Масех миллиард зудчунна

Хlара бlаьсте ша иштта, ярхьама йогlу моьтту шуна? Ца йогlу дера! Иза зударийн дуьхьа бен йогlуш ма яц.

Дуьне хаздеш ерг, хlусам йохъеш ерг, дахар тодеш ерг мила ю? Адамийн дуьненахь лар юьтург, цlе кхобург, дуьне дендеш ша лешъерг мила ю? Иза бен яц-кх и, бlе, эзара, масех миллиард бен йоцу зуда …

Цуьнан цlарах Дала аьлларг а тоьаш ду…

Зуда – гуттар а бер ду. Елар – беран, елхар а, иштта, шена – эшам, нахана гlолий яр – беран. Бер ду иза, шена хьекъал доцуш, ткъа доллучу дуьненна беркат а долуш.

Хилча, хир а ма-дацара, къонахаша, хlора гурахь, хlора шарахь, хаза а дуьйцуш иза lехаяр. Бlаьстей, зударий – синонимаш ю. Зуда муха хуьлу гуонаха зазий, зезагий, бlаьрхишший доцуш?

Ломахь я аренца хуьлийла иза, зуда даима а хlордан йистехь ехаш ю… Царна, оцу  «дуьненан даккхийчу бlаьрхишна» уллохь ду цуьнан экама дог. Зудчо латтабо хlорд, шена хазахетча а йоьлхуш, ша гlелъелча а йоьлхуш.

Тидам биний аш, ша йоцург даима а цхьаъ лоьхуш ю зуда? Цунна бацалахь тхи карадо, стиглара  стелаlад хазло, чlегlардиган дахар дазло.

Цо пенаш гlиттадо, доьзалш кхиабо, бIаьста кхечеран кхолламера ша башабо. Цуьнан оьздангалло дуьне а, «нуй хьоккхий», цlандо. ТIаккха бен вайна дуьне деза а ца ло. Ненан бlаьрхиш, маьлхан зlаьнарша кхолош хилча, зудаберан бlаьрхих башлам хьоьгуш гича, хlунда бу-техьа вайн хlинца а боьлхурш?..

Йоl – довзаза туьйра, яздаза хlайкал. Нохчийн йоl – баьллийн заза, экама додам, зуда-бер, зуда-къонах…

Зударша зударшна зезагаш духкуш мел ду, зударий зударий бац… Зуда йицлуш ю бер санна.

Цунна хlора дийнахь дагадаийта дезара ша зуда хилар. Хlун ду цигахь хала? Хlумма а дац.

Стаг волчу стагна уллохь зудчунна дуьсуш дерг хlун ду – зуда хилар. Зудчуьнца дерг Дала къастийна даьлла дукха хан ма ю – зуда ю-кх иза. Вайна ша зуда юй хиъча, ша зуда бен йоций хиъча тоьаш йолу зуда. Тlаккха цо гlаланаш гlиттош, аганаш техкош, ялташ хьекъош, ша йоцург массо а ирсе ван гlерташ некъаш идор ду… Шен дуьхьа  цкъа а ца еха. Иза ца хьаьжна, ца яьхьна шен дуьхьа яха, шенна цхьаъ, ша ирсе хила.

Мел ирсечу зудчунна а оьшу хаза дош. Цуьнан лерса беран санна ду, шена декъаза, вайна ирсе. Иза lехош, хьоьстуш, шаьш хlоккхара тlулг дlога боккхур бацахь а, моттийта цунна, шаьш хlара лам дlогарчу лома тlетатта дохку. Цунна lехаяла лаьа, йицъяла лаьа, дуьненан къахьо наггахь мерза яа лаьа…

Зудчунна зуда ирсе, йоьлуш, декъал хилла бен ган а ца лаьа…

 

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: