тIедиллича хезаш хилла долу Магомедов Султанан иллеш а дукхадеза. «КIайн-Iаьржа» гойтуш хиллачу телевизоран экрана чохь Султан гучуваьлча, цуьнан иллеш олуш хIетахь, ломахь яьхна роликаш а яра философех юьзна» – боху Марета. Шайн доьзал, нохчийн маттах, кхачанах, гIиллакхах пайда оьцуш Iамийра церан дас-нанас. Нанас Iамийра Марет ойланийн цIанонна тIера, деган цIанонна, ша ехачу кхерчан цIанонна тIе кхаччалц сирла, къегина хила.
Цуьнан ши кIант: Салахь а, Селим а, школа кхиамца чекхъяьккхина ваьлча, кхидIа а деша вахара. Салахьа Москварчу университетехь медико-биологический факультет чекхяьккхина, амма физика дукхаезаелла техникица болх бар дезаш ву. Нохчийн пачхьалкхан университетехь физикин факультетехь болх беш ву иза. Кхи дIа а шен некъ Iилманца боза дагахь а ву иза. Жимах волу кIант Селим Москварчу Н.Пироговн цIарахчу пачхьалкхан медицински университетехь доьшуш ву (пхенийн хирурги дукхаезаш ву иза). Дика накъост хилла Маретах шен берийн дена Хехаев Лечина доьзал кхиорна тIехь. Леча лор-эпидемиолог болх беш ву. Собар, хьекъал эшна дена-нанна иштта кIентий кхион а.
Шен студенташна шегара Iилма, хаарш дIалуш, хинболчу Iилманчашна дика накъост, вайн мехкан Iилманан хьаьрмахь хьанал къахьоьгуш схьайогIу философин Iилманийн доктор, профессор, нохчийн йоI Бетильмерзаева Марет.
З.ШАЛИЕВА
Авторан суьрта тIехь: Бетильмерзаева Марет
№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо