Комаьрша Аймани

   Нохчийн халкъаца дика а, вуон а доькъуш, цунна хазахетар хилча кхаъ хуьлуш, бохам хилча  дог Iовжош, даима цуьнца  цхьаьна яьхна, еха  Несин Аймани. Тахана Нохчийчохь  хьовха, луларчу регионашкахь а наггахь стаг карор  вац Айманих, цо куьйгалла дечу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондах, церан комаьршонах лаьцна дуьйцуш хазаза. Нохчийчуьрчу,  Дагестанерчу, ГIалгIайчуьрчу, ХIирийчуьрчу, ГIебартойн-Балкхаройрчу, ткъа иштта Иорданерчу  эзарнаш  нахана  сагIийна кхачанан сурсаташ, кхиерг йохьуьйту цо кест-кеста. Берашна дарба карийнарш  масане  бу Нохчийчохь  а, цул арахьа а, Айманис ахчанца  гIо-накъосталла дар бахьанехь, иза орцахъялар бахьанехь.142286012403245x450

   Цуьнца цхьаьна Кадырова Айманис гIолацар бахьанехь  вайн бIеннаш махкахойн  аьтто хилла шайн цIенош  меттахIитто, цIиндан, шайна керла  цIенош дан, шайн гIуллакх дIадоло, когахIитта.  Сий-ларам беш, тахана халкъалахь  Аману  олий йоккху цуьнан цIе. ХIинцца гучуяьлла яц Айманин комаьршалла. Тахана  гучудаьлла дац  цуьнан ийман, дог-дикалла, гIиллакх, оьздангалла, эхь-бех. И дикаллаш, мехаллаш даима хилла цуьнгахь. Цунна  тоьшалла до бераллехь  дуьйна  иза евзаш хиллачара а, Къилбаседа Кавказехь а шен дика цIе йоккхуш  волчу Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжас а. Цуьнгахь и дикаллаш хилла  вайн халкъана, махкана хала киртигаш тIехIиттича а, зиэран муьраш даьхкича а. Орамера схьа ду и дерриге а. Несин Аймани хIокху дуьнен чу  еана  нохчийн халкъ махках даьккинчу луьрачу, къизачу, декъазчу хенахь. Оцу хенан  къаьхьа  чам  бевзина ю иза, шен хенара  массо а нохчи санна. ХIетте  а, оцу хенахь а цуьнан ден-ненан ницкъ кхаьчна  шайн йоIехь адамалла, бусалбалла,  эхь-бехк, доьналла, стогалла  кхион. Жимачохь дуьйна  марздина ламаз-марха, Iамийна  хьанал-хьарам къасто, халонашна бIо ца къажо.

И дерриге а эшна  цунна ша йоккха хилча, дахаран чордачу некъа тIе  хIоьттича. Шен деган  дикалла  доьзалшна  дIаяла а хиъна оцу  хьуьнаречу  зудчунна. Ахьмад-Хьаьжина а мел хала  хилла хир дара, и иштта  цахиллехь  хIаллакьхиларан зиле  кхачийначу нохчийн халкъана  хьалхавала а, иза  Iинах доьдучуьра кIелхьардаккха а,  вуно доккха  и жоьпалла тIелаца а. Оцу луьрачу  муьрехь  цунна  тешаме гIортор хилла дIахIоьттина  Аймани.  Кхерчан  йовхо, аьхналла латтийна  цо Ахьмад-Хьаьжина. Иза къонахчунна  кIезиг  хIума дац.

Айманис лайнарг лалур долуш дукха зударий бац  Нана-Нохчийчохь. ХIинца-м,  тIеман  кIуьрлара  девлла, машаран новкъа довлуш дара  вай  аьлла хеттачу  хенахь  ямартчу  мостагIаша тешнабехк  бина, кхалхар  хилира  Ахьмад-Хьаьжин. Оцу бохамо Iовжийна дог-бIаьрг  доьлхучуьра сацале  Делан кхиэле  вирзира кIант – Зелимха… И дерриге а лан мел доккха ийман, собар оьшу! Мел  доккха ийман, собар  оьшура цул тIаьхьа, нахана, шен доьзална  шегара бала-гIайгIа  ца гайта! Цуьнгахь хилир-кха и ийман а, и собар а, и доьналла а.

Корта таIIийна, де-буьйса  ца лоьруш нехан хьашташка  хьоьжуш а, хьанал къахьоьгуш а ю иза.  Мокъа еана  хан Далла Iамал-Iибадат дарна а, берабераш ша санна оьзда,  гIиллакхе, яхь-юьхь, эхь-бехк долуш кхиорна а дIало Айманис. Хьаьхийначуьра аьлча, Айманис  дукха лерина кхочушдо фарзаш а, суннаташ  а. Иза  жимачохь  дуьйна  сатесна  яра,  сийлахьчу  Макка яхана, Хьаьждан. Дала  цуьнан цу тIехь  аьтто бира 1992-чу шарахь. Оцу  шарахь  дуьххьара ХьаьжцIа а яхана, КаIбате, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) Ровзате  бIаьрг тоха ирс хилира цуьнан. Цул тIаьхьа а хилла  иза оцу  сийлахьчу, езачу  меттигашкахь. Амма хIинца а  цунах кхачам  хилла яц Аймани. Харц хир дацара  цуьнан са  хIинца а Маккахь а, Мединатехь  а лаьтта аьлча. Иза иштта  хоьтуьйту  цуьнгахь  долчу иймано, комаьршалло, хазачу гIиллакхаша,  беркатечу гIуллакхаша.

С.ХАСАНОВ 

 №26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: