ХIокху деношкахь Зорбанан цIийнан актови залехь дIадаьхьира Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина даздарш. Уьш вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.
Бакъдолу бIаьстенан сурт дара зала чохь хIоьттинарг, хIунда аьлча цу чохь дукхахберш зударий бара.
Даздарш долийра зударех лаьцна видеоролик гайтарца. Гиначу суьрташа тоьшалла дора, зудчо къам кхиорехь а, хIусамехь ийман-беркат латторехь а доккха дакъалоцуш хилар.
Цул тIаьхьа, дезачу денца зударий декъалбеш, вистхилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат:
– Хууш ма-хиллара, дукха дац зударийн дегнаш хьоьстуш, церан самукъадоккхуш долу денош. Къаьсттина нохчийн зударийн. Уьш даима а шайн цIа, кхерч ларбеш, доьзал кхиош бу. Цара кхиош ю къоман тIаьхье. Цундела, тахана церан Де хиларе терра, вайн, божарийн, декхар ду хазачу дашца, цаьргара гIайгIа-бала цхьана денна дIаэцна а, церан дахар, дуьне хаздар. Доккха совгIат ду, кху дуьнен чохь нохчийн зудчун хIусамда, да, ваша, кIант, деда хилар. Вайн дахарехь йоккха меттиг дIалоцу зударша. Олуш ду-кх, стагах къонаха веш ерг зуда ю. Нанас шен кIант лоруш вацахь, иза къонах вац, зудчо ца ларахь къонахчун сий а хир дац. Зуда бусалба динехь а еза лерина ю. Ийман, собар долчу зудчун шен хIусамда Ялсамане вига йиш хилча, муха хир яц иза еза. Дала декъалдойла шу! Дала дукхадахадойла шу! Шайн дахарехь дерриге а диканиг хуьлда шуна! Шу ца хилча тхан йиш яц.
Нохчийн Республикин халкъан поэта Яричев Iумара зударшна лерина байташ йоьшуш, къоначу артисташа – Домбаев Мохьмада, Магомадова Лиляс, Докаев Беслана – музыкин совгIаташца декъалбира зударий. Цхьаьнакхетар дерзийра зударшна зезагаш даларца.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Зорбанан цIийнехь 8-чу Мартана лерина даздарш
№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо