Диканиг массарна а веза…

   Ма хаза кхоьллина АллахIа зударий. Церан ховха, къинхетаме дегнаш, тIех хазахетар я халахетар хилча, Iуьйренан тхи санна, цIена бIаьрхиш Iано кийча  бIаьргаш гича дагадогIу, ванах, кхин хIумма а ца деш, дуьнен чохь  яха хьайна аьлла кхоьллина-те иза олий. Амма жимма хан яьлча, церан хебаршка даханчу кегийчу куьйгаша, дIадаханчу дерриге а дахаран сурт гойтучу бIаьргаша ойлане воккху стаг.

БIаьстенан заза санна хаза, жимма мох баьлча кагдала кечделлачу зезагах тера йолчу экамечу зудчунна мичара даьлла оццул доккха собар, хьуьнар? ХIунда ду цуьнан жима дог къинхетамах дуьзна, ткъа доьзале болу безам доза доцуш?

Иштта кхоллина-кх уьш Дала.

Дахарехь шех вуон дош алийта хала дац, амма диканиг алийта къахьега деза. ТIаккха а, и дерриге а адамийн сица хуьлуш ду-кх. Стагехь йолу адамалла, гIиллакх, оьздангалла мел беза мах белча а эца лур яц, йоцучуьнгара яккха а лур яц.

Ларамаза дацара тхо Соьлжа-ГIалин Заводской районерчу №5 йолчу поликлинике кхачар. Цигахь болх беш йолу зударийн лор Магмадова Лайлаъ а дика цIе йоккхуш ю аьлла хезнера тхуна. ШолгIачу гIат тIехь сени чохь цхьана кабинетан неIарехь хиъна Iаш масех зуда яра. Уьш берриге а Лайлаана тIе баьхкина бара. Цара тоьшалла дира, иза шен болх дика хаарал сов, адамалла йолуш дика лор хиларна.

Лайлаъ йина 1962-чу шеран 10-чу февралехь ТIехьа-МартантIехь. Циггара №1 йолу школа дашо мидалца чекхяьккхина цо. Цул тIаьхьа 1978-чу шарахь Къилбаседа ХIирийн пачхьалкхан медицински институте деша яхана. Иза чекх а йоккхий, ТIехьа-МартантIехь йолчу районан коьртачу больнице балха йоьду. Цигахь пхеа шарахь болх бо.

Цхьацца бахьаница, Делан йозанца хийцамаш хуьлу адамийн кхолламехь. Иштта 1989-чу шарахь Лайлаъ нехан цIентIе йоьду. Соьлжа-ГIалахь бехачу ИбрагимовгIеран нус хуьлу цунах. Карарчу хенахь кхаа доьзалхочун нана ю иза. (Адам, Нохьа, Хьава). Уьш доьшуш а, цхьацца белхаш беш а бу. Хьавас, шен нанас санна лоьран говзалла хаьржина, Соьлжа-ГIаларчу медицинин колледжехь доьшуш ю иза.

24 шо хан ю Лайлаа Соьлжа-ГIаларчу Заводской районан №5 йолчу поликлиникехь зударийн лоьран болх беш йолу. КIезиг хан яц иза.

Шен болх дукхабезаш, иза доггаха беш схьайогIуш ю зударийн лор. Хала делахь а, шена иза дукхабезарна, гIелъялар башха хьесапе а ца оьцу цо.

– Школехь доьшуш йолуш дуьйна а лоьрийн корматалла дукхаезаш яра со. Ткъа школехь дешна яьлча, корматалла яра къасто езаш. Тхан дена (Вахина) хаьара суна лор хила лаьий. Ас бинчу харжамна тIетайра иза. «Лор шена а, нахана а даима а  карош ву», – олура цо.

Стаг ша хаьржина говзалла дукхаезаш хила веза аьлла хета суна. Иза иштта ца хилча болх доггаха балур бац. Сайна тIехь дерг доккха жоьпалла дуйла хаьа суна. Доьзалхочух йолчу зудчун а, дуьнен чу дала дезачу берийн а могашалла Iалашъян езаш ю со. Иза атта дац. Делахь а сайна дахаро дина доккха совгIат ду аьлла хета суна иза. Бераш вайн къоман тIаьхье ю, церан наной и тIаьхье кхион езарш бу. Делера ял а, адамашкара баркалла а хирдолу болх бу сайниг, – дуьйцура Лайлаа.

ХIора зуда – цхьаьннан йиша, йоI, хIусамнана, нус ю. Царах хIораммо а шайн могашалла, са ца кхоош кхиабо доьзал. Суна сайн дахарехь дуккха а зударий бевзина. Церан хIораннан а шен могашалле, дахаре хьаьжжина сингаттамаш хуьлу. Вайн экологи а, тахана буу кхача а хьалха заманахь санна уьнах цIена а, пайдехь а бац. Цундела лазарш алссам хуьлу. Царна дарба хин долу некъаш лахар, церан дог-ойла айъар ду тхан коьрта декхар.

 

З.ЛЕЧИЕВА

№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо


Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: