Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара зударий!

Ас даггара декъалдо шу зударийн дуьненаюкъарчу дезчу денца – 8-чу Мартаца!

СнимокАш вайн дахаре самукъа, аьхналла, синтем бохьу, шайн хьикматца, собарца, къинхетамца хIара дуьне хаздо, къагадо. Шун белшаш тIехь ду атта доцу, амма Iаламат чIогIа хала а, мехала а долу декхар – кхерчан йовхо ларъяр, берех вайн юкъараллина хьакъ боллу декъашхой кхиор. Уьш дезчу дийнан дешнаш дац данне а. Таханлерчу дийнахь къаьсттина мехала ду тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе, патриотически ойланехь кхетош-кхиор, вайн халкъан ламасташ, вад лардар. Оцу мехалчу гIуллакхаш тIехь доккха маьIна леладо, коьрта маьIна ца леладахь а, доьзало.

Вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо боккха сий а, ларам а бора нохчийн зударийн. Цо, хьакъ а долуш, лаккхара мах хадабора доьзалехь барт а, аьхналла а хилийтарехь, бераш патриотизман ойланехь кхетош-кхиорехь, царна гIиллакхаш, Iадаташ марздарехь зударша лелош долчу маьIнин. Ахьмад-Хьаьжас билгалдоккхура тIом чекхбаьллачу муьрехь регионан экономика, социальни дакъа кхиорна зударша Iаламат йоккха хазна юкъаюьллуш хилар.

ТIеман къизачу шерийн халонех, Iазапех, эшамех сийлаллийца чекхдевлла шу. Тахана а дIахьо аш республика кхиорна, вайн къоначу тIаьхьенехь жигаралла, стогаллин амал кхиорна шайн къинхьегаман хазна юкъайиллар.

Хьомсара зударий! Лаьа шу доза доцуш ирсе хуьлийла, шун ондда могашалла хуьлийла, доьзалехь барт, беркат, токхо лаьттийла!

Кхин цкъа а даггара декъалдо шу!

 

№26, шинара, бекарг (март) беттан 8-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: