Аболханов Хьаьким
Стигланан Iаьршашка
Доху аш кема,
Аганахь техкадо бер.
Дуьххьара куьг лоций
Хьомсарчу ненан,
Лаьтта тIехь юьту вай лар.
Мацвелларг вузаван
Беркат ду шуьца,
Дог дохдан йовхо а ю.
Халкъан зовкх совдаккха,
Къахьоьгуш денна,
Ца кхоош шагделла ду.
Цомгашниг денво аш,
Леладо ялташ,
Кхерчара ца йойту цIе –
Ма гойла махкана,
Къонахийн метта
Герз кара аш эцна де!
Зударийн хьуьнаре,
Беркате куьйгаш,
Ас догах декъалдо шу.
Бераца, бIаьстенан
Малхехьа кхийдаш,
Даим шу ган лууш ву!
№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо